Топчибашев Ӏалимардан-бек

ХӀокху версин 7 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 31 март).

Топчиба́шев Ӏалимардан-бек Алекпер охӀли (азерб. Əlimərdan bəy Ələkbər oğlu Topçubaşov, 1863 шеран 4 майхь(18630504), Тиблиси1934 шеран 8 ноябрехь, Париж) — азербайджанан йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, юрист а, журналист а, Российн хьалхарчу Пачхьалкхан думин депутат (1906), Азербайджанан Демократин Республикин парламентан председатель (19181920).

Топчибашев Ӏалимардан-бек
азерб. Əlimərdan Ələkbər oğlu Topçubaşov
Топчибашев Ӏалимардан-бек
Топчибашев Ӏалимардан 1909 шарахь
Азербайджанан Демократин Республикин парламентан председатель
 — 1920 шо 27 апрель
Хьалха хилларг Дарж йукъадаьккхина
Когаметтаниг Дарж дӀадаьккхина
Азербайджанан Демократин Республикин арахьара гӀуллакхийн министр
 — 1918 шо 7 декабрь
Хьалха хилларг Гаджинский Маммед Хьасан
Когаметтаниг Хойский ФатӀали Хан
Дин суннизм
Вина терахь 1863 шеран 4 май({{padleft:1863|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттиг Тиблиси, Тиблисин губерни
Кхелхина терахь 1934 шеран 8 ноябрь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (71 шо)
Кхелхина меттиг Париж
ДӀавоьллина
Да Алекпер-бек Топчибашев
Зуда Пери Гасан-бек кызы Топчибашева
Бераш Рашид бек Топчибашев, Ali Akber bey Topchibachi
Парти
Дешар Петарбухан императоран университет
Динлелор Ислам, суннийн кхетам
Автограф Автографан сурт
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Топчибашев Ӏалимардан-бек вина 1863 шеран 4 майхь(18630504) шарахь[2] Тиблисехь. 1884 шарахь чекхйаьккхира Тиблисера I гӀалин гимнази, деша хӀоьттира Императоран Петарбухан университете историн-филологин факультете Кавказан стипендица, амма хьалхара семестр чекхйаьлча стипенди а дитина, дехьавелира юридически факультете. 1888 шарахь чекхйаьккхира университет, цунна йелира бакъонан кандидатан тӀегӀа. Болх бира машаре суьдхочун гӀоьнча а, гуонан суьдан секретарь а, хьийхира Тиблисин латтадустаран доьшийлехь. Бакоха кхелхира, цигахь тешаме векал болх бира.

 
Гаспринский ИсмаӀил, Зардаби Хьасан-бек, Топчибашев Ӏалимардан-бек. Бакох, 1894 шо

Топчибашев хилла хӀора дийнахь арадолу Бакохан Махлелоран-Промышленностан Кехат газетан редактор, иза арахоьцуш дара Бакохахь 1888 шарахь дуьйна[3]. 1898 шеран 24 июнехь иза хӀоттийра Бакохахь арахоьцучу «Каспий» газетан редактор[4]. Тайп-тайпанчу шерашкахь хилла «Бакох» а, «Хаят» («Дахар») а газетийн редактор. Хьаьржира Бакохан гӀалин Думин спикер, гӀалин доьшийлин комиссин а, Мариински зударийн гимназин а, Бакохан коммерцин доьшийлин а, Бакохан бусалбанийн зударийн ишколан а Ӏуналлин кхеташонан йукъахь вара.

1905—1907 шерашкара революцийн заманашкахь дакъалецира 1-ра Йерригроссийн бусалбанийн гуламан балхахь (1905 август, Нижни Новгород); 2-гӀа (1906 январь, Петарбух), 3-гӀа (1906 шеран 16 август, Ниж. Новгород) гуламашкахь хаьржира Иттифакъ аль-Муслимин партин ЦК председатель. 3-гӀа Йерригроссийн бусалбанийн гуламан ховшарш нахала даьккхина дацара, дийцарш дӀадаьхьира гӀезалойн маттахь. ТӀечӀагӀйира бусалбанийн политикин союзан программа, иза герга йара кадетийн партин программин, цунах къаьстара ишколан дешаран белхаца[5].

Литература

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. SAINT-CLOUD (92) : cimetière
  2. Cəmil Həsənli. Əlimərdan bəy Topçubaşovun doğum tarixi ilə bağlı dəqiqləşdirmə (азерб.). Oguz Haberleri. oguz-news.net (2013 шеран 3 август). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 27 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 13 апрелехь Архивйина 2015-09-28 — Wayback Machine
  3. Бакинский Торгово-Промышленный Листок // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Ева-Мария Аух. "Между приспособлением и самоутверждением. Ранний этап поисков национальной идентичности в среде мусульманской интеллигенции и возникновение нового общества на юго-восточном Кавказе (1875-1905 гг.)"(оьр.). sakharov-center.ru. Архивировано из оригинала 2007 ш. 15 октябрехь. Дата обращения: 2012 ш. 29 апрелехь. Архивйина 2007-10-15 — Wayback Machine
  5. Сибирская торговая газета. № 138. 22 августа 1906 года. Тюмень. Ст. 2.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
Хьалха хилларг:
Гаджинский Маммед Хьасан
Азербайджанан Демократин Республикин Арахьара гӀуллакхийн министр
 

1918 6 октябрь1918 7 декабрь
Когаметтаниг:
Хойский ФатӀали Хан