Радонежан Сергий (кхин цӀерш- Радонежан игумен; Оьрсийн лаьттан игумен; йерриг Россин Ӏаламаташ деш эвлаяъ). Бакъ цӀе Варфоломей. Сергий вина терахь билгала хууш дац- 1314-чу шеран 3-гӀа май йа 1322-чу шеран май бутт. 1392-чу шеран 25-гӀа сентябрехь кхелхина .

Радонежан Сергий
Вина терахь 1314 шеран 3 май
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1392 шеран 25 сентябрь (78 шо)
Кхелхина меттиг
Юьхьца чудотворец[d], католический святой[d]
Иэсан де 25 сентябрь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Оьрсийн килсан иеромонах ву. Монастырш йиллинарг ву, царна йукъехь Москва юххехь йолу Сийлахь Кхолхонан монастырь (таханлерачу дийнахь-Кхолхонан-Сергийн лавра).

Оьрсийн халкъан динан гулдархо. Сергийн цӀарца доьзна ду Сийлахь йолу Русин оьздангаллин идеал а, оьрсийн динан культура (ма-дарра аьлча, шайерриг оьрсийн культура) а. П.Флоренскийс Сергех «Росси ларйеш долу малик» аьлла. Исихазман векал санна войзуш ву. Оьрсийн къаналлан (старчество) кхоллархо. Киновия (монахийн йукъара хӀусамш) цӀе йолу тоба йуха йукъайаькххина цо.

15-гӀа бӀешар дуьйна Оьрсийн Ортодоксан Килсехь эвлаяийн тобанах лоруш ву. Шира зама дуьйна керст наха а, шира ортодоксан уммато а къобал веш ву. Дешархошан верас (гӀолоцург) ву.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра