ТӀаргӀа
ТӀаргӀа — декхаш долчу дийнатийн цӀоканна тӀера месийн чкъор.

ТӀаргӀа баларан эволюци Нисйе
Цхьацца теорешца, тӀаргӀа зуьнийн а, дикобразийн а кӀохцал дерриг ду.
ТӀергӀан хӀоттам Нисйе
ТӀаргӀа лаьтта месийн гӀатах а, дох а.
Месийн гӀат деха хуьлу, дика кхиина нийса я гӀеххьа сеттина пелагаш долу хӀоттамца чонан гӀад а долуш. Юккъехь гӀеххьа стаммделла. Чонан бохь конус кепара хуьлу. Месийн гӀат декъало I, ll, III, наггахь IV сортан месашка, стоммалле хьаьжжина. Уггаре стомма а, деха а долчарех олу хьовсораш. Уьш лаьтта нилха, церан чеккхенаш ерриг месийн чкъоьрел тӀехула йолу. Месийн гӀатан хӀоттам тӀергӀан структурех боьзна бу. Месаш нийса а, чӀогӀа а мел хуьлу, тӀаргӀа кӀезиг хьийза. Дукха хьолехь месийн гӀатан шен ойа оьзга хуьлу, хьацаран а, хьакхаран а екхоаш хуьлу. Месийг гӀато лардаран функци лелайо, сацайо дегӀан йовхо, цӀока ларйо лазаярах. Дукхаха долчу дийнатийн чӀогӀа ладаме хуьлу камуфляжан бос, цуо тарой о дийнатийн къайлайовла гуонахьарчу Ӏаламехь (масала кӀайн пхьагал а, кӀайн ча а).
Патаран месаш (До) — иза мелла а боца, буткъа, дукха хьолехь тулгӀен кепара хьийзина месаш ю тӀум йоцуш я тулгӀен кепара хьийзина месаш гӀийла кхиина тӀум йолуш. Уьш лерина ю дика эффектаца тӀергӀан чкъоьрехь йовхо сацо. Дукхаха долчу дийнатийн дукха кхуьу шеран шийлачу заманахь[1].
Къастайо оцу шина кепан йукъара месаш а.
Бахаман мехалла Нисйе
Кхакхин тӀера схьабаьккхина цхьадолчу дийнатийн тайпанийн тӀергӀан боккха бахаман мах бу. Цунах йо яйн промышленностан а, трикотажан а хӀуманаш йо.
- ↑ Энциклопедия домашних животных. Кожный покров(ТӀе цакхочу хьажорг)