Стромп Франсишку (порт. Francisco Stromp; 1892 21 май, Лиссабон, Португали1930 1 июль, Лиссабон, Португали) — Португалин футболист, лиссабонан «Спортинг» кхоьллинчех цхьаъ а, хьалхара коьрта тренер а, кхин а клубан вице-президент. Дешарца а, тӀеман гӀуллакхца а, 1910 шеран революцел тӀехьарчу хиламашкахь дакъа лацарца а, банкан гӀуллакхехь болх барца а бахьнехь йукъа хан юлийтуш, Стромп левзира «Спортинг» йукъахь 16 шарахь, аьтту ахтурслон а, тӀелатархочун а позицешкахь

Футбол
Стромп Франсишку
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Стромп Франсишку
Вина терахь 1892 шеран 21 май({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Вина меттиг Лиссабон, Португали
Кхелхина терахь 1930 шеран 1 июль({{padleft:1930|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (38 шо)
Кхелхина меттиг Лиссабон, Португали
Гражданалла Португалин байракх Португали
Позици ахтурсло
Клубан карьера[* 1]
1908—1924 Португалин байракх Спортинг (Лиссабон) 107 (14)
Тренеран карьера
1916—1917 Португалин байракх Спортинг (Лиссабон)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Биографи нисйе бӀаьра

Хьалхара шераш а, «Спортинг» кхоллар а нисйе бӀаьра

Стромп Франсишку вина Лиссабонехь, амма кхо шо долуш лоьраш цӀена хӀаваъ деза кӀантана аьлла гӀалара араваьккхина, Лумиар олучу меттиге кхалхийра, цигахь иза кхиира. Циггахь доттагӀалла тасаделира шен хин волчу компаньонца, виконт ди Алваладе кӀентан кӀентаца Алваладе Жозеца. Дийшира Франсишкус Камоишан лицейхь (Escola Secundária de Camões), цул тӀаьхьа – Лакхара техникин институтехь (Instituto Superior Técnico) инженерийн курсашкахь. ТӀаьхьарчу дешаран меттигехь Стромпан марзйелира футбол; ткъа дукха хан йалале дагадеира футболан клуб кхолла. Шеца цхьа ойла йолчаьрца и ойла кхочуш йира: 1906 шеран 12 апрелехь дуьненан тӀейаьлира футболан клуб «Кампу-Гранди» (Campo Grande Football Club), и цӀе тиллира португалин коьрта шахьран кӀоштан сийнна. Дукха сиха гучуделира, тайп-тайпана футболан клуб кхоллархошна Ӏалашо гуора шен кепара: цхьаболчара лорура спортан клубан институт политикин клубан уггаре дика, цуьнан хьалхара Ӏалашо – йукъараллин гӀуллакхашкахь дакъа лацар (политикин хьал оцу хенахь чӀогӀа ирделла дара: Португали йара революцин сенан тӀехь), кхечеран Ӏалашо спорт бен йацара. Тайп-тайпана ойланаша кхин хаттарш кхоьллира, масала, клубан штаб-квартирин меттиг. Декъадалар ца хилчи ца делара: «Кампу-Грандин» 18 кхоллархо 14 тӀиера 22 шо кхаччалц болу, коьртехь 14 шо долу Стромп Франсишку а, 21шо долу Алваладе Жозе а волуш, вежарийн ГаваццогӀеран Ӏаткъам болуш, декъара бевлира оцу гӀуллакх йукъара, виконт ди Алваладес финансийн гӀо дийр ду аьлла, цара кхоьллира кхин цхьа клуб, хӀинца еккъа спортан амалан. Билгал ца даьккхича ца долу, хьалхалера еккъа футболан профиль йита сацам бира: керла клубан ойлан йукъа йахара футбол а, теннис а, крикет а, кхин а гимнастика, фехтовани, бецан тӀиера хоккей, машшаш дӀасаийзор. 1906 шеран 1 июль лору дуккха профилан спортан клуб «Спортинг» (Sporting Clube de Portugal) официалан кхолларан терахь. Шина эзар реалан тӀе виконт ди Алваладес делира клубан спортан объекташ йан шен цхьаьна фермера латта, ткъа ша хилира ассоциаци йина протектор, цул тӀаьхьа директорийн кхеташонан председатель а, сийлахь президент а.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра