Индустрийн революци я Сийлахь индустрийн революци- XVIII—XIX-чу бӀешерашкахь дуьненан коьртачу пачхьалкхашкахь хилла процесс ю. Индустрин революци индустриализацин жамӀ бара.  Индустриализаци- дукхаха долчу декъехь латталелоран экономикин тӀера индустрин производствон тӀе дерзаран мур бу. Индустриализацин оьмарехь латталелоран йукъаралла индустрин кепе дирзира.

Индустрин революци
Уильям Белл Скотт, «Эчиг а,кӀора а», 1856—1860 шераш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Индустрин карчам массо а пачхьалкхашкахь цхьана хеннахь бола ца белла. Делахь а, ма-дарра аьлча, и мур болабелла XVIII-чу бӀешеран шолгӀачу декъехь. Юха XӀX-чу бӀешаре кхаччалц дӀайоьдуш яра и процесс. Оцу революцин къаьсттина башхало яра йоккхачу машенан индустрин бух тӀехь болу кхолларан ницкъаш кхиар а, иштта дуьненан бахаман олаллин системан метте капитализм дӀахӀоттар а.

Массийн машенаш лелоран мур боцург, кхин цхьа хӀума ду оцу оьмарца доьзна- цу хенахь йукъараллин структура хийцалуш яра. Карчаман хенан башхаллаш яра цӀеххьана къинхьегаман эвсаралла лакхадалар а, экономикин маса кхиар а, бахархойн дахар тадалар а, урбанизаци кхиар а.

Сийлахь-йоккхачу Британехь йолаелира индустрин революци, цул тӀаьхьа Америкин Цхьанакхеттачу Штаташкахь а, Европин пачхьалкхашкахь а йукъаралла индустрин кепе дирзира. Доцца аьлча, кхаа-пхеа тӀаьхьенаш шай пачхьалкхашкахь дӀахӀоттийра индустрин кеп.

Адам мукъа цахиларна а, сурсатан механа а, капитал дилларан а агӀора хьажча кӀади ден арахецар дара индустрин революцин коьрта дакъа. Уггаре хьалха производствон керлачу методах пайда эца йолайелира кӀади ден индустри.