ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Сийлахь-толаме нартол (фр. Arc de triomphe de l’Étoile)- Парижан 8-чу гонахь а, Шарль де Голль цӀарах йолу (Седан) майданехь а лаьтташ йолу гӀалин историн сийлахь меттиг.

Сийлахь меттиг
Сийлахь-толаме нартол
фр. Arc de Triomphe
48°52′26″ къ. ш. 2°17′42″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Франци
Лаьтта меттиг VIII округ Парижа[1], XVI округ Парижа, XVII округ Парижа
Архитектурин хатӀ архитектура неоклассицизма
Архитектор Жан-Франсуа Шальгрен
Йиллина терахь 1836
Локхалла 49,5 ± 0,2 метр
ГӀирс лютецкий известняк, известняк
Сайт paris-arc-de-triomphe.fr(франц.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ГӀишло йина архитектор волу Жан Шальгрено 1806-1836-чу шерашкахь Наполеонан буьйрца.

Наполеоно шен «Сийлахь-доккхачу эскаран» толамаш базбарна лерина дара гӀишло йолаяран белхаш.

Боцца хаам

бӀаьра нисйан

Дика куц-кеп ду Сийлахь-толаман нартолан. Цуьнан локхалла 49,51 метр ю, шоралла 44,82 метр ю, нартолан лакхе 29,19 метр ю.

Нартолан югӀийлан маьӀӀехь Жан-Жак Прадьено йина барельефаш ю. Царна тӀехь гойту тӀемаш долу мехкарий фанфараш чухул зурма локхуш. Ткъа фанфара сийлаллин аллегори ю.

Иштта нартол кечйина ю горельефшца:

  • Елисейн атагӀаш агӀор:
    • аьрру aгӀop: «1810-чу шеран триумф». Шёнбруннан машаран куьг таӀоран лерина ю. Скульптор Жан-Пьер Корто ву.
    • аьтто агӀор: «гӀоьнчаш дуьхьал бовлар». Гоельеф лерина ю французаш ЛугӀен мохк дӀалаьцна Ӏаш йолу пруссин эскаран дуьхьал бовларан (1792 шо). Иштта доьвзуш ду «Марсельеза» цӀарца. Скульптор Франсуа Рюд ву.
  • Гранд-Армен авеню агӀор:
    • аьрро агӀор: Антуан Этекс скульптор волу «1815-чу шеран машар» а;
    • аьтто агӀор: Изза скульптор волу «1814-чу шарахь дуьхьало яр» горельеф а.

Горельфийн лакхахь йолу ялх барельефаш гойту тайп-тайпана кармачан а, империн а сарташ:

  • Елисейн атагӀаш агӀор:
    • аьрру агӀор:
      • 1799-чу шеран мангалан (июль) беттан 25-чохь Абукъиран уллохь хиллачу тӀамехь йийсаре лаьцна волу туркойн эскаран хьаькам СаӀид Мустафа-Паша Наполеонан вовзийтар гойту барельеф. Бернар Габриэль Сёрр (я Сёрр Воккхахверг) ву цуьнан скульптор.
      • «1796-чу шарахь товбецан (сентябрь) 20-чохь Марсо генералан тезет», P. H. Lamaire скульптор ву.
  • авеню де ла Гранд-Армен агӀор:
    • «1796-чу шарахь лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь Арколе-гӀалан уллохь хилла тӀом» Жан-Жак Фёшер ву скульптор.
    • 1798-чу шеран мангалан (июль) баттахь 3-чу дийнахь Мисарахь Каноб схьаяккхаран латаран" лерина барельеф. Джон-Этьен Шапоньер ву цуьнан скульптор.
    • агӀошкахь:
      • «1792-чу шеран лахьанан (беттан) 6-чохь хилла Жемаппе уллохь латар». Марокетти Карло ву скульптор.
      • 1805-чу шарахь гӀуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь Ауштерлицан юххехь хилла тӀом". Жан-Франсуа-Теодор Гештер ву скульптор.
  1. base Mérimée (фр.)ministère de la Culture, 1978.