ТахӀажжуд
суннат-ламазех цхьаъ
ТахӀажжуд (Ӏаьр. التَّهَجُّدُ), ТахӀажжуд-ламаз йа Ӏуьйкъа-ламаз (Ӏаьр. صَلَاةُ التَّهَجُّدِ) — иза суннат-ламазийн дакъойх цхьа дакъа ду. ТахӀажжуд ламазан хан дӀайолало пхьуьйр-ламаз динчул тӀаьхьа, Ӏуьйр-ламаз хан хиллалц лаьтта иза. Иза шена луучо 2 йа 8 йа 12 ракӀат до [1]. Дукхахьолахь 2 ракӀат масех ламаз до.
МаьӀна а, даран хан а
бӀаьра нисйанТахӀажжуд бохург «сема хилар» бохург ду, ткъа иза наб йитар ду. Цуьнах лууш дерг: набйинчул тӀаьхьа ламаздар ду буьйсанна йа Ӏуьйкъанна. Пхьуйр-ламаз динчул тӀаьхьа, набйалале хьалха дӀадолалуш долчу буьйсанан ламазах «Салатул-Къиям» (Буьйса-ламаз) олу, ткъа набйинчул тӀаьхьа деш долчу ламазах «Салатут-ТахӀажжуд» (Тахӏажжуд йа Ӏуьйкъа-ламаз) олу.
Хьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ Аз-ЗухӀайли В. Аль-фикъхӀул-ислами ва адиллатухӀ. В 11 т. Т. 2. С. 1064.