Москохан университетан хьехархойн институт
Хьехархойн институт (1804—1858) — Императоран Москохан университет йукъара дешаран меттиг.
Истори
бӀаьра нисйанХалкъан серлонан министраллин 1804 шеран 24 январехь арадаьллачу дошийлин хӀоттаман низамца, хьехархойн институташ ехкира университеташкахь. 1904 шарахь арадевлла Москохан, Харьковн, Казанан императоран университетийн уставашна юкъатоьхнера оцу институташна лерина корта. Университеташкара хьехархойн институтийн, Коьрта хьехархойн институтаца цхьаьна могӀара, 1804 шеран Уставаца Ӏалашо яра университетан дешаран гуонан гимназийн а, уездан доьшийлашна а хьехархой кечбар, ткъа кхин а университетан шена керла хьехархойн кадраш кечдар.[1] Москохан университетера Хьехархойн институтал хьалха хилларг яра Хьехархойн (педагогийн) семинари.
Уставаца институте дӀаоьцура, дукхаха дерг, кандидатан тӀегӀанан аьттонца экзаменаш дӀаелла хӀазнин чоьтан студенташ. Москохан университетан штатаца институте дӀаэца леринера 12 кандидат. Институтехь кхаа шарахь Ӏийначул тӀаьхьа кандидаташ декхарийлахь бара экзамен дӀаяла, цуьнан жамӀашца церан таро яра я магистран тӀегӀа а йаьккхина университетан кафедрашкахь кхин дӀа деша кечбала, я гуонан доьшийлашка хьехархой бохуьйтура. Хьехархойн институтера арахецначара Халкъан серлонан министраллин хьалха, 6 шерал кӀезиг ца беш болх бийр бу олий, декхар тӀелоцура[2]
1835 шеран университетан уставо доза туьйхира Хьехархойн институтан беккъа гимназешна а, уездан доьшийлашна а хьехархой бен ца кечбойтуш. Институте дӀаоьцура 20, хӀазнин чоьтах доьшу гимназийн кхиорхойх болу, студенташ (ткъа иштта, меттигаш бисахь — шен чоьтах доьшу студенташ а).
Институтан урхалла дора директоро, иза хоржура Университетан кхеташоно числа ординаран профессорашна йукъара. Директоран тӀаьхь лаьттара институтера дешаран процессан дуьззина куьйгалла: дешаран план хӀоттор, дешаран литература харжар, «хьехаран говзалле» Ӏамор.
Институтан директорш:
- 1811—1815 — А. М. Брянцев,
- 1815—1820 — Р. Ф. Тимковский.
Истори
бӀаьра нисйанУниверситетан профессораш декхарийлахь бара кӀирнах цхьа сахьт мукъане а дӀадала кандидатийн дешаран, и сахьташ хуьлура институтан дешаран план юкъахь, цул сов, институтехь хьоьхура адъюнкташа а, университетан магистраша а.
Институт дӀайаьккхира 1858 шарахь Халкъан серлонан министраллин сацамца, российн университеташкахь хьехархой кечбаран системин хийцамаш бахьнехь. Хьехархойн институташ лерира шайн Ӏалашоне ца кхочуш, 1860 шарахь, церан меттана ехкира университеташкахь хьехархойн курсаш, цигахь деша таро яцара университет чекхйаьккхина кегий нехан бен[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 ВТ-ЭСБЕ.
- ↑ Императорский Московский университет, 2010, с. 543.
Литература
бӀаьра нисйан- Хьехархойн институташ // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Андреев А. Ю. Хьехархойн институт // А. Ю. Андреев, Д. А. Цыганков Императорский Московский университет: 1755—1917 : энциклопедический словарь. — М.: Российская политическая энциклопедия (РОССПЭН), 2010. — С. 543. — ISBN 978-5-8243-1429-8.
ХӀара Лакхара дешаран меттигах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |