Ас-саламу Ӏалайкум

исламехь маршаллахаттар
(Таслим тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 9 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2016, 29 апрель).

миниӀаьрбийн каллиграфица «Ас-саламу Ӏалайкум»

Ас-сала̄му Ӏалайкум (Ӏаьр. السَّلَامُ عَلَيْكُمْ‎‎ — «салам-маршалла хуьлда шуна») йа самӀалат (السَّمْعَلَة‎)[1], дуьззина дешнаш ас-саламу Ӏалайкум ва рахьматулла̄хӀи ва барака̄тухӀ (السَّلَامُ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَةُ اللهِ وَبَرَكَاتُهُ‎ — «салам-маршалла хуьлда шуна, Делан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а») — иза ислам динехь маршаллахаттар ду, дерриг а дуьненахь бусалбачара а, иштта Ӏаьрбийн мотт буьйцучу жуьгташа а, насараша а лелош ду иза. Ткъа цунна дуьхьал жоп луш олу ва Ӏалайкумус-сала̄м (‏وَعَلَيْكُمُ السَّلَامُ‎ — «шуна а хуьлда салам-маршалла»).

Ас-саламу Ӏалайкум дешнаш Ӏаьрбийн йаздар
Ас-саламу Ӏалайкум алар
Ва Ӏалайкумус-салам алар

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. "النحت".. لهجة الدير في الاختزال والاختصار (Ӏаьр.). www.esyria.sy. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 19 июль.