Эрих Мария Ремарк (немцойн маттахь Erich Maria Remarque, винчу хенахь Эрих Пауль Ремарк, Erich Paul Remark; вина 1898-чу шарахь асаран-беттан (июнан) 22-чу дийнахь, Оснабруькехь — кхелхина 1970-чу шарахь товбецан-беттан (сентябран) 25-чохь, Локарно гӀалахь) — XX-чу бӀешеран немцойн йаздархо а, «дайначу тӀаьхьенан» векал а ву.

Ремарк Эрих Мария
нем. Erich Maria Remarque
Сурт
Бакъ цӀе нем. Erich Paul Remark
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, романист, драматург, сценарист
Вина терахь 1898 шеран 22 июнь({{padleft:1898|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})[1][2][…]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1970 шеран 25 сентябрь({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})[3][1][…] (72 шо)
Кхелхина меттиг
Викилармин логотип Ремарк Эрих Мария Викилармехь

Жима волуш

бӀаьра нисйан

Книшкийн мужалтийриг волчу Петер Франц Ремаркан (1867—1954) а, Анна Мария Ремаркан (йоӀ йолуш Шталькнехт хилла Ремарк) а доьзалехь шолгӀа бера дара Эрих Пауль Ремарк. Цуьнан воккхаха волу ваша Теодор Артур (1896—1901) пхи шо долуш велла; иштта цуьнан йижарий бара Эрна (1900—1978) а, Эльфрид (1903—1943) а.

Жималлехь Ремарк тӀевирзира Цвейг Стефанан а, Манна Томасан а, Достоевски Фёдоран а, Пруст Марселан а, Гёте Иоганн Вольфганган а кхоллараллин.

1904-чу шарахь иза килсан ишколе вахара.

1912-чу шарахь халкъан ишкола чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, хьехархо хӀотта иза католикийн хьехархойн семинаре воьду, ткъа 1915-чу шарахь Оснабруьк гӀалин паччахьан семинарехь дӀадахьира цо шен дешар. Цигахь цунна вевзира Хёрстемайер Фриц. Цо Ремаркан дог йаздархо хила ирахӀоттира.

Оцу заманахь Ремарк меттигерчу поэто куьйгалла деш йолчу «Сатийсаран го» олучу литературин йукъараллин декъашхо хӀутту[4].

1916-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 21-чохь Ремарк эскаре кхойкху, 1917-чу шеран асаран-беттан (июнан) 17-чу дийнахь иза Малхбузера фронте хьажаво. 1917-чу шарахь мангалан-беттан (июлан) 31-чу дийнахь гранатин гаьргаш цуьнан аьррочу коган а, аьтточу куьйган а чов йира. ТӀом чекхбаллалц иза Германин тӀеман госпиталшкахь вара.

1917-чу дийнахь товбецан-беттан (сентябран) 9-чохь ДамагӀан даI (рак) бахьана долуш кхелхира Эрихан нана- Анна Мария. Ремарк бале воьжнера, ненан сийнна шен шолгӀа цӀе хийцира цо- Пауль метта Мария.

1918-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 31-чу дийнахь Эрих госпиталера аравалийтира, цул тӀаьхьа иза винчу гӀалахь йолу тӀаьхьалонан гӀашсалтийн батальоне ваьккхира. Оснабруьк гӀалин белхалойн а, салтийн а кхеташоно Ремаркан 1-чу даржан Аьчкан ЖӀара дала сацам къобал бира. Амма йаздархочо совгӀат тӀе ца ийцира. Иза семинаре йухавеара шен дешар чекхдаккха.

Кхоллараллин хьалхара мур

бӀаьра нисйан

1919-чу шарера схьа дуьйна хьехархо вара иза, амма шо даьлча оцу балхах дог делира цунна. Цул тӀаьхьа дукха белхан меттигаш хийцира цо: махлелоран гӀуллакххо а, бухгалтер а, чуртийн дохкархо а хила иза, иштта иза фортепиано лакха Ӏамош а, сабӀаьрзачу нехан госпиталан жима килсан чохь кӀиранан деношкахь органист вара. Цу хенан битамаш бу «Ӏаьржа хӀоллам» цӀе йолчу романан бух.

1921-чу шарахь Echo Continental журналан редакторан декхарш кхочушдан волавелла. Оцу хенахь шена Erich Maria Remarque[5] псевдоним а эцна цо. И цӀе французийн орфографица йазйина йу — цо доьзалан гугенотан схьадалар гойту[6]. 1922-чу шарахь иза Ганновере дӀакхелхира.

