Прейсиш-Эйлаура тӀом ЙоьлгӀа коалицин тӀеман уггаре цӀийне тӀом. Хилла 1807 шарахь. Оцу тӀамтӀехь вийна а, чевнаш йина а хилла 50 000 стаганна.

Прейсиш-Эйлау
Коьрта конфликт: ЙоьлгӀа коалицин тӀом
Наполеонан тӀемаш
Терахь 1807 шеран 7-8 февралехь (26-27 январехь)
Меттиг Прейсиш-Эйлау, Прусси
ЖамӀ Цхьан а ца тоьлла[1][2]. Шинне а агӀоно шайн толам кхайкхийна.
МостагӀий

Францин байракх Франци

Российн байракх Росси
Пруссин байракх (1803—1892) Прусси

БӀаьччаш

Францин байракх Наполеон I
Францин байракх Иоахим Мюрат

Российн байракх Беннигсен
Пруссин байракх (1803—1892) Лесток

Массон ницкъаш

65 000 салти
300 йоккха топ

Беннигсен: 67 000 салти
Лесток: 9 000 салти
Всего: 76 000 гергга салти
400 йоккха топ

Белларш

15 000 — 29 000 байина а, чевнаш йина а

15 000 — 26 000 байина а, чевнаш йина а

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ТӀемал хьалхара хьал

бӀаьра нисйан

1807 шеран январехь Нойденбурган гуонахьара шен эскаран гӀуо Ӏаьнан Ӏойлина реза воцуш Ней, Наполеонан омре а ца хьоьжуш шен лаамца гӀуллакх лело волавелира, дошлой хӀиттийра Гуттштадте а, Гейльсберге а. Ший а гӀала Кёнигсбергант 50 км бен гена йацара.

Оьрсийн эскаран коьртабаьччана Беннигсенна и дошлой корпус Нейс меттаха йаккхар Кёнигсберган даккхийчу ницкъашца тӀелатар долош ду моьттура. И гӀала Малхбален Пруссин коьрта гӀала йара, цигахь йара бартхойн эскарийн коьрта ларманаш. Цул сов, Кёнигсберг цхьаъ бен йоцу ладаме гӀала йара пруссин паччахьан Фридрих Вильгельм III-гӀачун Ӏедалан кӀелара, бартхой муьлххачу мехах, царна йукъахь политикин хьесапашца а и гӀала латто йезаш бара.

Оьрсийн эскар сихха Ӏаьнан Ӏойла йитина, Варшава йолчохь [[Эссен, Иван Николаевич|Эссенан баьччаллехь 20 000 салти витина, гӀоьртира Гейльсберган агӀорхьа. Беннигсен, аьтту агӀора ларвеш вара пруссин Лестокан корпусо (10 000 гергга стаг), сацам бира Пассарга эрк долчохь кхечу эскарах дӀахадийна Бернадотан 1-ра эскаран корпусна тӀелата, цул тӀаьхьа Висла эрках бевлла, Сийлахь эскаран коммуникацеш дӀахедо йезара.

Алсама болу мостагӀан ницкъаш тӀелатарна, Бернадот, оьрсийн эскарш, французашкара аьттонца тӀом бина йаьккхина Морунгенехь севццачу хенахь, Торнехула йухавелира Остероде. 28 январехь оьрсийн эскар тӀелатарх хиича, Наполеон йуьхьанца чӀогӀа реза вацара Ней шен лаамехь леларна. Амма, оццу хенахь шелонаш лилхира, некъаш декабрехьчул дика лелалуш дара. Наполеона сацам бира, оьрсийн эскаран гуо а бина, хӀаллакдан Ӏалашо йолуш, йенехь санна манёвр йан.

 
ТӀом болабалале эскар меттаха далар.

Цунна императоро лахара омраш делира:

Манёвран аьтту боьзна бара операцин къайлаллех. Цундела Наполеон Варшавера Вилленберге вахар а дуьйцура инспекций ан вахана бохуш. Амма лардалар эрна хилира.

ГӀазакхаша Бертье волчура Бернадот волчу воьду геланча лецира. Беннигсенна хиира французийн йерриг планаш, цуо сихха дуьхьала болх бира. Дерриг оьрсийн эскар гулдала доладелира Янковон гергахь. Цул тӀаьхьа оьрсийн эскар йухадала дезара Алленштайн йолчу, Аллех далархьама. Оцу хенахь Мюрата а, Сульта а дӀалаьцнера Алленштайн, ткъа французийн 4-гӀа корпус Наполеонан омарца Гуттштадт тӀейолайелира, оьрсийн эскар йухадолуш иза схьалацархьама. Шайн дошлошкара мостагӀчунна хиира, оьрсаша Янковохь дуьхьалонан позицеш лаьцний, Алленштейнехула йухадовлалур доций хиина, Беннигсена сацам бира тӀом бан.

Наполеона сацам бо сихха тӀелата. Амма Сультан корпус 3 февралехь йеса меттиган тӀелета — Беннигсен цӀеххьана планаш а хийцина йухавала сацам бина. Наполеонна ца хаара мичхьа гӀоьртина оьрсийн эскар. Цундела цуо дохуьйту шен эскар кхаа могӀара: Даву — Аллен тогӀица, малхбалехьа боьду некъ хадорхьама; коьрта ницкъаш — Лансбергхула а, Эйлаухула а; Ней — Пассаргехула. Бернадотанна Наполеона омар делла цасоццуш лахка Лестокан пруссихой аьлла.

МостагӀ гуттаренна а ларлаьцна вогӀура оьрсийн арьергардан. ЧӀогӀа гӀоьртина а, цӀий Ӏанош а хилира 6 февралехь хилла Гофера тӀом. ШолгӀачу дийнахь къиза тӀом хилира Цигельхофехь, баьччаллехь эла Багратион а, инарла Барклай де Толли волу оьрсийн эскаран арьергардан а, Мюратан а, Сультан а корпусашна йукъахь.

1807 шеран 7 февраль

бӀаьра нисйан
 
Исбаьхьалча Г. Гобо. Пруссера Илавин гергара тӀом

Наполеон, шеца Сийлахь эскаран дакъий бен доцуш, оьрсашца тӀом бан ойла йолуш вацара. 7 февралехь цуо Ожерога элира: «Суна хьехар дина Эйлау тахана сарахь йаккха аьлла, амма, и буса бо тӀом безаш ца хиларал сов, суна ца лаьа сайн йукъ дукха хьалхататта сан аьтту агӀо Даву схьакхаччалц а, аьрру агӀо Ней схьакхаччалц а. Иштта со кханналц хьожуш Ӏийр ву хӀокху акъарин тӀехь, артиллери хилча дика позици йара хӀара гӀашлошна. Кхана, Ней а, Даву а моггӀара дӀахӀиттича, тхо массо а мостагӀчунна тӀелетар ду»[4].

Оццу хенахь Беннигсена омар дира Багратионега, 4-гӀа гӀашлойн дивизица французаш Прейсиш-Эйлаура арабаха аьлла. Эла ша хьалхаваьлла тӀелата бигира гӀашлой. Бист ца хуьлуш оьрсий кхаа могӀанца гӀалин тӀе а баьхкина, Багратионан омарца хьалха хьевдира «Ура!» маьхьарца. МостагӀ йухакхоьссира. Ах сахьт даьлча французаша контртӀелетира кхаа агӀора цхьана хеннахь, амма йуккъехь совцийра Пскован а, Софийн а мушкетёраша, Москохан гренадерийн а, 24-гӀа иччархойн а полкаша, аьтту агӀор резерван дошлойн корпус контртӀелетира французийн дошлошна, иза Беннигсена дийцира шен кехатехь Паччахьна: «Хьан Сийлаллин Лейб-Кирасирийн, Ингерманландан, Каргополан драгунийн полкаш а, Елисаветградан гусарийн а тӀелетира тхуна агӀонна тӀехула чекхбовла гӀертачу мостагӀчун дошлошна, уьш дуккха а байира»[5], — иза бахьнехь мостагӀа тӀе ца летиш йухавелира. Аьрру агӀор мостагӀ йухатуьйхира 8-гӀа дивизин артиллерица, ткъа гӀоьнна бахкийтина кхийсархой баржийра Изюман гусараша.[6]

 
АгӀонийн йуьхьанцара хьал. Французаш цӀечуьнца, Оьрсийн эскар баьццарчуьнца, Пруссин эскар — синачуьнца гайтина.

Иштта буьйцу гӀала къуьйсу тӀом Жоминис: «Эйлау гӀалин чуьра тӀом гӀийла бацара. Голицынан дивизис гӀолаьцна, Барклай де Толлис, шозза йухатуьйхира иза буьйсанан боданца, французаша, Легранаан дивизис кхузлагӀа тӀелетта бен ца йаьккхира гӀала».

Оьрсийн хьосташа дуьхьала дерг чӀагӀдо: «Буьйсано тӀом сацийра. ГӀала тхоьгахь йисира»[7].

Буса оьрсийн эскар йухадала доладелира. Французийн ницкъ бацара цунна дуьхьало йан. Цигахь хиллачу цхьамма дуьйцу цунах хилларг: «Хьалха цкъан а ца Ӏаьхкина оццул дукха декъий иштта жимачу аренехь. Массанхьа а Ӏанийна цӀий дара. Деина а, догӀу а луоно къайладохура догӀмаш адамийн бӀаьрера». Дуьйцу, мудира Нейс, байиний, чевнаш йиний иттаннаш эзаршка хьоьжуш, элира: «ХӀара хӀун нах байар ду, цхьан пайда а боцуш!»

