Ско́ков Ю́рий Влади́мирович' (1938 шеран 20 июнь, Владивосток2013 шеран 5 февраль, Москох)[1]Российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, дуьххьарлера Российн Федерацин Кхерамзаллин кхеташонан секретарь (1992—1993).

Скоков Юрий Владимирович
Российн Федерацин Кхерамзаллин кхеташонан секретарь
 — 1993 шеран 10 май
Президент Ельцин Борис Николаевич
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг Шапошников Евгений Иванович
Вина терахь 1938 шеран 20 июнь({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Вина меттиг Владивосток, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2013 шеран 5 февраль({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (74 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
ДӀавоьллина
Парти Нийсонан Росси
Дешар
СовгӀаташ
Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Орден «Сийлаллин Билгало»
Пачхьалкх  Росси

Вина ЧГӀХК эпсаран доьзалехь. Да гӀуллакхехь хилла Маньчжурехь, правительствон совгӀаташ а хилла цуьнан.

Дешар а, болх а

бӀаьра нисйан

1961 шарахь чекхйаьккхина Ленинградан электротехникин институт говзаллица «радиоинженер», техникин Ӏилманийн кандидат.

19611969 шерашкахь — Калининера ССРС Дуьхьалонан министраллин № 2 йолу ӀТИ Ӏилманан белхало. 1969 шарахь дуьйна болх бина ССРС Минэлектротехпроман Токан хьостан йерриг союзан ӀТИ. 1977 шарахь — Краснодар гӀалара «Сатурн» заводан директор. 1986 шарахь хӀоттийна ЙӀТТХьИ инарлин директор, хилла ӀАЦ «Квантан» инарлин директор, ткъа цул тӀаьхьа пачхьалкхан отраслашна йукъара «Квант-ЭМП» цхьаьнакхетараллин урхаллин председатель (Электроприборашйаран а, машенашйаран а, арахецаллера а Ӏилманан, техникин кооперативан йерригсоюзан ассоциаци).

1988 шарахь хилира АМБИ-банк (Акционерийн коммерцин отраслашна йукъара интеграцин банк) йилла дагадаийтанчарех цхьаъ.[2]

Политикин гӀуллакх

бӀаьра нисйан

ССКП Москохан гӀалин комитетан декъахо хаьржина.

19891991ССРС халкъан депутат.

19901991РСФСР Министрийн Кхеташонан хьалхара гӀовс.

1991 шеран 19 июлера — 1991 шеран 12 сентябрь кхаччалц — РСФСР пачхьалкхан хьехамча — РСФСР Президент волчура Федерацин а, мехкийн а Кхеташонан секретарь.

Скоков хилира Ельцинан хийца йиш йоцу гӀоьнча; гӀараваьлла стаг воцушехь, цуо кхоьллира шен патронан оьшу йуьхьанца хӀун дер ду ца хуу бунтхочун дуьхьала хилла «чӀогӀа бахамхойн» а, регионийн элитийн а база.

1991 шарахь — РСФСР Президент волчура пачхьалкхан кхеташонан декъахо.

1991 шеран 12 сентябрера — 1992 шеран 3 апрель кхаччалц — РСФСР пачхьалкхан хьехамча — РСФСР Кхерамзаллин кхеташонан структурин а, низаман а гӀуллакхан статусан болх кечбаран РСФСР президент волчура Комиссин секретарь.

1991 шеран 19 сентябрера — 1992 шеран 3 апрель кхаччалц — РСФСР Кхерамзаллин кхеташонан система йаран белхан РСФСР президентан гӀоьнча.

1992 шарахь цуьнан кандидатура хӀоттийра Российн правительствон председателан дарже. Халкъан депутатийн гуламехь рейтинган кхаж тосуш (РФ Президентана Б. Ельцинан рекомендацин амал йара цуьнан) цунна уггаре дукха кхаж тесира (637), амма Правительствон коьрте Е. Гайдара кховдорца хӀоьттира Черномырдин Виктор, рейтингехь шолгӀа хилла волу (627 кхаж)[3][4].

А. А. Нечаевн тешаллийца, Гайдаран когаметтаверг «консервативан а, ницкъаллин а агӀора лидер» волу Скоков ца хӀоттор, Гайдаран цхьаъ бен доцу дехар дара Ельцинега ша мукъаволуш[5].

