Тартун университет

ХӀокху версин 8 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 28 август).

[[Файл:|мини|Тартун университет 2021]] Тартун университет (Дерптан, нем. Universität Dorpat (1802—1893), Юрьевн (1893—1918)[1]; эстон. Tartu Ülikool (1918 шарахь дуьйна)) — ширачех лакхара дешаран меттиг Тартухь (Эстони). Университет йукъайоьду Европин Утрехтан маша а, Коимбран тоба а университетийн ассоциацин.

Тартун университет
сурт
Хьалхара цӀе Academia Gustaviana,
University of Dorpat/Yuryev,
Tartu State University
Кхоьллина шо 1632
Тайпа къоман университет
Ректор Тоомас Ассер
Студенташ 12970
Бакалавриат 7866
Магистратура 5104
Докторантура 1258
Профессорш 190
Лаьтта меттиг  Эстони: Тарту
Кампус ГӀалин
Юридически адрес Ülikooli 18, 50090 Tartu, Eesti
Сайт http://www.ut.ee/ru
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Шведийн мур

бӀаьра нисйан

1632 шарахь шведийн паччахьо Густав II-гӀачо Адольфа Ливони махкахь кхоьллина Academia Gustaviana. Иза хилира Швецехь (Уппсалан университетал тӀаьхьа) шолгӀа университет — Universitas Gustaviana. Академин дуьххьарлера ректор, паччахьа Густав II-гӀачо Адольфа, хӀоттийра шен хьехархо а, устаз а волу, Ливонин, Ингрин, Карелин инарла-губернатор Шютте Юхан. XVIII бӀешарахь, Эстлянди Россех тоьхча, дӀаелира.

Российн мур

бӀаьра нисйан

Остзейн олаллин озабезам беш волу Императора Павел I-чо, университетан проект меттаха йаьккхира оцу мехкана. Билгалъйаьккхинчу шина гӀалех — Митавех а, Дерптах а — хаьржира тӀаьхьарниг: Дерпт, билгалйоккхура элийн комиссис докладехь, «лаьтта кхаа губернин йуккъехь — Лифляндин, Курляндин, Эстляндин; лаьтта екъачу меттигехь, ткъа Митавин гуонаха уьшалаш ду; леладо оьрсийн нахарташ а, ассигнацеш а, цул совюург йораха а ю»[2]. Император Александр I-чуьн паччахьаллехь Доьшийла кхуллу комиссис Дерптехь университет йилларан болх чекхбаьккхира, цуьнан план тӀеэцна яра Павел I-чо 4 (15) майхь 1799 шарахь.

 
ССРС поштан марка, арахецна 1952 шарахь Тартун пачхьалкхан университетан 150 шо кхочуш

Императоран Дерптан университет даздарца дӀайиллира 21 апрелехь (3 майхь1802 а, 22 апрелехь (4 майхь1802 а шарахь, ткъа лекцеш йолаелира 1 (13) майхь 1802 шарахь. 12 (24) декабрехь 1802[3] шарахь Александр I-чо куьг йаздира «Дерптера императоран университетан сацаман акт», цуьнца хӀазнан тӀедиллира университетан оьшург латтор, ткъа куьйгалла дӀаделира Халкъан серлонан министралле. И де хӀора шарахь даздо университет йиллина де санна.

Дерптан университетан устав чӀагӀдира Александр I-чо 12 (24) сентябрехь 1803 шарахь[4].

Остзейн баронаша проект йина дешаран меттиг, российн университетан системехь, хилира «башха». Дерптан университет хьехархойн а, дешархойн а хӀоттамца немцойн яра, хьехам бора немцойн маттахь. XIX бӀешо чекхдолуш Балтикайистан бахархойн ладаме декъан йукъахь, дукхаха берш дешна чкъор, оьрсийн мотт баьржира, балтикайистан немцой факт йолуш ши мотт буьйцуш хилла. Александр III-гӀачо лело оьрсашкахьара политикин хьолехь Дерптан университетехь хьеха долийра оьрсийн маттахь.

1893 шарахь юьззина оьрсийн матте ерзийра Дерптан университет, цуьнан цӀе хийцира Юрьевн университет аьлла, Дерптан шира оьрсийн цӀерах — Юрьевх[5].

Эстонин мур

бӀаьра нисйан

1918 шарахь германин интервенцин кхерам бахьнехь хьехархойн а, студентийн а дакъа кхалхийра Воронеже, цигахь кхоьллира Воронежан пачхьалкхан университет Императоран Юрьевн университетан бух тӀехь.

1919 шарахь университетан курсаш еша йолийра эстонин маттахь.

Структура

бӀаьра нисйан

Университетан структурин йукъайоьду институташка а, колледжашка а екъна 4 факультет[6]. Декъадаларан доккъаха долу дакъа лаьтта Тартухь, амма университетан кхин а кампусаш ю Нарвехь, Вильяндехь, Пярнухь. Цул сов, Таллиннехь ю университетан вакилат, Бакъонан ишколан офис, Эстонин хӀордан институт.

Говзаллин а, гуманитарин Ӏилманийн а Социалан Ӏилманийн а Медицинин ӀаламӀаморан а, технологийн а
Теологин а, динӀаморан а ишкол Бакъонан ишкол Биомедицинин а, трансляцин медицинин а институт Эстонин хӀордан институт
Историн а, археологин а институт Экономикин а, бизнес-администрированин а ишкол Доьзалан медицинин а, йукъараллин могашаллаӀалашъяран а институт Физикин институт
Эстонин а, йукъара а лингвистикин институт Социалан талламийн институт Фармацин институт Химин институт
Философин а, семиотикин а институт Дешаран институт Клиникин медицинин институт Молекуляран а, клеткин а биологин институт
Оьздангалла а, говзалла а талларан институт Психологин институт Стоматологин институт Технологийн институт
Арахьара мехкийн меттанийн а, оьздангаллин а колледж Политикин талламийн Шютте Юханан цӀарах институт Спортан Ӏилманийн а, физиотерапин а институт Экологин а, Дуьненах лаьцна Ӏилманийн а институт
Вильяндин оьздангаллин академи Нарвин колледж Компьютерийн Ӏилманийн институт
Пярнун колледж Математикин а, статистикин а институт

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Юрьевский университет // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. Ферлюдин П. 1 // Исторический обзор мер по высшему образованию в России. Академия наук и университеты. — 1894. — С. 166.
  3. И. М. Соловьев Русские университеты в их Уставах и воспоминаниях современников. — СПб.: Книгоиздательство «Энергия», 1913. Вып. 1. Университеты до эпохи шестидесятых годов
  4. Сухомлинов М. И. Материалы для истории образования в России в царствование императора Александра I // Журнал министерства народного просвещения. — 1865. — Т. 10. — С. 52.
  5. «МЕГАЭНЦИКЛОПЕДИЯ КИРИЛЛА И МЕФОДИЯ»
  6. Structure and Staff (инг.). www.ut.ee. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 март.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан