Республика Абхазин арахьара гӀуллакхийн министралла

Республика Абхазин арахьара гӀуллакхийн министралла (абхаз. Аҧсны адәныҟатәи аусқәа рминистрра) — Республика Абхазин пачхьалкхан урхаллин меже, мехкан кхерамзалла а латтайо, экономика а кхиайо, Республика Абхазин дуьненахь къобалъяйтаран болх бо, дуьненайукъара инвестицеш а, керла технологеш а кхачайо, Республика Абхазин гражданийн дозанал арахьара бакъонаш ларйо.

Республика Абхазин арахьара гӀуллакхийн министралла
(РА АГӀМ)
  • абхаз. Аҧсны адәныҟатәи аусқәа рминистрра
Логотипан сурт
Йукъара хаам
Мохк
Юрисдикци Республика Абхази
Кхолларан терахь 1993 шеран 17 май
Штаб-квартира 384900 Абхази , Сухуми, Лакобин ур. 21
Абхазин арахьара гӀуллакхийн министр Кове Давур Вадимович
Сайт mfaapsny.org

2016 шеран 4 октябрехь дуьйна министраллин коьртехь ву арахьара гӀуллакхийн министр Кове Даур

Министралла кхоьллина 1993 шеран 17 майхь гуьржийн-абхазийн тӀом чӀагӀбеллачу хенахь. Къевлинчу хьолехь, Гуьржийчоьнан агӀора экономикин эмбарго а, гуттаренна керла тӀеман кхерам болуш, Республика Абхазин АГӀМ арахьара политикин гӀуллакх леладо, абхазин дипломаташа шеш ца кхоош болхбар бахьнехь.

Абхазин дипломати кхоллаяларехь боккха Ӏаткъам бира ширачу а, уггаре Ӏаткъамечу а дипломатешца — Российн, АЦШн, Йоккха Британин, Францин, Германин — гуттаренна а цхьаьнагӀуллакхдаро , дуьненайукъара кхолламашца — ВКъКх, ЕКхЦКх, ЕКх, — процессан кхечу декъахошца гуьржийн-абхазийн дов дӀадерзорехь гуттаренна уьйранаш латторо.

Министраллин структура

бӀаьра нисйан
  • Российн Федерацин ЛПД, ЛКР, ЛМР, РКъО, Гуьржийчоьнан мехкийн дакъа
  • Хаамийн дакъа
  • Туркойчоьнан а, Гергара Малхбален а дакъа
  • Латинан Америкин, Азин, Африкин, АТР дакъа
  • Европин, АЦШн, Канадин дакъа
  • Дуьненайукъара-бакъонан дакъа
  • Пачхьалкхан протоколан дакъа
  • Консулийн гӀуллакх
  • Гочдаран дакъа
  • Канцеляри

Абхазин арахьара гӀуллакхийн министраш

бӀаьра нисйан
ФЦӀДцӀ ХӀоттийна
терахь
Мукъаваккхаран
терахь
Билгалдаккхар
1 Таркил, СаӀид Родионович 1993 шеран 17 май 1993 шеран 23 сентябрь
декхарш кхочушдийриг
2 Джинджолия, Сократ Рачевич 1993 шеран 23 сентябрь 1994 шо
3 Лакербая, Леонид Иванович 1995 шо 1996 шеран август
4 Озган, Константин Константинович 1996 шеран август 1997 шеран апрель
5 Шамба, Сергей Миронович 1997 шеран апрель 2004 шеран июнь
6 Отырба, Георгий Анатольевич 2004 шеран июнь 2004 шеран июль
декхарш кхочушдийриг
7 Ахба, Игорь Муратович 2004 шеран июль 2004 шеран декабрь
8 Шамба, Сергей Миронович 2004 шеран декабрь 2010 шеран февраль
9 Гвинджия, Максим Харитонович 2010 шеран 26 февраль 2011 шеран 11 октябрь
10 Чирикба, Вячеслав Андреевич 2011 шеран 11 октябрь[1] 2016 шеран 4 октябрь
11 Кове, Даур Вадимович 2016 шеран 4 октябрь
хӀ. а.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан