Сарагóсан барт (испан. Tratado de Zaragoza; порт. Tratado de Saragoça) — Испанин а, Португалин а юкъахь 1529 шарахь 22 апрелехь Сарагосехь бина барт. Цуо демаркацин аса хІоттийра шинне а хІордан пачхьалкхан Іаткъаман сферан юкъахь малхбуза эхиг тІехь.

XV а, XVI а бІешерашкара Испанин а, Португалин а йукъара колонийн демаркацин аса

Сарагосан барто буьзира 1494 шарахь оцу пачхьалкхашна юкъахь бинчу Тордесильян барт. Цуьнца яьккхинера аса малхбузан эхиган Іаткъаман сфера йоькъуш. Оцу хенахь билггала хууш дацара дуьне горга дуй, шина пачхьалкхан лаамийн сфера Іоттаелира Тийна Ӏапказ тІехь, тІаккха ийшира уьш екъар кхузахь а.

Малхбален демаркацин аса хилира, 297,5 лиган тІехь Молуккан гІайренашна малхбалехьа, малхбален йохаллин 145 градусан уллохь. Бартаца аса яхаезара Марианийн гІайренашна а, Гуам гІайренан а юккъехула, оцу хенахь Санто-Томе а, Лас Велас а олура царех. Асан малхбалехьа долу латташ а, хІордаш а Испанин дара, ткъа малхбузехьа — Португалин. Цул сов, оцу барто чІагІдира Испанис Португалин Молуккан архипелаган бакъонаш 350 эзар дукатех йохкар.

Сарагосан барт бохийра Сан-Иль­дефонсан барто 1777 шарахь[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Сарагосский договор / В. А. Ведюшкин // Румыния — Сен-Жан-де-Люз. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 410. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 29). — ISBN 978-5-85270-366-8.