Соарес Эспиндола, Жулио Сезар
Жу́лио Се́зар Соа́рес Эспи́ндола (порт.-браз. Júlio César Soares Espíndola; 1979 шеран 3 сентябрь, Дуки-ди-Кашиас, штат Рио-де-Жанейро, Бразили) — бразилин футболист, кевнахо. Бразилин гулйина командин йукъахь 2004 шарахь Америкин кад баьккхинарг.
![]() | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йукъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йуьззина цӀе | Жулио Сезар Соарес Эспиндола | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1979 шеран 3 сентябрь[1][2] (45 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Дуки-ди-Кашиас, Рио-де-Жанейро, Бразили | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 186 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | кевнахо | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Клубан карьера
бӀаьра нисйанЖулио вина Рио-де-Жанейро штатехь, ткъа футболан карьеру йолийна «Гражау Каунтри» (Рио-де-Жанейрон гӀалин йист) клубехь, цигахь цуьнан бералла чекхйаьлира. Цул тӀаьхьа иза 6 шарахь левзира Рио-де-Жанейрора «Фламенгохь».
2004 шарахь Жулиос контракт дира Миланера «Интерца», амма легионерашна тоьхна доза бахьнехь, аренде велира «Кьево» команде, цунна йукъахь а цхьан матчехь ца левзира.
2005 шеран августехь, кхаа шеран контракт дина, Жулио арендера йухавирзира миланан «Интере». Клубан кортачу позицехь цуо хийцира Тольдо Франческо.
2010 шарахь Чемпионийн лига йаьккхира, цигахь уггаре дика кевнахо хилира.
2012 шеран августехь деа шарна ингалсан клубца «Куинз Парк Рейнджерсца» контракт дира. Ингалсан Премьер-лигера клуб арайаьлча, цхьаьна матчехь бен ца левзира.
2014 шеран 7 февралехь Жулио Сезар аренде вахара канадин клубе «Торонто», цӀахь хин йолчу 2014 шеран дуьненан чемпионатехь дика форма хилийтархьама. «Торонтохь» Сезаран дебют хилира 15 мартехь, ловзарехь толам баьккхира (2:1). 2014 шеран 25 июлехь аренда чекхйаьлла йухавирзира «Куинз Парк Рейнджерсе».
2014 шеран 20 августехь «Куинз Парк Рейнджерсо» контракт дохийра голкиперца, иза сихха дехьавелира «Бенфике», шина шарна контракт а дина.
2018 шеран 29 январехь Жулио Сезар цӀа вирзира шен «Фламенго». Оццу шеран 20 апрелехь кхайкхийра шен карьера чекхйаларх[3].