Телевизионан маша
Телевизионан маша (инг. Television network) — меттигера телестанцийн а, кабелан телевизионан провайдерийн а ненан компанин телевизионан программаш яржоран коммуникацин маша. ДезткъолгӀа шерашна юккъе кхачале дуьненан дукхаха йолчу пачхьалкхашкахь алсама яра кегийра шуьйрахаамийн машанаш , хӀунда аьлчи оцу хенахь кабелан телевизион иштта кхиина йацара[1]. Дукхаха болу шира телемашанаш кхоллабелла радиомашанех, масала BBC, NBC я CBC.
АЦШхь ширачех ю NBC, болх беш ю 1938 шарахь дуьйна, ткъа CBS а, ABC болх бан йолаелла 1940-гӀа шераш дуьйлалуш[2]. Уггаре доккха кхаа канало оцу хенахь дуьйна латтабо шен регионан станцешна-накъосташна ладаме барам телевизионан программаш, царна юкъахь керлачеран арахецараш, прайм-тайм, дэй-тайм, спорт гайтар, амма оццу хенахь юьту царна дикка хан меттигера а, ткъа иштта синдикаци йина а программаш. 1986 шарахь боккхачу кхаа машан тӀекхийтира керла маша Fox, амма шел а хьалха хиллачаьрга хьаьжча машано хӀиттайора шина сахьтан прайм-тайме программаш, ткъа ерриг йисина хан дӀалора меттигерчу станцешна[3]. 2006 шарахь кхоьллина жима машано The CW, хӀиттайо Fox компанел кӀезиг программаш, ара ца хоьцу прайм-таймехь итт сахьт даьлчий бен, ткъа ерриг йисина хан дӀало меттигерчу партнерашна, цара юзу контента синдикаци йина эфиран хан. Коммерцин боцу PBS машано иштта болх бо меттигера партнерийн гергарлон хьесапца, амма йоккха йиъ компанех къаьсташ церан йац гайтаран луьра программа, контент эфире йолу хенан раж лелайо меттигера станцеш.
Кхин а хьажаНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Mitchell Stephens History of Television. Grolier Encyclopedia. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 28 январехь. Теллина 2013 шеран 10 январехь.
- ↑ National Broadcasting Company. Museum of Broadcast Communications. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 28 январехь. Теллина 2013 шеран 10 январехь.
- ↑ Daniel M. Kimmel. The Fourth Network: How Fox Broke the Rules and Reinvented Television. — Fox Broadcasting Company, 2004. — ISBN 1-56663-572-1.