Соьлжа (гӀалгӀ. Шолжа-хий, оьрс. Сунжа[2]) — Къилбаседа Кавказан малхбален декъера эрк, Теркан аьтту га.

Соьлжа
гӀалгӀ. Шолжа-хий
Грозный река Сунжа.JPG Теркан бассейн
Амал
Дохалла 278 км
Бассейн 12 200 км²
Хи дайар 82,9 м³/с (БоргӀане)
ДӀаэхар
Хьост[?] Ушкорт[1].
 • Эрк долу меттиг Доккха Кавказан дукъ
Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородни кӀошт
 • Локхалла 1200 м
 • Координаташ 42°55′37″ къ. ш. 44°52′54″ м. д.HGЯO
Хикхоче Терк
 • Эрк чекхдолу меттиг э. БоргӀане (Гуьмсан кӀошт)
 • Локхалла 28 м
 • Координаташ 43°26′27″ къ. ш. 46°08′05″ м. д.HGЯO
Хин охьане 1,2 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регионаш Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийн Республика
Код  ПХР чохь 07020001112108200005420
Соьлжа (хи) (Кавказ)
Blue 0080ff pog.svg
хьост
Blue pog.svg
хикхоче
Commons-logo.svg Аудио, сурт, видео Викилармехь
Теркан бассейн
Сольжа эрк

Дохалла — 278 км, бассейнан майда — 12 000[3] км². Хьост — Доккха Кавказан дукъан къилбаседа басе 1200 м лакхахь. Хин даржаран юкъара барам 3800 г/м³: шарахь хино охьахьо 12,2 млн тонн латта а, гӀум а. Леладо аренашна хи дуьллуш.

Соьлжан некъНисъе

Соьлжа долало ломан Ушкорт массиверчу шешкара, цигара Учхутан ломан рагӀ йоькъуш, шина Сугулта а, Соьлжа-корт а ломан чӀоже кхочу. Кхин дӀа ГӀалгӀайчухула къилбаседехьа доьду 37 км гена. Эккажакъоьнгий-Юрт уллехь Соьлжа арадолу масех генца, 12 км охьадоьду Эльдархан-ГӀала кхаччалц. Кхузахь хи малхбалехьа доьрзий Закан-Юрта кхаччалц охьадоьду, ткъа цигара 85 км охьадахчи Терках кхета[4].

Хин ражНисъе

Соьлжан чохь хи даиман а шорта хуьлу. ЧӀогӀа а, дукха а догӀнаш даьхкичи хи дестий 4 м кхаччалц хьаладала таро ю. Хи деста апрель-май беттанашкахь, Ӏаьнан лайнаш дешачу хенахь а, алсама догӀнаш догӀучу хенахь а. XIX-XX бӀешерашкахь хи гӀорадора, дерриг аьлча санна, цхьаццанхьара хи чехка долу меттигаш йоцурш. Масалаш ду, оьрсийн эскарш шан тӀехула артиллерица а, безачу мохьца а Соьлжех довлуш[5], амма тӀаьхьарчу хенахь хи гӀорош дац, Кавказехь климат кӀадъялар бахьнехь.

Бахамехь пайда иэцарНисъе

XIX бӀешарахь нохчаша Соьлжин бердаш йисттера хьун хьокхий, бӀаьста хи дистича охьайохьуьйтура ГӀизлара йохка[6]. Соьлжан хи леладо аренашна хи дуьллуш, чӀара лоцуш.

ГеннашНисъе

Аьрру геннаш: Хьач-хи. Аьтту геннаш: Ӏасс, Валарг-хи, Гиха, Марта, ГӀой, Орга, Бас, Гумс.

Соьлжан тӀиера нах беха меттигашНисъе

Соьлжан тӀехь ю:

ФилателехьНисъе

 
«Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист». ССРС конверт. 1965 шо.
 
«Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист». ССРС конверт. 1972 шо.

БилгалдахаршНисъе

  1. Устаев А.Л. «География Чеченской Республики» 8-9 кл., Грозный, 2011, стр.20
  2. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  3. «Река Сунжа» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  4. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
  5. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
  6. Сулейманов, 1997, с. 543, 544.
  7. 1965 год. Теллина 2019 шеран 12 февралехь.
  8. 1972 год. Теллина 2019 шеран 12 февралехь.

ЛитератураНисъе