1925-чу шарахь Ремарк Берлине дӀакхелхира, 1925-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 14-чу дийнахь хилла хелхарча йолу Цамбоне Ильза Ютте йалийна цо. Дукха шерашкахь йовхарийн цамгар бахьана долуш бала хьегна Юттас. Иза йаздархочун масийтта жайнан турпалхойн васт хилла, царна йукъахь «Кхо накъост» чура Пат а. Деачу шарахь и шиъ цхьана Ӏийна, цул тӀаьхьа уьш дӀасакъаьстина.

1938-чу шарахь Ремарко а, Ютто а шаьшшин цхьаьнаӀар бакъонехь йухаъ чӀагӀдина. Оцу гӀуллакхан маьӀна дара Ютан Германера арайалийта гӀо дан а, цунна Швейцарехь Ӏайта бакъо хилийта а. Цу хенахь Ремарк а вара цигахь вехаш. ТӀаьхьа и шиъ цхьана Америкин Цхьанатоьхначу Штаташка дӀабахара. 1957-чу шарахь официалан кепехь уьш дӀасакъаьстира. Ткъа ша валлалц Ремарко Юттан ахчанца гӀо дина, иштта шен весетехь цунна шовзткъе итт эзар доллар дитина цо.

ГӀаравалар

бӀаьра нисйан

1929-чу шарахь арайаьлла цуьнан «Малхбузерчу фронтехь тийна ду» цӀе йолу роман. Ткъа шо долу салтин гуш йолу тӀеман къизалла йуьйцу жайнахь. Роман сиха гӀарайелира. Шарахь цхьаъ ах миллион экземляр йоьхкира. ТӀаьхьо иза ткъе йалхийтта матте гоч а йина. Шо даьлча "«Малхбузерчу фронтехь тийна ду» романан бух тӀехь цӀарах фильм йаьккхира. Фильман ши «Оскар» йелира.

Филмах а, кинчкаш йухкучу хенахь а вуно йаккхий гонорараш (елаш) хилар бахьанца Ремарко дикка ахча даьккхира. Церан билгал долу декъах цо Сезаннан а, Ван Гоган а, Гогенан а, Ренуаран а сарташ ийцира[7].

«Малхбузерчу фронтехь тийна ду» роман йазйарна литературин декъехь 1931-чу шеран Нобелан совгӀатна хьалхатеттира иза. Амма дӀахьедар кхочушдеш йолчу Нобелан комитето и сацам йухатуьйхира. Германин офицерийн кхеташо дуьхьал йара совгӀатна, цара дийцарехь, романо немцойн эскар сийсаздора[8].

Цу шеран чаккхенгахь арайаьлла Der Weg zurück («ЙухавогӀуш») цӀе йолу роман. ТӀаьххьара тӀамна дуьхьалара ши кинчка а, дийцарш а, экране хӀоттор а Гитлерна гучадалаза ца дуьсу. Цо Ремарк «французийн жуьгти Крамер» ву аьллера. ТӀаьхьо йаздархочо жоп деллера: «Со жуьгти вацар, йа аьррохьара а вацар. Со къийсаме пацифист вара».

Къоналлин литературин кумираш болу Манн Томасо а, Цвейг Стефано а керла кинчка къобал ца йира. Дукха нах романан а, фильман а цхьабосса дуьхьалбевлира. Цул сов, Ремарко шен кхелхинчу накъостан куьйгайоза лачкъина бохуш дуьйцура наха. Пачхьалкхехь нацизм яржарца йаздархо къоман ямартхо а, тешам боцу йаздарча а ву олура. Шена йеш йолу Ӏиттарш ца лалуш Ремарко дукха къаьркъа муьйлура. Делахь а книгийн а, фильман а кхиамаш хилар бахьанца аьтто бара цуьнан таро йолуш ваха.

1932-чу шарахь Ремарк Германера дӀакхелха. Швейцарехь сецира иза. Шо хьалха цигахь, шен доттагӀан хьехарца, Лаго Маджоре олучу Ӏома тӀехь «Каза Монте Табор» вилла ийцира цо. 1932-чу шеран оханан баттахь (апрелехь) Ремарко «Пат» (тӀаьхьо «Кхо накъост») роман йазйечу хенахь, цо банке йиллина ткъа эзар рейхсмарк Ӏедалца ца йогӀуш банкан операцеш йина хилар шеко йолуш пачхьалкхе даьккхира. И хила тарло дӀакхалхарна бахьана.

Даймахкахь хьийзор ца сецира иза Швейцарехь вехачу хенахь: хьаьттан-баттахь (августехь) Берлинан кхело сацам бира «бакъойоцу ахчанан операцеш ярна» ткъе итт эзар рейхсмарк гӀуда тоха. Цун метта набахти чохь ши бутт баккха мегар. Делахь а Эрихо штраф дӀайелира. 1933-чу шарахь нацисташ цуьнан йозанашна бехкам билира, ткъа студенташ уьш цӀаргахь йагийра.

1937-чу шарахь Ремаркан евзира гӀарайаьлла актриса Дитрих Марлен[9]. Цу шинна йукъахь чӀогӀа а, бале а роман йолайелира. Цхьаболчарна хетарехь, Марлен «Сийлахь-толаме нартолан» чуьра Жоан Маду цӀе йолчу турпалхочун васт ду[10].

1938-чу шарахь немцойн маттахь арайаьлла «Кхо накъост» цӀе йолу роман. Цу шарахь Германехь Ремаркера махкалла (гражданалла) дӀадаьккхина. Иза «Сийлахь-толаме нартол» романан тӀехь болх бан волавелира. ШолгӀачу шарахь зорба тоьхна цуьнан «Хьайн уллораниг хьо санна веза» кинчка. Дитрих Марлено гӀо до Ремаркан америкин виза йаккха, 1940-чу шарахь иза Ӏамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка дӀавахара, цигахь 1947-чу шарахь цунна махкалла делла. Голливудехь Ӏамеркан кинематографан гӀарабевлачу наха чӀогӀа лоруш вара немцойн йаздархо. Дитрих Марленца йукъаметтигаш телхира, Ремарк Нью-Йорке дӀавахара.

Эрихан жимаха йолу йиша Эльфрида (марехь йолуш Шольц) Германехь йиснера, 1943-чу шарахь иза тӀамна а, Гитлерна а дуьхьал дешнаш аларна чуйоьллира. Кхело Эльфрид бехке лерира, 1943-чу шеран гӀуран-беттан (декабран) 16-чохь иза корта боккхучу машенца йийра. Кхелахочо цуьнга «Ирс дацарна, хьан ваша тхоьх къайлаваьлла, ткъа хьо къелхьара йаллалур йац» дешнаш аьлла хиларна тоьшаллаш ду. Ремаркан шен йишан Ӏожаллах лаьцна тӀом чекхбаьллачул тӀехь бен ца хиъна. Йишан сийнна йазйина цо «Дахаран суй» цӀе йолу роман. Иза арайаьлла 1952-чу шарахь. Ткъе пхи шо даьлча Ремаркан йишан сийнна ураман цӀе тиллира Оснабруьк гӀалахь.

1945-чу шарахь Ремарко «Сийлахь-толаме нартолан» тӀехь болх чекхбоккху, ткъа 1948-чу шеран чиллин-баттахь (февралехь) экране хӀоттийна цӀарах йолу фильм. Оцу шеран хӀутосург-беттан (майан) 19-чохь ша исс шарахь ца хиллачу Европе йухавоьрзу Ремарк. Иза хилла Румехь а, Парижехь а, Цуьрихехь а. Лахьанан-баттахь (ноябрехь) Меньеран цамгар кхета цунна. И цамгар хилла ца Ӏаш, депресси йолуш бала хьогу цо. Цу хьокъехь психиатран тӀе воьду иза, цунна психоанализ йо. Анализо гучудоккху жималлехь цуьнан нерваш телхина хилар.

1950-чу шарахь Палей Натальяц хилла йукъаметтигаш хеда. Ремарк Эрих Мария Нью-Йорке дӀавоьду. 1951-чу шарахь голливудан актриса йолу Полетт Годдарца (1910—1990) гергарло тасало цун. Иза Чаплин Чарлини хилла зуда йу. Цо гӀодарца Ремарк кхетаме веара, депрессин дарба дира. Дагца йолу цамгарх чекхваьлча «Дахаран суй» цӀе йолу роман чекхйаьккхира йаздархочо, йуха иза ингалсан матте гочйира.

Меньер цамгаран керла приступаш хуьлу Ремаркан, и йоцург лоьраша кхиъ керла диагноз хӀоттайо — доӀахан диабет. Цомгуш воллушехь винчу Оснабруьке воьду иза, цигахь Ремарк шен деца а, йишица а вовшахкхета.