1992 шеран 22 майра 1993 шеран 10 май кхаччалц — Кхерамзаллин кхеташонан секретарь[6]. Оцу даржехь Скоковс луьстура ССРС хилла республикашца чоьхьара гӀуллакхийн, талламан, башха гӀуллакххойн белхаш, ткъа кхин а, хӀоьънийн статус йоцу керла маьрша ЛДП пачхьалкхаш хилар бахьнехь, хӀоьънан герзаца уьйр йолу йерриг объект Российн махка дехьайаккхар[3]. И мур билгалбаьккхина Скоковс гуьржийн-абхазийн девнехь жигара дакъа лацарца, цигахь иза дика хьовзарна Российн официалан меттиг цхьаьнаэшшара амалехь хилира, Гуьржийчоьнан а, Абхазин а интересийн чот йеш. Абхазин маршо а, хила тарло Гуьржийчоьнах дӀакъастар цхьаьна йогӀу Российн геополитикица ойла йолуш волу, Ельцинан гуонахьара политикех цхьаъ бен воцу, политик хила мега[7][8][9].

1993 шеран мартехь Скоков дуьхьалавелира РФ президентана, цуо куьг ца йаздираЕльцинан омран Мехкан урхалла даран башха низам хӀотторах йолчу проектана. Омар йукъахь дара РФ Конституцин дуьхьала долу РФ Лакхара Кхеташонан болх сацор. Ишттачу кепара, оцу хенахь Скоковс сацийра кхин а ах шо даьлча хилла 1993 шеран гурахь хилла политикин къоьллех тера кхуьу хиламаш. ЖамӀехь дӀаваьккхира РФ Кхерамзаллин Кхеташонан секретаран даржера[3].

1993 шеран аьхка Къаьмнашна а, регионашна а йукъара экономикин баланийн центран куьйгалле хӀоьттира.

1993 шеран июлехь Российн сурсаташарахецархойн федерацин (РСФ) куьйгалле хӀоьттира.

1993 шеран августехь-сентябрехь дакъа лецира «Даймехкан дуьхьа барт» комитет кхуллуш, факт хилла коьрте хӀоьттира оцу центристийн кхолламан, дуьхьала вара Лакхара Кхеташо дӀайаккхарна, гӀиртира къоьлла ницкъ ца беш дӀайерзо.

1995 шеран апрелехь дӀабаьхьира Йерригроссийн ОьЙК гулам, цигахь хаьржира ОьЙК Къоман Кхеташонан председатель. Уггаре гергара Скоковн нийсархошна йукъахь бу — Глазьев Сергей, Рогозин Дмитрий[10].

1995 шеран сентябрехь Скоков ОьЙК харжаман цхьаьнакхетараллин испискин коьрте хӀоьттира шолгӀачу кхайкхаман Пачдумин харжамашкахь. Амма ОьЙК 5 процентан дозанан дехьа ца йелира, гулбира 4,31 процент кхаьжнаш.[11]

1998 шарахь коьрте хӀоьттира йукъарароссийн политикин йукъараллин «Российн регионийн парти» кхолламан иза кхоалгӀа кхайкхаман Пачдумин харжамашкахь дакъа лоцуш йацара.

2006 шеран октябрехь «Нийса Росси» парти кхолларан гуламехь Скоков хаьржира «Нийса Российн» центран кхеташонан президиуме, ткъа 2007 шеран апрелехь партин москохан декъан куьйгалхойн йукъавахара.

2013 шеран 5 февралехь цӀеххьана велира шен цӀахь дог гӀуо хилла[1][4].

ДӀаверзочу хенахь лакхарчу даржера официалан белхалойх РФ Кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай бен вацара.

ДӀавоьллина Троекуровн кешнашкахь[3].

Зуда йалийна хилла, йоӀ кхиийна.[12]

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Скончался Юрий Скоков, первым занимавший должность секретаря Совета безопасности РФ — Новости — В России — Интерфакс
  2. Юрий Скоков. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 9 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 6 ноябрехь Архивйина 2013-11-06 — Wayback Machine
  3. 1 2 3 4 Ъ-Газета - Соратника Бориса Ельцина проводили узким кругом. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 10 февраль.
  4. 1 2 Умер первый секретарь Совбеза России Юрий Скоков :: Политика :: Top.rbc.ru. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 5 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 5 февралехь
  5. Эхо Москвы, 19 марта 2011. Культурный шок. К юбилею Егора Гайдара
  6. Указ Президента Российской Федерации от 03.04.1992 № 352. утвержден постановлением Верховного Совета РФ от 22 мая 1992 г. № 2816-I
  7. Ленский И. Л. «Свидетели абхазской беды». М.:Деловой ритм, 2008, с.49-50.
  8. Газета «Завтра» / 1 полоса / Всё могло быть иначе! ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 февраль. Архивйина 2013 шеран 27 февралехь
  9. Джергения А. М. О первом президенте Республики Абхазия Владиславе Ардзинба (Статьи, интервью). — Сухум, 2019. — 60 с. — ISBN 978-5-166-10-0419.
  10. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху autogenerated1 тIетовжаран текст йазйина йац
  11. Юрий Скоков — Биография | Persones.ru. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 9 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 18 июлехь Архивйина 2014-07-18 — Wayback Machine
  12. Lenta.ru: : Скоков, Юрий