Сетал
Се́тал — хир долу чӀагӀдаран хӀума тӀехьовзо а, юхахьовзо а лерина куьйган слесарийн гӀирс. Сетал лаьтта тай-тайпана юхьиг йолу металлан чӀух а, макъарах (пластмассан йа дечиган)[1]. ГОСТ 29308-92 «Винташ а, гайканаш а вовшахтаса лерина гӀирс. Номенклатура», сеталашна юкъадоьду цхадолу кепара догӀанаш (ялхсаболу догӀанаш, шлиц йолу гоьрга гайканийн йа агӀон тӀехь Ӏуьргаш долу гайканий догӀанаш) а, чоьхьара а, арахьара Ӏовшу хуьйцу кортош а (ГОСТца 25604-83 «Хуьйцу кортош. Кепаш а, коьрта барамаш а»).
Конструкци
бӀаьра нисйанУггаре атта дина сетал, чӀапа юьхьиг йолу чӀу бу, иза болх бечу хенахь шлиц чухӀоттабо, чӀун вукха агӀора дечиган, пластмассин йа резинин мукъ бу. Мукъан гӀирс, кеп хоржу куьг дика тасалучу агӀора.
Мукъан диаметр дукха хьолахь хуьлу 10 - 40 мм. Меженна тӀетаӀо мукъан диаметр йоккха мел хуьлу сеталан лерина шлиц а хуьлу йоккха. Цундела кегийрачу меженашна лерина сеталшна хӀиттабо буткъа макъарш, шлиц ца йохаяйта йа хир ца дохадайта йа меже ца йохаяйта. Цхьайолчу сеталийн макъаршна Ӏуьрг доккху, хьовзочу хенахь зеразакъ хӀотторхьама, йа цунна чу охьадожарх лардеш тӀийриг тосу. Сеталийн мукъ чохь хила тарло хуьйцу юьхьигаш чуюхку еса меттиг.
Сеталан юьхиг юху болх бечу хенахь механикин Ӏаткъам бахьнехь. Белхан хан яхъярхьама юьхьиг йо башха яайаларан дуьхьала йолу, онда лаламех, масала, хром-ванадий-молибденан болатах.
Меженан коьртан тӀера шлицан тайпане хьаьжжина, тайп-тайпана белхан дакъа долу сеталш леладо.
Белхан декъан кепаш
бӀаьра нисйанМеженан коьртан тӀера шлицан тайпане хьаьжжина, тайп-тайпана белхан дакъа долу сеталш леладо.
Хьажийна | Тайпа | Сурт | Масала | Цунах лаьцна |
---|---|---|---|---|
Стандартан | Нийса шлиц (шлицан) | «ГОСТца 24437-93 Слесарийн-монтажан сеталш. Винташна а, шурупашна а лерина нийса шлиц йолу слесарийн-монтажан сеталийн пханарш. Барамаш» пханарш, уггаре атта а, исторехь хьалхара а белхан декъан тайпа ду. | ||
Phillips | ЖӀаран кепара ша арататталург. «ГОСТца 10753-86 Винташна а, шурупашна а лерина жӀаран кепара шлицеш. Барамаш а, тергонан хьесапаш а» Н тайпа. ХӀинца шуьйра лелош ду приборашъярехь, хӀунда аьлча стандарт де-факто йолун дела, дӀалоцу кӀезиг меттиг коьртехь, ткъа иштта гӀишлошъярехь (башха шурупхьовзориг лелайо, кӀоргалла юсту муфта-регулятор йолу) а, кхечу цунах терачу сферашкахь а лелайо. | |||
Pozidriv | Ша ара ца тотту Phillips шлицан тойина верси. «ГОСТца 10753-86 Винташна а, шурупашна а жӀаран кепара шлицеш. Барамаш а, тергонан хьесапаш а» Z тайпа. Шлиц кӀорга хиларна, лелайо винтийн даккхий кортош хила дезачохь: мебелашъярехь, гӀишлошъярехь. Нисса оцу дакъошкахь оьшу йоккха хьовзаран момент, Phillipsан мегаш йоцу. | |||
Ялх са болу шлиц | Таро ло йоккха хьовзоран момент яккха. ГӀирсан семан Ӏаткъам бан ца оьшу, тӀаккха дикка лагӀло куьг гӀелдалар. | |||
Torx (седакепара ялх зӀенаран) | Таро ло йоккха хьовзоран момент яккха, лелайо бахаман техника а, машенаш а ярехь. | |||
Башха | Tri-Wing (ялх ларанан) | Лелайо авиакосмосан промышленностехь а, электронан гӀирсаш беш а. | ||
Torq-Set (асимметрин жӀаран кепара) | Авиакосмосан промышленностехь бен ца лелайо. | |||
One-way | Юхахьовзо лерина йац. Чухьовзайо нийса шлицаца | |||
Шина зайлан (спаннер, snake-eye) | Лелайо лифташкахь, хазалла а, вандалех лардалар а оьшучу кхечу меттигашкахь. | |||
Ӏуьргца шлиц (шалгонан, double pin) | Спаннер санна, лелайо электроприборашкахь, токар блокашкахь, цахуург чу ца гӀертийтархьама. | |||
ЕакӀовниг | ||||
Кхо са болу | Лелайо ЛДП цӀерпошташкахь. | |||
Torx зайланца (Torx Tamper Resistant) | Седакепара ялх зӀенаран юккъехь Ӏуьрг долу, цунна чубогӀу винтан харшан юккъехь ялх зӀенар йолу зайла берг. | |||
Цхьаьнатоьхна |
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Отвёртка // Никко — Отолиты. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 18).
Литература
бӀаьра нисйан- Отвёртки // Товарный словарь / И. А. Пугачёв (главный редактор). — М.: Государственное издательство торговой литературы, 1959. — Т. VI. — Стб. 576—581