Пугачёва, Валентина Ивановна


Пугачёва Валенти́на Ива́новна (1935 14 май2008 13 апрель) — советийн а, российн а киноактриса.

Пугачёва Валентина
Файл:V Pugacheva.jpg
Бакъ цӀе Пугачёва Валентина Ивановна
Йина терахь 1935 шеран 14 май({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Йина меттиг Малиновка, Чугуевн кӀошт, Харьковн область, Украинийн ССР
Кхелхина терахь 2008 шеран 13 апрель({{padleft:2008|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг: Петарбух
Гражданалла:
Говзалла:
Карьера: 19561998
IMDb: ID 0700012

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1935 шеран 14 майхь. 1958 шарахь чекхйаьккхира ЕПКИн актёрийн факультет.

Пугачёва Валентинин дебют хилира 1956 шарахь Миронер Феликсан а, Хуциев Марленан а «Заречни урамера бӀаьсте» фильмера Зинин роль. Актрисин кинора кхоллараллин карьера къегира 1950-гӀа шераш чекхдовлуш — 1960-гӀа шерийн хьалхарчу декъехь. Актрисас кхин а суьрташкахь дакъалецира, масала, «Локхалла», «Буьйсенан хьаша», «Корера серло», «Деха де», «Ловзарал тӀаьхьа», «Нана а, десте а», «Лайн-Аьзни», «Иза йу сан эвла», кхин а дуккха ролаш. Иштта йира дубляжаш, дира аьзнаш.

Йерриг аьлча санна кхин дӀайолу Пугачёва Валентинин ролаш йара кегийра (1976 шеран «СтроговгӀар» фильмера Зотиха йоцург). Актрисин тӀаьххьара болх хилира «Йохийна панарийн урам» телесериалера эпизодашкара роль (1998).

Пугачёва Валентина йелла 2008 шеран 13 апрелехь шен йоьӀан квартирехь Петарбухехь ехха хала цамгар лайна 72 шо долуш. ДӀайоьллина майрачун уллехь Репинон (Петарбух) кешнашкахь[1].

Фильмографи нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Комовский В. Ф. Они тоже гостили на земле (Заметки о Репинском кладбище). Петербургский некрополь (2014). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 май.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра