Харша
Харша (Харшавадхана) (590—647 гергга) — 606 — 646 шерашкара Къилба ХӀиндиера Пушпабхути (Пушьябхути) тайпанара куьйгалхо.
Харша | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | поэт |
Вина терахь | 590[1] |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 647[1][2] |
Кхелхина меттиг | |
Да | Prabhakarvardhana |
Нана | Yasomati |
Харша Викилармехь |
Цуьнан дайшкара кхаьчна мехкаш дара Джамна хин тогӀенан лакхарчу декъехь — Малхбален Пенджабера Ганган а, малхбален Раджпутанан а йистошкара, дуьххьарлера коьрта шахьар хилла Стханешвара. Харшас схьабаьккхина бенгалин Шашанка паччахьегара а, Гуптийн Малва паччахьегара а мехкаш. Харшас керла коьрта шахьар йира Канауджах. Харшас схьадаьккхира Малвин дакъа, Деканан тӀелетира, амма Нарбада (612 шеран гергга) хин тӀехь ийшира. 643 шарахь Харшас схьайаьккхира Бенгали а, Орисса а. Харшан импери хилла, шортта куьйга кӀелахь олаллаш долу, тӀеман-феодалан кепара пачхьалкх, йоьхна Харша велча.
Харшина тӀеяздо авторалла шина гӀарайаьллачу ширахӀиндин драмийн — «Ратнавалин» а, «Наганандан» а.
Литература
бӀаьра нисйан- История стран Азии и Африки в средние века. М., 1987
- Бана, «Харшачарита» (Приключения Харши)
- ↑ 1 2 Harṣa // Gran Enciclopèdia Catalana (кат.) — Grup Enciclopèdia, 1968.
- ↑ Harṣavardhana // (unspecified title) (кор.)