Страбон
Страбо́н (шир.-желт. Στράβων; вайн эрал 64/63 шо хьалха — 23/24 шо кхаччалц) — Руман Желтойчоьнан антикин историк а, географ а. «Историн» (ца йисина) а, 17 жайнехь дерриг аьлча санна йисина «Географин а автор», иза шира дуьнен Ӏаморан географин хьост ду.
Страбон | |
---|---|
шир.-желт. Στράβων | |
Вина терахь | гергга 63 в. э. хьалха[1] |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | хьалха доцуш 21, тӀаьхьа доцуш 24 |
Кхелхина меттиг | |
ГӀуллакхан тайпа | географ, историк, философ, йаздархо |
Ӏилманан кхоче | Географи |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанСтрабонан схьавалар Амасера дара, иза понтийн паччахьийн резиденци йара; цуьнан доьзал Митридат VI-гӀачун уллера гуонера бара. Страбонан ден ден да оцу паччахьан тӀемабаьчча хилла, ткъа кхин гергарниг Коммагенехь цӀу вара. Амма Страбонан нена да, чӀиро Ӏехийна, румхойн агӀор а ваьлла дӀайелла 15 паччахьан гӀап. Ша Страбона, руман цӀаро ма-гайттара, руман гражданаллайолуш вара, цуьнан доьзална иза йелира Гней Помпейс.
Жима волуш Страбон дас риторике а, грамматике а деша хьажийра Аристодем волчу Ниссе. Аристодем гергара вара стоикан Посидонийн, тарло Страбонан цуьнан лекцешка ладогӀа таро хила хилар[3]. В последующем географ будет с восхищением вспоминать Посидония. Это «самый ученый философ нашего времени», — пишет он в своей «Географии»[4].
Географан кхин хьалхара хьехархо а, иракарахӀотторг а хилла пергамин ишколан грамматик а, географин къинхьегамийн автор а волу Тираннион. Пергамин ишкол, искандарийниг санна, доггаха гомеран поэмашна маьӀна деш йара; оцу поэмера географин цӀераш кхеторах лаьттара шира желтойн географи. Страбона дийшира аристархан, аьлча а искандарийн тӀаьхьенан ишколан Аристофан волчохь, цуьнгара, тарло, вевзина гӀараваьлла искандарийн географ Эратосфен а, цунна Гомер поэт санна гар.
Страбонан кхин хьехархо вара перипатетик Ксенарх. Аристотелан тӀаьхьабозучеран интерес йара географин, шайн хьехархох царна кхечира оцу предметера цхьацца йукъара хьелаш кхечира.
Уггаре боккха Ӏаткъам Страбонна бора стоикаша шайн реалан-этикин гомеран поэмех кхетарца. Оцу агӀор Страбонна гергара куц дара Полибий. Полибийн сочинени Страбона кхин дӀа тойира шуьйрачу историн къинхьегамехь «Историн йозанаш», уьш 43 жайна дара: руман историн хиламаш, Карфаген йохайаран тӀера (Вайн эрал 146 шо хьалха), Акциумера тӀом (вайн эрал 31 шо хьалха) кхаччалц.
Жима а, къона а волуш Страбона дикка некъ бина ойкуменин йевзачу меттигашкахула, ткъа Желтойчохь гина румхоша йохийна гӀаланийн саьлнаш.
Руме Страбон дуьххьара веира вайн эрал 44 шо хьалха, йехачу хенахь вехира цигахь, руман лакхара йукъараллин йукъа воьдура. Дуьненан коьртачу шахьрахь цунна карийра Церерин килс, цунна чухӀоттадора гӀарадаьлла сурт Аристида Дионисан суьртаца[5]. Килс йерриг реликвешца йегира вайн эрал хьалхара 31 шарахь.
Вайн эрал 44 шо хьалха Страбона некъ бира Искандаре,новкъахь, Африкин бердашца, хӀордан чухула воьдуш гира Кирена. Искандерехь цуо оцу хенахь гӀарабаьлла хилла некъ бира Нил чухула Эфиопин дозане кхаччалц. Цуьнан маршрут чекхболура Гелиополехула, Мемфисехула, Пирамидашкахула, Меридан Ӏам тӀера Арсинойхула, Фивашкахула, Сиенехула, Пилаш гӀайренан тӀехула, Эфиопин дозанехула[6].
Шен белхашкахь Страбона иштта масийттаза хьажавора шел хьалха ваьхначу Эфесан Артемидоран белхе.
Страбона сиха ца йаьккхира сийлалла; тӀаккха а алсама тӀаьхьара ширалло лакхара леерам бора цуьнан географан санна, Страбона чӀапа горгал цхьацца хийцамашца йисташкахула лаьттира V бӀешо кхаччалц
Географи
бӀаьра нисйанВайга йерриг аьлча санна кхаьчна Страбонан «Географи» (шир.-желт. Γεογραφικά), — цхьаъ бен йоцу оцу хенахь географин Ӏилма хӀун йу кхетам ло сочинени йу, цуьнца цхьаьна йовзуьйту хьалхара Ӏилманан истори, цуьнан тай-тайпана агӀонаш. Страбонан «Географин» дерриг 17 жайна дерриш аьлча санна дисина.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Страбон. География / пер. с др.-греч. Г. А. Стратановского, под ред. О. О. Крюгера, общ. ред. С. Л. Утченко. — М.: Ладомир, 1994.
- Страбон. География. — М.: «Наука», 1964.
- Страбон, греческий географ // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 Strabo (инг.) // Encyclopædia Britannica: a dictionary of arts, sciences, literature and general information / H. Chisholm — 11 — New York, Cambridge, England: University Press, 1911. — Vol. 25. — P. 973.
- ↑ Любкер Ф. Strabo // Реальный словарь классических древностей по Любкеру / под ред. Ф. Ф. Зелинский, А. И. Георгиевский, М. С. Куторга, Ф. Гельбке, П. В. Никитин, В. А. Канский, пер. А. Д. Вейсман, Ф. Гельбке, Л. А. Георгиевский, А. И. Давиденков, В. А. Канский, П. В. Никитин, И. А. Смирнов, Э. А. Верт, О. Ю. Клеменчич, Н. В. Рубинский — СПб.: Общество классической филологии и педагогики, 1885. — С. 1317—1318.
- ↑ Афиней, Пир семи мудрецов, XIV, 75
- ↑ География XVI 2,10
- ↑ География VIII, VI, 23
- ↑ Страбон. География / пер. с др.-греч. Г. А. Стратановского, под общей редакцией С. Л. Утченко. — Ленинград: Наука, 1964. — С. 777. — 944 с.