Раши́д Маматку́лович Рахи́мов (тадж. Рашид Маҳматқулович Раҳимов / Rashid Mahmatqulovich Rahimov; 1965 шеран 18 март; Душанбе, Таджикийн ССР, ССРС) — ССРС а, Таджикистанан а, Российн а футболист (турсло, ахтурсло). ССРС спортан говзанча (1988). 2013 шеран 7 ноябрь дуьйна «Терекан» коьрта тренер.

Футбол
Рашид Маматкулович Рахимов
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1965 шеран 18 март({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1] (59 шо)
Вина меттиг
Гражданалла  ССРС
 Таджикистан
 Росси
Локхалла 180 см см
Позици турсло
Лоьмар коьрта тренер
Кегийрхойн клубаш
 ССРС Трудовые Резервы (Душанбе)
 ССРС ЦОП (Душанбе)
1980—1981  ССРС Памир
Клубан карьера[* 1]
1982—1991  ССРС Памир 277 (24)
1992  Росси Спартак (Москва) 11 (0)
1992   Росси Спартак-Д (Москва) 4 (2)
1992—1993 Испани Реал Вальядолид 29 (2)
1993—1994  Росси Локомотив (Москва) 14 (0)
1994—1995  Росси Спартак (Москва) 15 (1)
1995—2000 Австри Аустрия (Вена) 120 (12)
2000—2001 Австри Адмира Ваккер 33 (0)
2001—2002 Австри Рид 16 (0)
1982—2002 Дерриг 519 (41)
Тренеран карьера
2002—2004 Австри Адмира Ваккер
2006—2007 Росси Амкар
2007—2009 Росси Локомотив (Москва)
2009—2011 Росси Амкар
2013—н.в. Росси Терек
СовгӀаташ а, мидалш а
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Ловзархон карьера нисйе бӀаьра

Иза кхиина Душанбера «Трудовые резервы» цӀе йолу клубехь. Цуьнан хьалхара тренер вара Сергей Мусалимович Насыров.

1980 шарахь волавелира Душанбера «Памирехь» ловза. 1982 шарахь иза «Памиран» коьрта тобанан йукъа а вахана ССРС чемпионатехь дакъа лаца волавелира. Хьажархош цунна цӀе тиллира «Садди Искандарий»[2]. Иза левзира «Памирехь» 1991 шо кхаччалц. Иза «Памиран» 277 ловзарашкахь а левзира, 24 гол а чуьтуьхира. 1991 шо дуьйна 1992 шо йуккъе кхаччалц Москвара «Спартакехь» левзира. Оцу хенахь иза «Спартакехь» 11-за левзира. 1992-1993 шерашкахь иза левзира Испанера «Реал Вальядолид» клубехь (29 ловзар, 2 гол). Цул т1аьхьа иза левзира Москвара «Локомотивехь» а (14 ловзар), «Спартакехь» а (15 ловзар, 1 гол). 1995-2000 шерашкахь левзира "Аустрия" (Вена) клубехь (120 ловзар, 12 гол). И бахьнехь иза хилира Аустрин исторехь тоьллачарех футболист. 2000-2001 шерашкахь левзира Мёдлингера «Адмира Ваккер» клубехь (33 ловзар). 2001-2002 шерашкахь левзира Австрера "Рид" клубехь. Цул т1аьхьа иза тренеран болх бан волавелира. Шен карьеран хенахь цо 515 ловзарехь дакаъа а лецира, 39 гол а чуьтуьхуьраа.

Гулйина табанашкахь ловзар нисйе бӀаьра

Таджикистанан гулйина тобанехь ловзар нисйе бӀаьра

Терахь Статус Къийсархо Чот Левзина хан
1992 шеран 17 июнь 1992 шеран Йуккъера Азин Кубок   Узбекистан 2:2 90 минот
1996 шеран 19 июнь 1996 шеран Азин Кубок (къасторан матч)   Узбекистан 5:0 91 минот

Российн гулйина тобанехь ловзар нисйе бӀаьра

Терахь Статус Къийсархо Чот Левзина хан
1994 шеран 29 январь Накъосталин ловзар   АЦШ 1:1 8 минотехь ловза волавелира
1994 шеран 23 март Накъосталин ловзар   Ирланди 0:0 90 минот
1994 шеран 7 август 1994 шеран Дика 1алашойн ловзараш Дуьненан гулйина тоба 2:1 77 минотехь хийцина
1994 шеран 8 март Накъосталин ловзар   Австри 0:3 45 минотехь хийцина
1994 шеран 19 июнь Накъосталин ловзар   Словаки 2:1 74 минотехь хийцина

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Гуламийн нисйе бӀаьра

Футболистан карьера нисйе бӀаьра

  ССРС «Памир»(Душанбе):

  • 1988 шеран ССРС футболан Хьалхара лиган толамхо;

  Росси «Спартак» (Москва):

  • 1991/1992 шерийн ССРС футболан Кубок йаьккхинарг;
  • 1992 шеран Российн футболан чемпион;

  Австри «Аустрия» (Вена)

  • 1999/2000 шерийн Австрин футболан Кубкан финалист;

Тренеран балхахь нисйе бӀаьра

  Росси «Локомотив» (Москва);

  • Российн футболан Суперкубкан финалист.

Шен нисйе бӀаьра

  • 1991 шарахь ССРС чемпионатехь 33 тоьлла футболистийн мог1амийн йукъахь № 3;
  • 1994 шарахь Российн чемпионатехь 33 тоьлла футболистийн мог1амийн йукъахь № 2;

Коьрта тренеран белхан статистика нисйе бӀаьра

2016 шеран 4 декабрехь долу хьал

Клуб Пачхьалкх Болх болабар Болх чекхбакхар Хилларг
И В Н П В %
«Адмира»   Австри 2002 шеран 27 декабрь 2004 шеран 31 май 57 19 19 19 33,33
«Амкар»   Росси 2006 шеран 5 сентябрь 2007 шеран 30 ноябрь 48 20 14 14 41,67
«Локомотив» (Москва)   Росси 2007 шеран 6 декабрь 2009 шеран 28 апрель 39 16 11 12 41,03
«Амкар»   Росси 2009 шеран 5 сентябрь 2011 шеран 27 сентябрь 71 20 18 33 28,17
«Терек»   Росси 2013 шеран 7 ноябрь таханналц 99 40 23 36 40,40
Йерриг 314 115 85 114 36,62

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Rashid Rakhimov // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Таджикистан со мной

Хьажоргаш нисйе бӀаьра