Стеган культ (инг. a cult of personality) автократин лард ю. Стеган культ- къаьстина цхьа стеган (дукхахьолехь пачхьалкхан гӀуллакххочун) сийлахь вазвар ду. Стеган культ кхоллало цхьа адамо я пачхьалкхан рожо массийн хаамийн информацин а, пропагандин а гӀирсаш лелайо баьччан сийлалла гайта.

Сталин тӀехь волу плакат, Советийн Азербайджан, 1938 шо