Россера тӀеман сийлаллин денош

Россера тӀеман сийлаллин денош (Оьрсийн герзан сийлаллин денош) — Российн исторехь ладаме роль ловзийна российн эскаран толамаш базбаран Российн иэсан денош .

Денис Мартен. Полтавин тӀом (1726)
Гангутан тӀом. Бакуа Маврикийн огана
Бородинора тӀом
Российн иэсан терхьаш а, кхин Ӏиданаш а хьажа Российн Ӏиданаш яззамехь.

Йуьхьанцара тӀеман сийлаллин денош хӀиттийра 1995 шеран февралехь Федералан законо «Россера тӀеман сийлаллин денойх (толаман денойх)». 2004 2020 шерашна йукъахь цунна хийцамаш бира, кхин тӀе шен законан цӀе а хийцира.

Российн иэсан терхьаш йукъадехира 2005 шарахь, базбо халкъан иэсехь бӀешерашкахь дагахь латтийта хьакъ долу пачхьалкхан а, йукъараллин а дахарера кхин а ладаме хиламаш[1].

И денош а, тӀеман сийлаллин денош а хӀиттийна Федералан «Россера тӀеман сийлаллин а, иэсан а денойх» цӀе йолчу законаца[1].

Законаца тӀеман сийлаллин деношкахь даздаран белхаш дӀадахьа деза эскаршкахь, ткъа иэсан терхьашкахь — нахалахь белхаш дан деза. Дуьхьалонан министраллин тӀедиллина хӀора шеран 23 февралехь а, 9 майхь а Ӏиданан шатлакхаш кхийсар. Оцу белхашна ахча далар тӀедиллина федералан бюджетан.

Цул сов, законаца кхин а тӀемлойн иэс бӀешерашкахь дагахь латтийтархьама цхьа могӀа кхин кепара белхаш дан деза: музейш йахкар, хӀолламаш богӀар, гайтамаш хӀиттор, МХГӀ нахала даккхар, нах бехачу меттигашна, урамашна, тӀемлойн дакъошна, кеманашна церан цӀераш тахкар, турпалалла гайтина меттиг Ӏалашйеш лелор.

ТӀемлойн сийлаллин денош нисйе бӀаьра

Российн Федерацехь хӀиттийна хӀара Россера тӀеман сийлаллин денош (хийцамашца 2020 шеран 31 июлехь):

Башхаллаш нисйе бӀаьра

Россехь Григорийн рузма йукъайаккхале хиллачу хиламашца доьзна ТӀемлойн сийлаллин а, иэсийн а денош , в законехь хӀиттийна ширачу рузманца цуьнан иэсан де хуьлу 13 де, иза башхалла йу ширачу а, керлачу а рузманна йукъара XX—XXI бӀешерашкахь. Григорийн рузан йукъайолуш юлийн рузманна а, цунна а йукъара башхалла 10 де бен йацара, иза тӀаьхь-тӀаьхьа тӀекхийтира 13 дене кхаччалц. Иза бахьнехь законно хӀиттийна ТӀемлойн сийлаллин денош мела а къаьста и хиламаш хиллачу терхьехь.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Российн кхоъ эскаран аре:

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра