Ферейра, Жозе Марсело (порт.-браз. Jose Marcelo Fereira, дика вевза Зе Мария цӀарца; вина 1973 шарахь 25 июлехь, Оэйрасехь, Бразили) — бразилин футболист, аьтту турсло. Атлантехь хиллачу 1996 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо Бразилин гулйина командин йукъахь. Коьрта командин йукъахь левзина 25 матчехь.

Футбол
Зе Мария
Йуьззина цӀе Феррейра, Жозе Марсело
Вина терахь 1973 шеран 25 июль({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (51 шо)
Вина меттиг Оэйрас, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Локхалла 175 см
Позици турсло
Кегийрхойн клубаш
Бразилин байракх Португеза Деспортос
Клубан карьера[* 1]
1991—1995 Бразилин байракх Португеза Деспортос 28 (2)
1993  Бразилин байракх Сержипи 38 (5)
1994  Бразилин байракх Понте-Прета 28 (1)
1996 Бразилин байракх Фламенго 13 (1)
1996—1998 Италин байракх Парма 45 (1)
1998—2004 Италин байракх Перуджа 164 (16)
2004—2006 Италин байракх Интер 29 (1)
2006—2007 Испанин байракх Леванте 14 (0)
2008 Бразилин байракх Португеза Деспортос 5 (1)
2008—2009 Италин байракх Читта ди Кастелло 0 (0)
Тренеран карьера
2010 Италин байракх Груп Кастелло
2010 Италин байракх Катандзаро
2015 Румынин байракх Чахлэул
2016—2017 Кеп:Кенин байракх Гор Махиа
2017—2018 Албанин байракх Тирана
2019—Кеп:Н.в. Бразилин байракх Португеза Деспортос
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийские игры
Борза Атланта 1996
Конфедерацийн кедаш
Дешин СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 1997
Америкин кедаш
Дешин Боливи 1997
КОНКАКАФ Дешин кедаш
Дети АЦШ 1996
Борза АЦШ 1998
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Клубан карьера

бӀаьра нисйан

Зе Марияс шен говзаллин карьера йолийна бразилин «Португеза Деспортос» клубехь, цунна йукъахь левзина деа шарахь, царех шиъ кхечу клубашкахь арендехь. 1996 шарахь иза кхетта «Фламенгох», цунна йукъахь левзира эха шарахь, иза ийцира «Пармас». «Пармехь» Зе Мария левзира шина шарахь, цул тӀаьхьа дехьавелира «Перудже». Керлачу клубехь гӀуллакхаш йуьхьанца дуьйна ца нисделира Зе Мариян, стартан хӀоттам йукъа ца нислуш дукха Ӏийра иза, масийттаза аренде велира бразилин клубашка, амма тӀаьххьара туьйлира аьтту агӀора дуьхьалонера къовсам, цунах хилира командин хийца йиш йоцу ловзархо. «Перуджица» цхьаьна Зе Мария левзира Интертотон Кедехь а, УЕФАн Кедехь а. 2004 шарахь «Перуджа» арайелира А серера, Зе Мариян лиира клуб хийца. 2004 шеран аьхка хенара волу турслоца барт бира миланан «Интернационалес», цигахь шина шарахь бразилхо 29 матч бен ца левзира. 2006 шарахь Зе Мария испанин «Левантех» кхийтира, царна йукъахь кхин а ловзуш вара Харт Иан, Н’Диайе Сильвен, Манчев Владимир, Робер Лоран. Амма Испанехь карьера дӀа ца йахара Зе Мариян, шо даьлча иза коммандера дӀавахара. 2008 шарахь бразилхо балха хӀотта гӀиртира ингалсан «Куинз Парк Рейнджерс» а, «Шеффилд Юнайтед» командашка. 2008 шеран январехь иза йухавирзира шен дуьххьарлерачу «Португезан» йукъа, цунна йукъахь левзира эха шарахь. Августехь Зе Марияс, массо цецвоккхуш, тӀеийцира марзахойн «Читта ди Кастелло» командо кховдийна барт, цигахь левзира кхин а цхьаьна шарахь. 2009 шарахь дӀаоьхкира шен бутсаш хьостам тӀе. Веха Италехь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан