Салес Рубенс де Мораэс (порт.-браз. Rubens de Moraes Salles; 1891 шеран 14 октябрь, Сан-Мануэл1934 шеран 21 июлехь, Сан-Паулу), цхьацца хьосташкахь Саллесбразилин футболист, тӀелатархо. Бразилин гулйина командин исторехь хьалхара капитан а, тренер а[1][2]. «Декъа гӀа» цӀе тиллина буьрка тоьхна дуьххьарлера футболист, авторалла тӀаьхьо Дидин тӀейазйина[3]. Бразилин футболан исторехь дозанал арахьарчу клуьо шайна йукъахь ловзар кховдийна дуьххьарлерачу футболистех цхьаъ[1].

Футбол
Салес Рубенс
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Салес Рубенс де Мораэс
Вина терахь 1891 шеран 14 октябрь({{padleft:1891|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Сан-Мануэл, Бразили
Кхелхина терахь 1934 шеран 21 июль({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (42 шо)
Кхелхина меттиг Сан-Паулу, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
1902—1905 Бразилин байракх (1889—1960) Паулистано
Клубан карьера[* 1]
1906—1920 Бразилин байракх (1889—1960) Паулистано
Тренеран карьера
1914 Бразилин байракх (1889—1960) Бразили
1930—1934 Бразилин байракх (1889—1960) Сан-Паулу да Флореста
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Рубенс Салес, къаьхьу кхиочу хьалдолу фермеран а, Сан-Мануэл гӀала йинчу Салес Отавио де Мораэсан кӀант[2], ловза волавелла 11 шо долуш шен доттагӀашца[1]. 1902 шарахь дуьйна иза ловза волавелира «Паулистанон» кегийрхойн клубашна йукъахь, ткъа 1906 шарахь дуьйна коьртачу командехь[4]. 1910 шарахь ингалсан «Коринтиан» клуб ловза йеира Бразили. Матч чекхйаьлчи Салеса боккха битам бира британин векалийн коьртана, Ингалсехь оцу клубехь ловза таро а, контракт а кховдийра. Рубенсан хаза-м хийтира, амма реза ца хилира[1]. Оццу шарахь тӀелатархо хилира уггаре дика бомбардир Сан-Паулу штатан чемпионатан. «Паулистано» йукъахь Рубенс левзира 1920 шо кхаччалц, йаьккхира штатан чемпионан 6 титул[5] а, 5-зза йаьккхира шолгӀа меттиг[6].

1914 шеран 21 июлехь Салес, капитан а, коьрта тренер а волуш (цуо кхочушйора техникин комиссин председателан роль, цунна йукъахь, масала, Лагрека Силвио), Бразилин гулйина команда арайаьккхира исторера дуьххьарлерачу матче, оцу матчехь цуьнан команда туьйлира ингалсан «Эксетер Сити» клубал. Гулйина командехь левзина кхаа матчехь, тӀаьххьарчу матчехь цуьнан командо иэшийра Аргентина, ткъа цхьаъ бен тоьхна йоцу буьрка туьйхира Салеса. Цул сов, и буьрка бахьнехь гулйина командо йаьккхира исторехь шен дуьххьарлера хӀонс — Рокан Кад[7]. Иштта, цул хьалхарчу шина шарахь, Салес левзира цхьа матч, туьйхира цхьа гол гулйина командехь, цунах элира Бразилин цхьаьнатоьхна команда, и матчаш къобал йеш йац Бразилин футболан конфедерацис[8].

Ловзархочуьнан карьера чекхйаьккхина, Салесахь тренер хилира. 1930 шарахь дуьйна иза тренер вара «Сан-Паулу да Флореста» клубан. Цуьнан хьалхарчу ловзарехь, 9 мартехь, «Сан-Паулу» хӀаллакйира «Ипиранга» 3:0 чоьтаца. Ткъа тӀаьххьарчу матчехь, 1934 шеран 8 июлехь, «Коринтиансца» 0:0 левзира. Салесан куьйгаллехь «Сан-Паулу» левзина 116 матчехь, 71-за тоьлла, 29 – цхьан а ца тоьлла, 16 – иэшна. Оцу ловзаршкахь Рубенсан командо чутоьхна 431 гол, ткъа чутохийтина 169 буьрка[9]. Оцу муьрехь клубо, командин исторехь, йаьккхира штатан чемпионан титул[1].

Салес Рубенс зуда йалийна вара. Цуьнан йоӀ йара Элена Салесceen, цунах неканча хилира, бразилин командин йукъахь дакъалецира 1936 шеран Олимпийн ловзаршкахь Берлинехь[2].

Дуьненайукъара статистика

бӀаьра нисйан

Ловзархочуьнан

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан