Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а[4][5] (гуьрж. რაჭა-ლეჩხუმი და ქვემო სვანეთი rač’a-lečxumi da kvemo svaneti; гуьрж. რაჭა-ლეჩხუმის და ქვემო სვანეთის მხარე rač’a-lečxumis da kvemo svanetis mxare) — Гуьржийчоьнан хӀинцалера административан мохк. Коьрта а йойккха гӀала а — Амбролаури.

Мохк (АД 1-гӀа тегӀа)
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а
რაჭა-ლეჩხუმი და ქვემო სვანეთი
42°38′ къ. ш. 43°08′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Гуьржийчоь
Адм. центр Амбролаури
Губернатор Арчил Джапаридзе
Истори а, географи а
Кхоллар 1995
Латта

4568 км²

  • (8-гӀа меттиг)
Сахьтан аса UTC+4:00
Бахархой
Бахархой

30 246[1] стаг (2018)

  • (11-гӀа меттиг)
Луьсталла 7 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам гуьржий 99,65 %[2]
Динан хӀоттам кесрта 99,16 %[3]
Официалан меттанаш гуьржийн
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 GE-RL
Официалан сайт
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ДӀалоцу Гуьржийчоьнан массийта историн мехкаш: Лаха Сванети (Квемо-Сванети), Лечхуми, Рача. Мехкан цхьадолу дакъа Къилба ХӀирийчоьно доладеш ду.

Ехачу хенахь мохк вовшахтосуш долу декъийн истори — Рача-Лечхуми а, Лаха Сванети а — ша шина йара. XIX бӀешаран йуьхьехь Лаха Сванети йукъайогӀуш йара Мегрели олаллин (оцу хенахь Лакха Сванети бахархой маьрша бара), ткъа Рача-Лечхуми — Имеретин пачхьалкхан йукъайогӀуш йара. Уьш ерриг цхьана Российн империн йукъа яхара 1803 а, 1804 а шерашкахь.

1840 шарахь Рача-Лечхуми йукъа йоьду Гуьржийн-Имеретин губернин, ткъа Лаха Сванети Мегрелин олаллин йукъахь йуьсу. 1846 шарахь Гуьржийн-Имеретин губерни дӀасайикхича, мехкан шеа дакъа административан дакъа — Кутаисин губерни йукъа туху. Массийта реформийн тӀехьа Мегрели олалла дӀасайикхича (1867 шарахь), 1886 шарахь гергарчу хьесапехь мехкан латта дара шиъ уезд санна Кутаисин губерни — Лечхумин (Лаха Сванети) а, Рачинин а йара оцу йукъахь (центр Они гӀалахь).

Административан йекъайалар

бӀаьра нисйан

Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а йукъахь йу йиъ муниципалитет. 2016 тӀера 2018 шш. къаччалц Амбролаури гӀалина муниципалитет статус елира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала йара).

Муниципалитет майда,
км²
бахархой
ларар
2002[6],
стаг
бахархой
ларар
2014[7],
стаг
бахархой
ларар
2018[1],
стаг
центр
Амбролаурин муниципалитет 1142 16 079 11 186 10 745 Амбролаури гӀ.
Лентехин муниципалитет 1344 8991 4386 4231 Лентехи гӀкэ
Онин муниципалитет 1326 9277 6130 5883 Они гӀ.
Цагерин муниципалитет 755 16 622 10 387 9387 Цагери гӀ.
мохк, берриге 4568 50 969 32 089 30 246 Амбролаури гӀ.

Онин муниципалитетан малхбалехьара дакъа Къилба ХӀирийчоьна Дзаусин кӀошт санна лоруш ду цуна доладеш йу Къилба ХӀирийчоь, цу йукъахь йу Квайса гӀала а, иза Гуьржийчохь Кваиси цӀарца гӀалин кепара эвла лоруш йу.

ГӀаланаш: Они (2656 стаг, 2014 шо), Амбролаури (2047 стаг), Цагери (1320 стаг).

ГӀалин кепара эвлаш: Лентехи (947 стаг, 2014 шо), Хариствала (1991 шарахь мохк бегор бахьнехь бахархой бац).

Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь)
[8][9]

стаг %
берриге 32 089 100,00 %
Гуьржий 31 977 99,65 %
Оьрсий 29 0,09 %
ХӀирий 28 0,09 %
Жуьгтий 14 0,04 %
Эрмалой 9 0,03 %
Украинаш 9 0,03 %
Желтой 7 0,02 %
кхиберш 16 0,05 %

2018 1 январехь ларарца мехкан 30 246 бахархой бу[1], 2014 шеран 1 январехь ларарца — 45 900 бахархой[10] (Къилба ХӀирийчоьнан Джаван кӀошот ойцуш).

2014 шарахь ларарца 32 089 бахархой[7], 2002 шарахь ларарца — 50 969 бахархой (1,2 % пачхьалкхан бахархойх), 2008 шеран 1 январехь ларарца — 48 200 бахархой[11], 2009 шеран 1 январехь ларарца — 47,7 эзар бахархой.[12]

Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан дукхахболу бахархой бу гуьржий (99,65 % йа 31 977 стаг 2014 ш. ларарца), кхузахь цера йу массийта этнографин тобанаш. Мехкан къилбехь беха рачинаш, къилба-малхбузехь — лечхумаш, ткъа къилбаседехь беха сванаш, цера бу шайн сванийн мотт.

Дукхахболу хӀирий беха Онин кӀоштан малхбалехьара декъан тӀехь, иза Гуьржийчоьно шен лоруш йу, амма иза Къилба ХӀирийчоьна Дзаун кӀоштан дакъа ду. Цул совнах хӀирий беха Онин кӀоштан гуьржийн дакъошкахь 22 хӀирий (я 0,36 % кӀоштах).

Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам (2014 ш.)[8]

кӀошт[13] берриге гуьрж-
ий
% оьрс-
ий
% хӀир-
ий
% Жуьг-
тий
% эрма-
лой
% ук-
раин-
аш
% Жел-
той
% кхи %
Амбролаурин 11 186 11 152 99,70 % 13 0,12 % 4 0,04 % 1 0,01 % 2 0,02 % 6 0,05 % 5 0,04 % 3 0,03 %
Лентехин 4386 4382 99,91 % 2 0,05 % 0 0,00 % 0 0,00 % 0 0,00 % 0 0,00 % 0 0,00 % 2 0,05 %
Онин 6130 6073 99,07 % 6 0,10 % 22 0,36 % 12 0,20 % 6 0,10 % 1 0,02 % 1 0,02 % 9 0,15 %
Цагерин 10 387 10 370 99,84 % 8 0,08 % 2 0,02 % 1 0,01 % 1 0,01 % 2 0,02 % 1 0,01 % 2 0,02 %
мохк, берриге 32 089 31 977 99,65 % 29 0,09 % 28 0,09 % 14 0,04 % 9 0,03 % 9 0,03 % 7 0,02 % 16 0,05 %

Они махкахь хьалха дуьйна бехаш бара жуьгтий.

Картин легенда:

  5000 сов стаг.
  2000 тӀера 5000 кхаччалц стаг.
  1000 тӀера 2000 кхаччалц стаг.
  500 тӀера 1000 кхаччалц стаг.
  200 тӀера 500 кхаччалц стаг.
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан нах беха меттигаш

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 Численность населения краёв и муниципалитетов Грузии на начало года в 1994—2018 гг. (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 29 октября 2018. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 июлехь
  2. georgia-ethnic-2014
  3. georgia-religion2014
  4. Грузия // Энциклопедия «Вокруг света»
  5. Грузия // Энциклопедия Кольера. — Открытое общество, 2000.
  6. Этнический состав Грузии по переписи 2002 года Архивйина 2012-08-03 — Wayback Machine (ингалс.)
  7. 1 2 Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 General Population Census Main Results General Information). 2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 8 августехь Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
  8. 1 2 Национальный состав по краям Грузии (Total population by regions and ethnicity). Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS) (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
  9. Национальный состав населения Грузии, его регионов и населённых пунктов по переписи населения 2014 года
  10. Оценка населения Грузии на 2004—2014 гг. по муниципалитетам по данным Департамента статистики Грузии (инг.). Архивйина 2014 шеран 22 июлехь
  11. Оценка населения Грузии на 2003—2008 гг. по районам по данным Департамента статистики Министерства экономического развития Грузии (инг.). Архивйина 2008 шеран 18 ноябрехь
  12. Оценка населения Грузии.Депстат Грузии. Архивйина 2009 шеран 13 ноябрехь
  13. 2006 шарахь дуьйна Гуьржийчоьнан массо кӀошташ муниципалитеташ аьлла хийцина