Ху́лио Се́сар Роме́ро Инсфра́н (изза Ромери́то) (испан. Julio César Romero «Romerito»; вина 1960) — парагвайн футболист, ахтурсло. Парагвайн йерриг исторехь уггаре гӀарабевллачу ловзархошха цхьаъ.

Футбол
Хулио Сесар Ромеро
Йуьззина цӀе Хулио Сесар Ромеро Инсфран
Харц цӀе Ромерито
Вина терахь 1960 шеран 28 август({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})[1][2] (64 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Позици ахтурсло
Кегийрхойн клубаш
Парагвайн байракх (1954—1988) Спортиво Лукеньо
Клубан карьера[* 1]
1977—1979 Парагвайн байракх (1954—1988) Спортиво Лукеньо ? (?)
1980—1983 АЦШн байракх Нью-Йорк Космос 88 (28)
1983—1988 Бразилин байракх (1968—1992) Флуминенсе 217 (86)
1988—1989 Испанин байракх Барселона 7 (1)
1989—1990 Мексикан байракх Пуэбла 17 (2)
1990—1991 Парагвайн байракх (1990—2013) Спортиво Лукеньо ? (?)
1992 Парагвайн байракх (1990—2013) Олимпия ? (?)
1993—1994 Парагвайн байракх (1990—2013) Спортиво Лукеньо ? (?)
1995 Чилин байракх Депортес Ла-Серена 3 (1)
1995 Парагвайн байракх (1990—2013) Серро Кора ? (?)
1996—1998 Парагвайн байракх (1990—2013) Спортиво Лукеньо ? (?)
1999 Парагвайн байракх (1990—2013) Ресистенция ? (?)
2000—2003 Парагвайн байракх (1990—2013) Серро Кора ? (?)
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кад
Деши 1979
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Хулио Сесара карьера йолийра гӀийлачу «Такуари» клубехь, 1977 шарахь. Амма цигахь а цуо тидам багӀийтира Парагвайн къоман командин тренеран штабан. 1979 шарахь Ромеро вара «альбиррохин» коьрта хӀоттаман ловзархо, цуьнца цуо баьккхира Америкин кад. Ткъа 1980 шарахь иза дехьавелира оцу хенахь хьал долчу «Нью-Йорк Космос» клубе, иза гӀарайаьллера дуьненан футболан суперседарчий кхайкхарца, масала Пеле а, Беккенбауэр а. «Нью-Йоркехь» Ромерос шозза йаьккхира Къилбаседа Америкин чемпионат. Цул тӀаьхьа, хан мел йолу NASL лигано санна шен финансийн позицеш яйа йолийра, тӀаккха Хулио Сесар шайна йукъа дехьаваккха аьтту белира, шеко йоцуш Бразилин уггаре сийлахьчу клубех цхьаъ йолу «Флуминенсен», амма и хан кхаччалц баккхийчу толамийн чам бевзина йоцу.

1984 шо хилира Ромеритон карьерехь уггаре къегинчех цхьаъ, и цӀе йелира ловзархочун дукха везарца сихха бразилин торсидас. Дукхаха дерг иза бахьнехь «кхаа бесарнаш» клубан исторехь дуьххьара Бразилин чемпионаш хилира (турнир Робертаон кад ца лаьрча).[3]. Оцу шарахь цунах хилира Рио-де-Жанейро штатан чемпион. Ромеритох бразилин «Флуминенсе» клубан хьовсархоша боккъал а жӀар йира.

ШолгӀачу шарахь Ромеритос йуха а йаьккхира Кариока лига, ткъа къоман командийца иза дехьавелира 1986 шеран дуьненан чемпионате. Парагвайн къоман команда, 1958 шарахь дуьйна, дуьххьара кхечира Мундиале. 1985 шеран жамӀашца Ромерито къобал вира Къилба Америкин уггаре дика ловзархо аьлла.

1986 шарахь Ромеритос гӀо дира къоман командин дуьненан чемпионатан 1/8 финале яла, амма оцу тӀегӀанехь къилбаамерикхой охьатовӀийра ингалсхоша жамӀ 0:3 долуш.

1988 шарахь Ромеро дехьавелира испанин "Барселоне", цуьнга ша кхайкхира Кройф Йохана. Парагвайхочо дӀадаьхьира чӀогӀа дика шо (нийса аьлча, ах шо), цуо гӀо дира «руманан-сийначарна» Кедаш даьхначеран кад баккха, амма Европехь ваха ца лиира. Хьалха иза левзира мексикин «Пуэблехь» (Мексикин чемпион 1990), цул тӀаьхьа левзира Спортиво Лукеньо йукъахь (1998 шарахь цунна йукъахь цуо сацийра шен карьера). Цхьа шо дӀадаьхьира туьйра хиллачу асунсьонан «Олимпиян» йукъахь, 1992 шарахь цуьнца баьккхира Республикин кад.

Футболистан карьера чекхйаьлча Ромерох политик хилира. Иза хаьржира Луке муниципалитете Колорадон партера, шен гӀалин векал хилира 2001—2006 шерашкахь. Цул тӀаьхьа иза волавелира Лукера кегийрхой спортехь кхио. 2006 шарахь Ромеритос концертехь дакъа лецира меттигерчу рок-тобанца цхьаьна 40 эзар стаг аудиторин хьалха.

Пелес йукъатуьйхира Ромерито 125 уггаре сийлахь волчу хӀинца дийна болчу хӀокху заманан футболисташна йукъахь. Парагвайхойх цунна йукъа Хулио Сесар бен ца вахара.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Julio Cesar Romero // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. JULIO CESAR ROMERO // (unspecified title) (исп.)
  3. 2010 шарахь Бразилин футболан конфедерацис постфактум хилла даржехь нисбира Бразилин (ХӀонс) кад (1959—1968) а, Робертаон кад (1967—1970) а къовсамаш Бразилин чемпионийн титулца. «Флуминенсе» — толамхо йу 1970 шеран Робертаон кедан. Амма 1984 шарахь «Флуминенсен» титул мах хадийра Бразилин чемпионатийн гуран чуьра хьалхара титул аьлла

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан