Таравихь

Рамазан беттан буьйсанашкахь бусалбанаша деш долу ламаз
(Таравихь ламаз тӀера хьажжина кхуза)
                              

Тара́вихь (Ӏаьр. التَّرَاوِيح‎‎, Таравихь-ламаз йа Терхь-ламаз (Ӏаьр. ِصَلاةُ التَّراوِيح‎‎), ГӀаттар-ламаз (Ӏаьр. ِصَلاةُ القِيَامِ‎‎)) — иза Рамазан баттахь пхьуьйра-ламаз динчул тӀаьхьа деш долу суннат-ламаз ду, цуьнан хан лаьтта Ӏуьйра-ламазан хан хила дукха хан йоцуш.

Таравихь ламаз

ЦӀе нисйе бӀаьра

Иза Рамазан беттан буьйсанашкахь жамаӀатца деш долу ламаз ду. Таравихь «тарвихьат» (تَروِيحَةٌ) бохучу цӀердешан дукхаллин терахь ду, цуьнан гоч «садаӀар» бохург ду. Цунна и цӀетиллина, хӀунда аьлча бусалбанаш дуьххьара и дан гулбелча, шозза салам делча цара садоӀуш хилла дела. Аль-Хьафиз ибн Хьажара ма-аллара: «Иштта и (таравихь-ламаз) девзаш ду “Рамазан-гӀаттар” аларца».