Принс Эпифанни (инг. Epiphanny Prince; йина 1988 шеран 11 январехь, Бруклин, Нью-Йорк, АЦШ) — америкин а, российн а профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацин юкъахь. Хаьржинера 2010 шеран ДКъБА драфтан хьалхарчу раундехь юкъара йоьлгӀачу лоьмарца «Чикаго Скай» командо. Ловзу ловзар дӀахьошйолу турслочун позицехь. ГӀараелира, 2006 шарахь, Марри Бергтрауман юккъера ишколан матчехь 113 очко яьккхича. Цуо йохийра къоман зударийн рекорд, хӀоттийна йолу Баскетболан Сийлаллин залан декъахочо Миллер Шерила[1].

Эпифанни Принс
инг. Epiphanny Prince
Принс «Нью-Йорк Либерти» юкъахь «Сиэтл Шторм» (2015 шеран 2 августехь)
Принс «Нью-Йорк Либерти» юкъахь «Сиэтл Шторм» (2015 шеран 2 августехь)
Российн байракх Динамо Курск— № 10
Позици Ловзар дӀахьошйолу турсло
Локхалла 175 см
Йозалла 76 кг
Гражданалла РоссиFlag of Russia.svg Росси
АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1988 шеран 11 январь({{padleft:1988|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (33 шо)
Йина меттиг Бруклин, Нью-Йорк, АЦШ
Ишкол Марри Бергтраум (Лахара Манхэттен, Нью-Йорк)
Колледж Ратгерс (2006—2009)
Драфт ДКъБА 4-гӀа, 2010, Чикаго Скай

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

КарьераНисйе

Хьалхара шерашНисйе

2006 шарахь дакъа лецира Зударийн баскетболан тренерийн ассоциацин а, ишколхойн McDonald’s All-America цӀе йолу гайтаман ловзарийн а матчашкахь.[2] 2009 шеран июнехь Принса йитира «Рутгерс», командехь къаа шарахь левзина профессионалан тӀегӀанехь Европехь ловзархьама. «New York Times» хаамашца, Принсан ца тоьира масех балл криминалистикин дипломан, цуо сацам бира 2009 шеран аьхка курс чекхъяккха. Августехь цуо барт бира агентаца, болх бан йолаелира Wasserman Media Group[3].

КлубанНисйе

2011-12 шо дӀадаьхьира Туркойчоьнан чемпионатехь, цигахь левзира «Галатасарай»[4] юкъахь.

ДуьненаюкъараНисйе

2010 шарахь Принсан российн гражданалла елира. Амма, иза ца кхечира 2011 шеран Евробаскете а, 2012 шеран Лондонера Олимпийн ловзаршка[5] а. Левзина ловзар дӀахьош йолу турслочун позицехь Российн гулйина командин юкъахь 2013 шеран Европин чемпионатехь, цигахь гулйина команда гӀуо левзира, 13-гӀа меттиг бен ца яьккхира, кхин а дакъа лецира 2017 шеран Европин чемпионатехь, цигахь Российн гулйина командо 9-гӀа меттиг яьккхира.

КхиамашНисйе

БилгалдахаршНисйе

  1. espn.com, "Look out, Kobe: NYC girl scores 113 in HS game"
  2. usabasketball.com, 2006 USA Basketball Women’s U18 National Team Trials Media Guide Архивацийина 8 июнехь 2011 шеран.
  3. Epiphanny Prince signs with agent, formally ending career at Rutgers(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). New Jersey On-Line LLC. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 29 июнехь. Теллина 2009 шеран 8 августехь.
  4. Galatasaray Sports Club Official Website
  5. Epiphanny Prince won't play in Euros(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). ESPN.com. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 29 июнехь. Теллина 2011 шеран 11 ноябрехь.