Сулейман Стальский
Сулейма́н Ста́льский (бакъалла фамили — Гасанбеков, лаьзг. СтӀал Сулейман; 1869 шеран 18 май — 1937 шеран 23 ноябрь) — лаьзгиийн поэт, лаьзгийн а, дегӀастанан а поэзин бухбиллинарг, XX бӀаьшеран ДегӀастанан гӀарваьлла поэт, ДегӀастанан АССРн Къоман поэт (1934). Шен байташ цо йазйора лаьзгийн маттахь[3][4].
Сулейман Стальский | |
---|---|
Вина терахь | 1869 шеран 18 май[1][2] |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь: | 1937 шеран 23 ноябрь[2] (68 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
ГӀуллакхан тайпа: | поэт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанСулейман Стальский вина 1869 шеран 18 майхь ДегӀастанан Кюрински округан Ашага-Стал йуьртахь (цигара йу цуьнан Стальский цӀе) къен йурхбахамхон доьзаллехь. Цуьнан нана хьалхе йелла. 7 шо кхаччалц иза кхиина лулара зудчос. Цунна 10 шо кхаьчча цуьнан да кхелхира. 13 шо кхаьчча Сулейман болхбан волавелира. Цо болхбира Бакухь мехкдаьтта доккхуш а, Самаркандехь эчиг некъехь а, хьалдолчу нехан белхаш а бира. Шен халчу дахар бахьнехь цунна дуьнен хьал дика девзира. Сулейман нахана вевзира дика поэт-импровизатор ву аьлла. 1909 шарахь цо шеца къовсабала кхайкхира кхиболу халкъан эшархой.
Стальский байташ йазйан волавелира вокха хилчултӀехь. Шен дуьххьара байташ Сулейман Стальскийс йазбира азербайджанин маттахь[5]. «ХӀрш йу сан книгаш, — олура Сулейман шен йуртхойх, — цера кортошчохь йу массо аса йазйина байт». «Керла эшар йу шуна!» — мохь тухур цо шен юртхошка ша керла байташ кхоьллича. Таккха цуьнан йуртхой цунна гонах гуллора керла эшаре ладогӀа.
Цуьнан хьалха байт арайелира 1900 шарахь. Революци хиллалц цо сисазбохура халкъан азап латтошберш[6]. Паччахь дӀавеллчаултӀехь цуьнан байташ йолира газеташкахь арахеца. 1927 шарахь цуьнан байташ арайелира Москвахь арахецна «Лаьзгийн поэтийн гулам» цӀе йолу книгехь.
Цуьнан байташ оьрсийн матта а йохуш арахоьцара «Правда» а, «Известия» а газеташкахь.
В книге «Жизнь, прожитая набело» Наталья Капиева шен книгехь йаздира: «ГӀарваьлла лингвист Гаджибек Гаджибеков дӀайазйора Стальскис юцу 1900 шо дуьна цо йазйина байташ. Йоза дахлора массийта сохьтехь. ЦкъацӀа дийнахь сарралц. Сулейманан дагахь хаьара шен байтийн эзарш могӀаниш».
Сулейман Стальски байташ СССР къамнийн дукха меттанашка йаьккхира. Цхьайолу цуьнан байташахь эшараш хилира.
Стальский хаьржира советский йаздархойн 1-ра Йерригсоюзан гуламан делегат. Горькийс йаздархойн 1-ра гуламехь элира Сулейман Стальский «XX-гӀа бӀаьшеран Гомер ву».
Сулейман Стальскийс кхоьллина байтийн мотт хилла лаьзгойн поэзин мотт, цуьнан дийцарш йукъадахара лаьзгойн матте[6]. Амма поэзи цуьнан болх бацар — иза шен йуьртан колхозхо вара. Валлалц цо шен йуьртахь болхбира.
1934 шарахь ДегӀастанан АССРн ЦИКс иза ДегӀастанан Халкъан поэт вира. X-гӀа ЙерригдегӀастанан Советийн гуламехь иза хаьржира ДагЦИКан декъашхо. 1936 шарахь цунна йелира Ленинан орден. 1937 шарахь иза хаьржира СССР Лакхара Советан Союзан Советан депутат. Амма шен дарже и валале и велира.
Сулейман Стальский цӀе тиллина:
Сулейман Стальский байташца йаьккхина «Коммунизм» проектан альбом. Иза арайелира 1988 шеран мартехь. Цун тӀехь мелйолу эшаран байташ йазйина Сулейман Стальскийс.
Иза велира 1937 шеран 23 ноябрехь, дӀавоьллина Махачкалахь, Сулейман Стальский бульварехь.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Ленинан орден (1936)[6]
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйан- Махачкалахь Сулейман Стальский бульварехь хӀоттийна цуьнан бюст.
- 1969 шарахь Стальскийн лерина арахаьцна почтан марка.
- 1957 шарахь Бакун киностудехь Сулейман Стальскех лаьцна йаьккхира «Так рождается песня» цӀе йолу художественный фильм.
- «Сулейман Стальский» — «Коммунизм» проектан 2-гӀа альбом. Цунна йукъайахара Сулейман Стальский байташца кхоьллина эшарш.
- Дагестанан Сулейман-Стальский кӀошт
- Сулейман Стальский цӀе йолу Республиканскан литературин совгӀат
- Сулейман Стальский цӀе йолу лЛаьзгийн эшаран а, драман а театр
- Стальское юрт
- Дукха Дагестанан а, Российн а, СНГн а гӀаланашкахь урамаш (Ростове-на-Дону, Киев, Омск, Донецк, Тула, Элиста, Кинешма, Шостка, Волгоград, Новороссийск, Алматы, кхиераш а).
- 92-040 проектан сухогруз (тип Амур), хьалхлера цӀе «Амур-2511» (Астрахань).
Билгалдахараш
бӀаьра нисйан- ↑ Сулейман Стальскі // Беларуская энцыклапедыя: У 18 т. Т. 15: Следавікі — Трыо (белор.) — Мінск: Беларуская Энцыклапедыя імя Петруся Броўкі, 2002. — С. 262. — 552 с. — ISBN 985-11-0251-2
- ↑ 1 2 3 Сулейман Стальский // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
- ↑ Люциан Ипполитович Климович. .
- ↑ Кедрина З.С. .
- ↑ Гамзатов Г. Г. .
- ↑ 1 2 3
{{cite news}}
: Пустой шаблон цитирования (справка)
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Сулейман Стальский // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.