Годдар Полеттан сийнна йазйина йолу «Ваха хан а, вала хан а» роман зорба тоьхна 1954-чу шарахь. Цу шарахь Ремаркан да — Петер Франц велла. Ремарко «ТӀаьххьара акт» олучу фильман сценари тӀехь болх бо. Фильм арайаьлла 1955-чу шарахь. 1956-чу шеран товбецан-баттахь Берлинан фестивалехь «ТӀаьххьара акт» пьесан премьера хилла, ткъа бутт баьлча арайаьлла «Ӏаьржа хӀоллам» кинчка.

1957-чу шарахь Ремарк эххар а Юттаца дӀасакъаьстира, ткъа 1958-чу шарахь Ремарк а, Полетт а цхьаьнакхетта. 1958-чу шарахь Швейцаре йухавеана, цигахь валлалц ваьхна иза. Шен зудчунца Ӏийна иза Ӏожалле кхачале.

Цо «Ваха хан а, вала хан а» олучу фильман сценари йазйо, цу чохь профессор Польмани наг-наггахь долу дакъа ловзина. Шо даьлча цуьнан «Йухалург делла дахар» роман арайаьлла, ткъа 1962-чу шарахь — «Лиссабонехь буьйса» зорба тоьхна.

ТӀаьххьара шераш

бӀаьра нисйан

1963-чу шарахь Неаполехь инсульт а лайра цо. Цу хенахь Полетт Римехь йара. Цигахь иза Моравиа Альбертан «Бен ца хеташ нах» олу жайна бух болу фильмехь дакъа лоцуш йара. Ремарк цамгарх товелира. Ши шо даьлча Годдар Поллетаца Миланехь волчу хенахь даго йухаъ цатам бира цунна, иза клинике кхочу. Йаздархочун могушалла а денна оьшуш йогӀура[11].

1968-чу шарахь йаздархочун кхузткъа итт шо кхачарна швейцарийн гӀала йолу Асконо цунах шен гӀалин сийлахь вахархо вира. ТӀаьххьара ши Ӏа Ремарко а, Полетто а Римехь даьккхира. 1970-чу шарахь аьхка Ремаркан дог йухаъ сецира, иза Локарно-гӀалахь дарбан цӀийнехь охьавиллира.  

Ремарк Эрих Мария кхелхина 1970-чу шарахь товбецан-беттан (сентябран) 25-чу дийнахь ЦӀиймаршан (аортан) аневризм олучу цамгарх. Йаздархочун кхузткъа кхойтта шо дара. Ремарк дӀавоьллина Ронко олучу кешнашкахь, Тичино кантонехь (махкахь). Ткъа шо даьлча, 1990-чу шарахь оханан-беттан (апрелан) 23-чохь кхелхира Годдар Полетт а. Иза Ремаркан йистехь дӀайоьллина йу[12].

Ремарко шовзткъа итт эзар доллар дитина Ютта Ильзан а, шен йоккхахйолчу йишана а, иштта Асконехь шен гӀайгӀа бинчу Ӏуналхочун а.

«Дайначу тӀаьхьенан» йаздархойн йукъавогӀуш ву. Уьш Дуьненан хьалхарчу тӀамах чекхбевлла, иштта царах «оьгӀазбахна къонахий» олу. ТӀеман къизалла гинера царна. Церан хьалхарчу жайнаш цецбаьхнера Европера дуккха а нах. Иштта «дайначу тӀаьхьенан» йукъараллин йукъабогӀуш бу Олдингтон Ричард а, Джон Дос Пассос, Хэмингуэй Эрнест а, Фицджеральд Фрэнсис Скотт а.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Erich Maria Remarque // Encyclopædia Britannica (инг.)
  2. Erich Maria Remarque // RKDartists (нидерл.)
  3. 1 2 3 Ремарк Эрих Мария // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  4. Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. Дата обращения: 24 апреля 2018.
  5. Erich Maria Remarque Short Biography by Date (англ.)
  6. Рут Мартон. Э. М. Ремарк: «Береги себя, мой ангел» [=Mein Freund Boni; 1993] / Пер. А. Анваера. — М.: Арт-Флекс, 2001. — С. 66-67.
  7. Remarque Obituary (англ.)
  8. Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. Дата обращения: 4 июля 2018.
  9. Эрих Мария Ремарк — Марлен Дитрих: Даты и Встречи
  10. Riva, Maria,. Marlene Dietrich : the life. — First Pegasus Books hardcover edition. — New York, NY. — 789 pages с. — ISBN 1-68177-502-6, 978-1-68177-502-9, 978-1-64313-029-3, 1-64313-029-3.
  11. Полетт Годдар: женщины Ремарка. www.em-remarque.ru. Дата обращения: 18 февраля 2018.
  12. Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. Дата обращения: 5 июля 2018.