Со́бкин Влади́мир Самуи́лович (1948 шеран 10 сентябрехь, Москох, ССРС) — советийн а, российн а психолог. Психологин Ӏилманийн доктор, профессор, РДАн академик. РДА Урхаллин институтан Дешаран социологин центран куьйгалхо (2015 шо кхачале — РДА Дешаран социологин института директор). РФ Президентан дешаран областера совгӀатан лауреат (2002 шо). Россий Федерацин Ӏилманан хьакъдолу гӀуллакххо (2008 шо). Йукъара дешаран сийлахь белхало (2003 шо)

Собкин Владимир Самуилович
Собкин Владимир Самуилович
Собкин Владимир Самуилович
Вина терахь 1948 шеран 10 сентябрь({{padleft:1948|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (76 шо)
Вина меттиг Москох, ССРС
Пачхьалкх  ССРС Росси
ГӀуллакхан тайпа психолог
Ӏилманан кхоче Ӏилманан гӀуллакххо, публицист
Белхан меттиг
Альма-матер
Ӏилманан дарж доктор психологических наук
Ӏилманан цӀе профессор
СовгӀаташ а, премеш а
Сийлаллин орден — 2019
РФ Ӏилманийн Сийлахь гӀуллакххо (2008) Российн Федерацин Президентан совгӀат — 2002
Сайт iuorao.ru/pg_cso/

Вина 1948 шеран 10 сентябрехь Москохахь гӀуллакххочун доьзалехь. 1966 шарахь чекхйаьккхира Москохан № 315 йолу ишкол.

1972 шарахь чекхйаьккхира М. В. Ломоносовн цӀарах МПУ психологин факультет.[1]

1972 - 1974 шерашкахь Советийн Эскаран могӀаршкахь вара.

1974 - 1990 шерашкахь болх бира ССРС ПӀА Исбаьхьаллин кхиоран ӀТИхь, хьалха лахара, ткъ 1986 шарахь дуьйна — лакхара Ӏилман белхало Социологин талламийн лабораторехь (1974 - 1983 шш.). Оцу лабораторехь юолх бечу шерашкахь В. С. Собкина жигара дакъалецира социологин талламийн цикл йеш, иза лерина йара ишколхойн исбаьхьаллин корматаллашна. Царна кечйира цхьа могӀа ша-кепара методикаш, уьш хьажийна йара дешархойн литературин киаран тӀегӀанан диагностикин, зийра массийн социологин хеттаршкахь. Оцу талламийн материалашца 1982 шарахь В. С. Собкина чекхдаьккхира кандидатийн диссертации. 1983 шарахь В. С. Собкин дехьавелира «Кинон а, телевизионан а гӀирсашца ишколхой кхиоран» лабораторе. Кхузахь цуо МХГӀ ишколхойн йукъаметтиг Ӏаморан талламан тобанан куьйгалла дира. Оцу белхан жамӀаш охьадехкира, цуьнан редакцица арабаьллачу гуламехь («Телевизион а, ишкол а: социооьздангаллин а, психологин-педагогикийн анализан зиеделларг», 1989) а, тайп-тайпана журналашкахь зорбатоьхна йаззамашкахь а. 1988—1990 шерашкахь ССРС ПӀА ИКх ӀТИца нисса вара ССРС Дешаран а, Ӏилманан а пачхьалкхан комитетан ВНИКА «Школан» куьйгалхочун гӀовс, цигахь а куьйгалла дира педагогикин социологин лабораторехь.

1990 - 1992 шерашкахь болх бира ССРС ПӀА Педагогикин керлачуьнан центрехь, педагогикин социологин лабораторин куьйгалхочун даржехь, ткъа 1991 шарахь дуьйна — директоран гӀовс. Оццу муьрехь вара РФ Дешаран министраллин коллегин декъахо, РФ Дешаран министран хьехамча. Оцу даржехь волуш, вара РФ Дешаран министраллера Республикин дешаран социологин центр кхоьллинарг а, РФ Дешаран министраллин Социологин гӀуллакхан куьйгалла дира.

1993 шарахь хӀоттийра Российн дешаран академин Дешаран социологин центран директоран дарже (2008 шарахь РДА структура хийцар бахьнехь Центран цӀе хийцира Дешаран социологин институт аьлла, В. С. Собкин цуьнан директор лаьттира 2015 шо кхаччалц).

2015 шарахь дуьйна, РДАхь хийцамаш бар бахьнехь, Институтах хилира Дешаран социологин центр РДА Дешаран урхаллин институтан йукъахь. Оцу Центран куьйгаллехь Собкин В.С. хӀинца а ву.

2016 шарахь дуьйна Собкин В.С. РДА хаамийн-аналитикин центран куьйгаллехь ву. Собкин В.С. лаьттира кхолларан хьостехь, 10 шарахь сов (1993 - 2003 шераш), куьйгалла дира «Лакхара гуманитарин С.М.Дубновн цӀарахь ишкол» цӀе йолчу дешаран меттиган психологин факультетехь. 2011 шарахь дуьйна Собкин В.С. ву М.В.Ломоносовн цӀарах МПУ психологин факультетан Психологин а, стеган а кафедрин профессор.

1999 - 2008 шерашкахь Собкина куьйгалла дира (председатель вара) РДА Президиумера зиеран белхан Экспертан Кхеташонан. 2010 шарахь дуьйна вара Российн психологин йукъараллин этнопсихологин декъан председатель, 2016 шарахь дуьйна РПД театран педагогикин а, психологин а декъан председатель. «Вопросы психологии» (Психологин хеттарш), «Вопросы психического здоровья детей и подростков» (Берийн а, кхиархойн а психикин могашаллин хеттарш), кхин цхьа могӀа лерина арахецарийн журналийн редакцин кхеташонан декъахо ву. 1992 шарахь дуьйна, тахана а "Дешаран социологин белхаш" (арахецна 30-зза) серин редактор а, хӀоттийнарг а, автор а.

Публикацеш

бӀаьра нисйан

Ӏилманан белхан коьрта гуо: дешаран социологи; берийн, хенан, педагогикин психологи; исбаьхьаллин психологи; этнопсихологи; къамелан психологи; психологин истори.

700 сов Ӏилманан белхан автор, церан зорба тоьхна Россехь а, дозанал арахьа а. церан ладаме дакъа гочдина ингалсан, французийн, полякийн, жуьгтийн (иврит), португалхойн меттанашка.

ТӀаьхьарчу шерашкахь зорба тоьхна хӀара монографеш: «Дешаран хьолан социооьздангаллин анализ мегаполисехь» (1992) — арахецна АЦШ, «Лакхара классан дешархойн исбаьхьаллин гӀолин динамика» (1992), «Дахаран мехаллаш а, дешарца йолу йукъаметтигаш а: кроссоьздангаллин анализ Москох-Амстердам» (1994), «Лакхара классан дешархой политикин дуьненахь» (1997), «Хазар телхина кхиархо: мехаллин некъаш, дахаран планаш, социалан уьйранаш» (1997) — арахецна АЦШ, «Регионийн дешаран хьолан тайпанаш Российн Федерацехь» (1998), «Российн кхиархо 90-гӀа шерашкахь: кхераме зоне болам» (1998), «Берийн бешан кхиорхо: дахаран мехаллаш а, говзаллин некъаш а» (2000), «Кхиархо: виртуалалла а, социалан бакъдерг а» (2001) — арахецна АЦШ, «Доьзалехь кхиоран социологи: ишколал хьалхара хан» (2002), «Кхиархойн субоьздангаллера толеранталлин баланаш» (2003), «Толеранталла кхоллайаларан хенан башхаллаш» (2003), «Толеранталла кхиархойн а, кегийрхойн а хьолехь» (2004), «Кхиархо: виртуалалла а, социалан бакъдерг а» (2004), «Кхиархо: нормаш, кхерамаш, девиацеш» (2005), «Ишколал хьалхара кхиоран социологи» (2006), «Кхиархойн субоьздангаллин социооьздангаллин трансформацеш» (2006), «Хьехархойн лдм студент: дахаран а, говзаллин а кхане» (2007), «Хьехархойн йукъаметтиг Йукъара Пачхьалкхан Экзаменца (социологин талламан материалашца)» (2009), «Фильм «Чучело» («Мунда») хӀокху заманан ишколхойн бӀаьргашца» (2010), «Ишколал хьалхарчу бераллин социологи» (2013),


Хьажоргаш

бӀаьра нисйан