Пугачёва, Клавдия Васильевна
Пугачёва Клавдия Васильевна (1906 шеран 18 март, Павловск — 1996 шеран 8 апрель, Москох) — советийн актриса, гӀарайаьлла 1937 шеран « Хазнин гӀайре» фильм бахьнехь. РСФСР хьакъдолу артист (1947).
Пугачёва Клавдия | |
---|---|
Бакъ цӀе | Пугачёва Клавдия Васильевна |
Йина терахь | 1906 шеран 18 март |
Йина меттиг | Павловск |
Кхелхина терахь | 1996 шеран 8 апрель (90 шо) |
Кхелхина терахь | Москох |
Гражданалла | |
Говзалла |
театран а, кинон а актриса |
СовгӀаташ | |
IMDb | ID 0700011 |
Биографи
бӀаьра нисйанЙина Павловск гӀалара Мариински паччахь кертара килсан псалмахочун Пугачев Василий Васильевичан а, цуьнан зудчун Анастасия Алексеевнин а доьзалехь (ден фамилица Борисова). Да-нана делира 1917 шарахь. Клавдия вешица Андрейца а, йижаршца Евфросиница а, Еленица а чуйиллира Петроградера байлахь дисина бераш тӀеоьцийле. Берийн цӀийнера Клавдия дӀаийцира Берийн исбаьхьаллин З. И. Лилинан цӀарах студе, ткъа цул тӀаьхьа Петроградан (Ленинградан) Къона хьовсархойн театран (КъХьТ) Берийн театран студе, иза чекхйаьккхира 1924 шарахь.
Бераш цӀетиллира Клавдиян — Капля (ТӀадам), Капа — цул тӀаьхьа сценан харц цӀе хилира цуьнан, оцу цӀарца иза масийттаза сценин тӀейаьлира эстрадехь а, доттагӀашна хьалха а, дуккха а хиллачу актёрийн синкъерамашкахь а», оцу гӀуллакхах Пугачева Клавдех лаьцна Интернет-публикацешкахь тӀаьхьа гӀалатан бахьна хилира (цунах олура Капитолина, иштта фамили йолчух иза тарлора).
1924-1934 шерашкахь А. Брянцев куьйгаллехь волуш Ленинградан КъХьТ болх бира. Москохан кхардаман театран (1934-1941) а, Москохан Маяковский Владимиран цӀарах театран (1941-1973) актриса. 1920-1940-гӀа шерашкара оьздангаллин гӀуллакххойх дагалецамех долу «Хаза аматаш» жайнин автор.
Клавдия Васильевна марехь йара Шестопал Виктор Михайловичехь (1907-1981) — инженер-литейщикехь, профессорех, техникин Ӏилманийн докторехь. КӀант — Шестопал Алексей Викторович (1944 ш. в.) — философин Ӏилманийн доктор, профессор. КӀентан кӀант — Шестопал Виктор Алексеевич (1975 ш. в.) — пианист, дуьненайукъара къовсамийн лауреат.
Йелла 1996 шеран 8 апрелехь Москохахь инфарктах. ДӀайоьллина Кунцевон кешнашкахь.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанТеатрера ролаш
бӀаьра нисйанЛенинградан КъХьТ:
- «Говр-Горбунок», 1922
- «ТӀаьхькхуьур ду малхан», 1922 (Журлик)
- «Антигона» (Антигона)
- «Вильгельм Телль»
- «Том Сойеран хиламаш», 1924 (Гекльберри Финн)
- «Тимошкин маьӀда доккхийла», 1925 (Тимошка)
- «Паччахьан кӀант а, къиен стаг а», 1928 (Том Кенти)
- «Иштта хилла», А.Бруштейн (Абке)
- «Иштта хилла», А.Бруштейн (Абке)
- «Ундервуд», 1929 (Маруся)
- «Винтовка № 492116», А. Крон (Паташон) (1930)
- «Скапенан гӀуллакхаш» (Зербинетта)
- «Дон-Кихот» (Хенесилья)
кхин а
Кхардаман театр:
- «Меркурий», 1934 (Анни)
- «Зезагийн некъ», 1934 (Таня)
- «Пигмалион», 1937 (Элиза)
- «Шайтанан тӀай», 1939 (Зизи)
кхин а
Драман театр (Маяковскийн театр):
- «Кхаа эркан кӀентий», 1944 (Матильда)
- «Нах санна стаг», 1945 (Кира)
- «Сийн закон» (Нина Ивановна)[1]
кхин а
Ролаш кинохь
бӀаьра нисйан- 1937 — Хазнан гӀайре — Дженни Гокинс
- 1957 — Екатерина Воронина — Паша, ЛеднёвгӀеран цӀийнан белхахо
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- 1947 — РСФСР хьакъдолу артист
- 1954 — Орден «Сийлаллин Билгало»
- 1956 — «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
- 1958 — «Байлатта карадерзорна» мидал
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанБиблиографи
бӀаьра нисйанПугачёва К. В. Прекрасные черты (Воспоминания / составитель А.В.Шестопал (Пугачёв)). — М.: АСТ, Зебра Е, ВКТ, 2009. — 416 с. — ISBN 9785170569106, 9785946637466, 9785226010903.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Пугачёва Клавдия Васильевна
- Российский государственный архив литературы и искусства, фонд 3037, Пугачева К. В. — Российский государственный архив литературы и искусства. Путеводитель: вып. 7/ Ред. вып. С. В. Шумихин.-М.- Русское библиографическое общество, IN-Quarto/*Инженер*,1997.-с.190-194. ISBN 5-8208-0002-8.
- Ленинградский Театр юных зрителей издательство «Искусство». Ленинградское отделение. Ленинград. 1972- с.247.
- Московский театр Сатиры. М., Издательство «Искусство», 1974.
- Театр Революции — Театр Драмы — Театр имени Вл. Маяковского. Весь театр за 75 лет. Энциклопедический словарь. М., «Инкомбук»,1999. ISBN −5-88852-019-5.
- Марианна Краснянская. Капа Челлини.// Московский наблюдатель/ Театральный журнал. 1997,N3-4, сс. 46-48.