Хапсироков, Мурат Крым-Гериевич
Хапсироков Мурат Крым-Гериевич (вина 1978 шеран 26 январехь) — Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо, Республика Адыгейн пачхьалкхан Ӏедалан законаш кхолларан меженан векал, «Йукъара Росси» партин декъахо.
Хапсироков Мурат Крым-Гериевич | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
Хьалха хилларг | Самогов, Нурбий Амербиевич | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Самогов, Нурбий Амербиевич | ||||||
Вина терахь | 1978 шеран 26 январь (46 шо) | ||||||
Вина меттиг | Кхарачаевск, Кхарачой-Чергазийн АГ, РСФСР, ССРС | ||||||
Парти | Йукъара Росси | ||||||
Дешар | лакхара говзаллин — Москохан пачхьалкхан юридически академин юридически факультет (2000) | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйан2000 шарахь делла Москохан пачхьалкхан юридически академин диплом, «юриспруденци» говзаллица.
05.1997-11.1997 «Тайгер Холдинг инт» компанин маркетинган говзанча
11.1997-04.2000 ТОО «Меркурийн» лакхара менеджер
04.2000-10.2000 ОАО «ТЭМБР-Банк» юрисконсультан гӀоьнча
10.2000-09.2003 Федералан Депозитан банкан реклама а, маркетинг а кхиоран декъан куьйгалхо
09.2003-02.2004 АКБ «БИН» Юридически департаментан кхолларан-бакъонан урхаллин хьаькман гӀовс
11.2004-01.2007 ООО «Ависта Компанин» инарлин директор
02.2007-04.2007 Российн Федерацин Президент волчура ГӀБ гуттаренна йолчу вакилатан декъан хьаькам
07.2008-12.2008 «Федералан депозитан банкан» коммерцин банкан урхаллин председателан хьехамча
12.2008-03.2011 Республика Адыгейн Премьер-министран гӀовс, Российн Федерацин Президент волчура Республика Адыгейн официалан векал
03.2011-02.2012 Пачхьалкхан Кхеташонан — Республика Адыгейн Хасэн депутат
2008 – 2011 шерашкахь болх бира РФ Президент волчура республика Адыгей йуьззина бакъонаш йолчу векалан даржехь, Республикин премьер-министран гӀовс вара.
2011 шеран мартехь туьйлира Пачхьалкхан кхеташонан-Адыгейн Хасэн депутатийн харжамашкахь. Баллотировка йира «Йукъара России» партин испискаш йукъахь.
2012 шеран февралехь дуьйна — хаьржина Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо — Пачхьалкхан Кхеташонан — Республика Адыгейн Хасэн векал. Федерацин Кхеташонехь болх бира Регламентан а, парламентан болх дӀабахийтаран а комитетехь.
2016 шеран 7 октябрехь — йуха а хаьржина Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо — Пачхьалкхан Кхеташонан — Республика Адыгейн Хасэн векал[1]
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан II тегӀанера мидал (2017 шеран 25 январехь) — российн парламентаризм кхиорехь а, жигара законаш кхолларан гӀуллакх дарна а[2].
- Федерацин Кхеташонан председателан баркалалла.
- «Республика Адыгейн 25 шо» мидал (3 10.2016)