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

ТӀамехь дакъа лацарна дукха совгӀаташ дира. ТӀамах лаьцна хаам Петарбуха кхочушехь, кхоьллира[8][9] тӀеман орденан къасторан билгало, иза лерина йара эскаран лахарчу чинашна. 1807 шеран 31 августехь леррина тӀамехь дакъа лаьцна эпсарна совгӀат дан, кхоьллира[10][11] «Прейсиш-Эйлаухь толам баккхарна» жӀар. Кхин а 18 эпсарна кхечира 3-гӀа тӀегӀанера Сийлахь Георгийн орден, ткъа 33 эпсарна — 4-гӀа тӀегӀанера Сийлахь Георгийн орден, йара мелла а Сийлахь Владимиран орденаш. Дошлойн инарлин Л. Л. Беннигсенна совгӀат дира Сийлахь асхьабан Андрей Первозваннин орденца а, валлалц 12000 сом пенсица а[12].

 
Прейсиш-Эйлаура тӀеманна лерина иэсан дакъа, архитектор Ф. А. Штюлер, 1856 ш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Советская историческая энциклопедия / Е. М. Жуков. — М.: Советская энциклопедия.
  2. «Что за бойня, и без всякой пользы!»
  3. А. Лашук. Наполеон. Походы и битвы, 2004, стр. 278
  4. А. Лашук «Наполеон», 2004, стр. 279
  5. Сардак Л. Л. «Забытый генерал…»
  6. Михайловский-Данилевский А. М. Вторая война Императора Александра с Наполеоном. С. 186.
  7. Михайловский-Данилевский «История второй войны Александра I с Наполеоном», 1846, стр. 187
  8. Полное собраніе законовъ Россійской Имперіи, собрание 1. — Санкт-Петербург. — Т. 29. — С. 1013—1016., № 22 455
  9. Деммени, 1887, с. 260—265.
  10. Полное собраніе законовъ Россійской Имперіи, собрание 1. — Санкт-Петербург. — Т. 29. — С. 1259., № 22 606
  11. Деммени М. Сборникъ указовъ по монетному и медальному делу въ Россіи 1649-1881. В 3-х томах. — Санкт-Петербург, 1887. — Т. 2. — С. 266.
  12. Бартошевич В. В. Наградной крест за сражение при Прейсиш-Эйлау. Сайт «Награды императорской России 1702—1917 гг.». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 май. Архивйина 2013 шеран 17 майхь
  13. История города Багратионовска Архивйина 2020-07-16 — Wayback Machine, prussia39.ru
  14. Постоянная музейная экспозиция Архивйина 2019-07-25 — Wayback Machine, сайт Музея истории края г. Багратионовская Калининградской области

Литература

бӀаьра нисйан
  • Анри Лашук. Наполеон. Походы и битвы. 1796—1815. — М., 2004. — стр. 276—295.
  • Petre, F Loraine «Napoleon’s Campaign in Poland 1806—1807.» 1901.
  • Михайловский-Данилевский. История второй войны Александра 1 с Наполеоном. — СПб., 1846.
  • Asprey, Robert. The Reign Of Napoleon Bonaparte(бил-боцу.). — Basic Books, 2008. — ISBN 978-0-7867-2537-3.
  • Béraud (1841-1842), "Études Hygiéniques de la chair de cheval comme aliment", Musée des Familles(франц.){{citation}}: Википеди:Обслуживание CS1 (формат даты) (ссылка)
  • Chandler, David (1966), The Campaigns of Napoleon., New York: Macmillan, pp. 536, 584, ISBN 0-02-523660-1
  • Connelly, Owen (2005), The Wars of the French Revolution and Napoleon, 1792-1815, Routledge, p. 137, ISBN 0-415-23983-4
  • De Fezensac, Raymond Aymery Philippe Joseph de Montesquiou, Duc (1863), Souveniers militairies de 1804 à 1814, p. 149{{citation}}: Википеди:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)
  • Franceschi, General Michel; Weider, Ben (2007), The Wars Against Napoleon, New York: Savas Beatie, p. 118, ISBN 1-932714-37-5
  • Lloyd, Colonel (1906), "Chapter 10", The Cambridge Modern History, vol. 9, New York: The MacMillan Company, p. 287
  • Haythornthwaite, Philip J. (1996), "Chapter 3", Die Hard! Famous Napoleonic Battles, London: Cassell
  • Prendergast, Christopher (1997), "La Bataille d'Eylau", Napoleon and History Painting: Antoine-Jean Gros’s, Oxford: Clarendon Press
  • Petre, F. Loraine (1976) [1907], Napoleon's Campaign in Poland 1806-1807, London: Lionel Leventhal, pp. 150—155, 178, 180, 183, 188, 194, 198, 202
  • Smith, Digby (1998), The Napoleonic Wars Data Book, London: Greenhill Books, p. 240, ISBN 1-85367-276-9

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан