Фотосинтез
Фотосинтез (ширачу желтойн маттахь φῶς — серло а, σύνθεσις — цхьаьнакхетар а, синтез а) — фотосинтетикан пигменташ дакъалацарца гуш йолу серлонан энерги (наггахь йолчу меттигашкахь инфрацӀен далар) органически хӀуманийн химин зӀенийн энерги кепе ерзаран чолхе химин процесс ю.
Кхузаманан ораматийн физиологехь фотосинтезан фотоавтотрофан функцин маьӀна ду — тайп-тайпанчу эндергонически реакцехь (иштта кӀорамусталлин (углекислотин) газ органикан хӀуманийн кепе ерзарехь) серлонан квантийн энерги худа ярна а, ерза ярна а процессийн цхьанатохар ду.