Тулунбе́к-хану́м (? — 1386, Сарай-Берке) — Дешийн Ордан ханан Бердибекан йоӀ, иттэзархочун а, беклярбекан а Мамайн зуда, 1370—1372 шерашкахь Мухьаммад Булак хан волуш Дешийн Ордан регент (773 шо[1]), 1380 шарахь дуьйна Тохтамыш ханан зуда.

Тулунбек-ханум
Дешийн ордан регент
Булак хан волуш
 — 1372
Йина терахь XIV бӀешо
Йина меттиг хууш дац
Кхелхина терахь 1386({{padleft:1386|4|0}})
Кхелхина меттиг Сарай-Берке
Тайпа Джучиды
Да Бердибек
Майра Мамай
Динлелор ислам

Тулунбек хилла Мамайн йоккхаха йолу зуда, цуьнан да Ӏаршан когаметта волуш дуьйна. И зуда бахьнехь Мамайн статус, чингизгӀарах воцушехь, хаъал айайелира, цунна йелира титулом «гурген» — ханан нуц. Шеко йоццуш, Бердибекан а, Мамайн а гергарло, и заахало бахьнехь, Бердибек Ӏедале веача тӀаьххьарчун кхечира хьалхара министран — беклярбекан дарж, чингизгӀарах воцучунна дала йиш йолу уггаре лакхарниг.

Бердибек веллачул тӀаьхьа, Ӏедал къуьйсучу ирчу хьолехь, гуттаренна Сарайхь хийцалуш ханаш болуш, Мамай йоккха авторитет йаьккхира, Батун тайпана законера урхалчийн гӀортийла хилла, Ӏарш ларйеш Джучин кхечу берийн тӀаьхьенех. Амма шен схьаваларо таро ца лора цунна ханан Ӏарш дӀалаца, Мамай гӀиртира цига вогӀу чингизгӀарах стаг харжа, чӀогӀа онда а воцуш, ша цуьнан Ӏедалехь хӀуъа а дан ло министр хилархьама. 1370 шарахь хӀоьттира иштта хьал, Мамайга Сарай дӀалацалора, амма хан ӀабдуллахӀ велира, Мамайна ца карийра оьшу стаг. ТӀаккха Мамай цкъан а ца хилларг дира, хан кхайкхийра шен зуда, цуьнан схьайалар шеконехь дацара, иза йара Бердибек ханан йоӀ, Бату тайпанара чингизгӀеран геннах схьайалар долуш. Цуо урхалла дира Сарайхь 1370—1372 шерашкахь. Иза къобал йина ца Ӏийра коьрта шахьрехь, амма къобал йира Тагайс, эмир Мохшис, хӀунда аьлча, цуо арахоьцура Тулунбекан цӀарах ахча. Цуьнца цхьаьна и хӀоттор кхетадора цхьаьна хенан долуш санна, Мамай кхин дӀа а лоьхуш вара шена хан, цуьнан ойла сецира бархӀ шо долчу Мухьаммад Булакан ӀабдуллахӀ-ханан кӀантан тӀаьхь. Мухьаммад Булак хан хилар кхайкхийра 1371—1372 шераш декъалучахь. Ткъа Тулунбек хилира регент жима хан волчохь.

1380 шарахь Калкан тӀиерачу тӀамехь Мамай иэшначул тӀаьхьа, беклярбек ведира ГӀирме, цигахь вийра, ткъа цуьнан хьарам (зударий а, цуо доладеш болу Батун цӀийнаха зударий а) кхечира Тохтамышан. Сарайн сийдолчу нахана хьалха шен сий айа, Тохтамыша йалийра Тулунбек-ханум, Бердибек ханан йоӀ, Мамайх йисна жеро[2].

1386 шарахь Тохтамышан дуьхьала ямарта барт бира, цунах лаьцна хаамаш кӀезиг бисина. Хууш ду, хана шен зуда Тулунбек йиерах. Оцу шарахь арахийцира ахча, Бердибек ханан цӀе а йолуш. Тарло, Тохтамышан дуьхьала барт бина хила, Ӏалашо иза хийца Батун тӀаьхьенца, цуьнан декъашхой хила тарлора Мамайгахьара берш, коьртехь цунах йисина Тулунбек йолуш. Оцу бартан цхьаболу декъашхой коьртехь мангытан эмир Идигу волуш бевдира Мавераннахре, эмир АстагӀа Тимар волчу, ткъа иза хазахетарца тӀеиэца волавелира (хьалха цуо гӀолоцура Тохтамышан) Тохтамыш-ханан реза боцу ордан мухажираш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. А. П. Григорьев считает, что дата 773 г. х. на монетах Тулунбек является ошибкой, и что чеканились эти монеты при Тохтамыше. Жену Тохтамыша Тулунбек он никак не связывает с женой Мамая. Версию отождествления Тулунбек-ханум с женой Мамая поддерживает Р. Ю. Почекаев. В первоисточниках жена Мамая по имени не называется. А. Ю. Якубовский просто указывает факт правления ханши Тулунбек в 773 г. х., не комментируя её происхождение.
  2. После убийства Мамая, Урек-Тимур, сын бека племени Ширин Дангы-бея, будучи улусбеком хана Тохтамыша, женился на вдове хана Мамая (Kafali 1976г. стр.42). Также данную информацию подтверждают крымские мурзы рода Ширин (Лашков 1889г.стр.99).

Литература

бӀаьра нисйан