Хадаханэ Мария Андреевна (йина 1933 шеран 6 июнехь Иркутскан областера Бохан эвлахь) — прозаик, гочдархо, литератураӀаморхо, йемалхо, филологин Ӏилманийн кандидат. ССРС журналистийн бертан декъашхо (1962), ССРС йаздархойн бертан декъашхо (1968), Йерригсоюзан театран йукъараллин декъашхо. Тувинийн АССР хьакъдолу оьздангаллин белхало (1967), Российн Федерацин хьакъдолу оьздангаллин белхало (2006).

Хадаханэ Мария Андреевна
Йина терахь 1933 шеран 6 июнь({{padleft:1933|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (91 шо)
Йина меттиг Бохан Иркутскан область
Кхелхина терахь: 2021 шеран 17 март({{padleft:2021|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (87 шо)
ГӀуллакхан тайпа: йаздархо, литературный критик, журналист, переводчик
Жанр: прозаик, гочдархо, литератураӀаморхо
Произведенин мотт: оьрсийн, тувинийн
СовгӀаташ:

«М. А. Шолохов вина 100 шо кхачарна» иэсан мидал, Кызылан Сийлахь гражданин, Тувинийн АССР хьакъдолу оьздангаллин белхало

Хадаханэ Мария Андреевна йина 1933 шеран 6 июнехь Иркутскан областера Бохан эвлахь. Дешна Кызылан № 1, 3 йолчу ишколашкахь, 1955 шарахь чекхйаьккхира Иркутскан пачхьалкхан университетан историн-филологин факультет[1]. 1955—1968 шерашкахь болхбира Тувинийн меттан а, литературин а Ӏилманан-талламан институтан Ӏилманан белхало, хьехархо, Кызылан пачхьалкхан хьехархойн институтан оьрсийн литературин кафедран куьйгалхо. 1966 шарахь ССРС ӀА А. М. Горькийн цӀарах Дуьненан литературин институтехь йаздира «Тувинийн проза хӀоттар» цӀе йолу кандидатан диссертаци[2].

Кхолламалла

бӀаьра нисйан

Арахийцира монографеш «Тувинийн проза» (1968), «Литературин Тува» (1986), «Тувинийн оьздангаллин очеркаш» (2008). Соавтор йолуш йазбина болх «Тыва совет литературиның допчу төөгүзү» («Тувинийн советийн литературин йоцца истори», 1975).

ХӀиттийна жайнаш: «Тувинийн халкъан туьйранаш» (1958), «Малх болчура тарх» (1961), «Тувинийн кицанаш» (1966), «А. Пальмбах — йаздархо а, адам а» (1967), «Тувинийн халкъан туьйранаш» (1967), «Тувинийн туьйранаш» (1970), «Тувинийн театран адамаш» (1971), «Чоннуң чечени — Халкъан хьекъал» (1976), «Тувинийн халкъан туьйранаш» (1984), «Тувинийн туьйранаш» (2000), «Адаман дуьхьа» (2005), «Циркан артист» (2006).

М. Хадаханэс йазйина, зорба тоьхна иттаннаш Ӏилманан а, литературин-емаллин йаззамаш, оьрсийн матте гочбина тувинийн йаздархойн О. Саган-оолан, С. Сюрюн-оолан, М. Олчей-оолан, Н. Ооржакан, М. Кожелдеян, Б. Ондаран, кхечеран а кхолламаш.

Арахецна «Дахаран эрк» повесть (2003).

Шен белхашкахь М. Хадаханэс, йаздархойн кхолламаллин анализ йеш, доху тувинийн проза кхиоран некъаш. Тувинийн литератураӀаморан хьостехь йолуш, жигара дакъалецира тувинийн исбаьхьаллин литературин историн а, коьрта баланийн а хеттаршна жоьпаш лоьхуш[2]. Цуо кхоьллина цхьа могӀа библиографин хьажорг, йазйина шуьйра а, персоналан а йаззамаш тувинийн йаздархойх: «Советийн дукха къаьмнийн литературин истори», «Йоцца литературин энциклопеди», «Йоккха литературин энциклопеди». Декъашхо хилла йерригсоюзан, регионан, дуьненайукъара Ӏилманийн конференцийн. Делегат хилла III а, VIII а РСФСР йаздархойн гуламийн. Цуьнан тувинийн оьздангаллех болу йаззамаш зорба тоьхна «Театран дахар», «Литературин Еврази», «Советийн зуда», «Российн йаздархо», «Сибрехан цӀерш» муьран арахецаршкахь.

М. А. Хадаханэн цхьацца белхаш гочбина алтайн, якутийн, хакасийн, монголийн, тувинийн меттанашка[3].

ССРС журналистийн бертан] (1962), ССРС йаздархойн бертан (1968), Йерригсоюзан театран йукъараллин декъашхо.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а

бӀаьра нисйан

Коьрта публикацеш

бӀаьра нисйан
  • Тувинийн проза. — Кызыл: Тув. кн. изд-во, 1968. — 130 с.
  • Литературин Тува. — Кызыл: Тув. кн. изд-во, 1986. — 124 с.
  • Дахаран эрк: повесть. — Кызыл: Тув. кн. изд-во, 2003. — 280 с.
  • Тувинийн оьздангаллин очеркаш. — Кызыл: Тув. кн. изд-во, 2008. — 66 с.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Тува литературная. Вып.2 : биобиблиогр. справочник / НБ им. А. С. Пушкина Респ. Тыва; авт.-сост.: М. А. Хадаханэ, Л. М. Чадамба, Е. М. Ак-кыс, Г. М. Комбу — Кызыл, 2008. — 73 с.
  2. 1 2 Комбу С. С. Хадаханэ Мария Андреевна / С. С. Комбу // Тувинская литература : словарь / С. С. Комбу; под ред.: Д. А. Монгуша, М. Л. Трифоновой. — Новосибирск: 2012. — С.4.
  3. Кызылчанка Мария Хадаханэ » Tuva.Asia

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан