ТашаххӀуд (Ӏаьрб. Ӏаьр. تشهد‎‎ — тешалла) я Ат-Тахьийат (Ӏаьрб. Ӏаьр. التحيات‎‎‎‎ — маршалла) — ламаз, иза доьшу ламаз дечу хенахь, шолгӀа сужд динчул тӀаьхьа а, тӀаьххьарчу ракӀатехь а.

Ӏаьрбийн текст: اَلتَّحِيَاتُ مُبَارَكَاتُ الصَّلَوَاتُ الطَيِّبَات لله، السلام عليك أيها النبي ورحمة لله وبركاته، السلام علينا و على عباد الله الصالحين، أشهد أن لا إله إلا الله، وأشهد أن محمد رسول الله

Транскрипци: Ат-Тахьийату мубаракату салавату тӀаййибату лиллахӀи, Ас-саламу Ӏалайка, аййухӀа набиййу, ва рахьматуллахӀи, ва баракатухӀу, Ас-саламу Ӏалайна, ва Ӏала ӀибадиллахӀи салихьина.

АшхӀаду ан ла илахӀа иллаллахӀ, ва ашхӀаду анна Мухьаммадан расулуллахӀ. АллахӀумма салли Ӏала Мухьаммад, ва Ӏала али Мухьаммад.

Гоч: Массо лерам а, массо беркат а, ламаз а, дика гӀуллакх а АллахӀан ду, Салам-маршал хуьлда хьуна, хӀай пайхамар, Делан къинхетам а, беркат а, Салам-маршал хуьлда тхуна а, Дела реза волчу лайшна а. Ас тешалла до, цхьа а дела вац, АллахӀ воцург, ас тешалла до, Мухьаммад — Делан Элча ву. ХӀай АллахӀ-дела, декъалве-хь Мухьаммад а, Мухьаммадан цӀийн-охӀланна нах а.