Хьехола
Хьехола — керла Ӏамола Ӏамо Ӏалашо йолу дешар дӀадахьаран кеп. Иштта кеп лелайо классан-хьехолан Ӏаморан система хилча, классана а йо, аьлчи а гуттаренан а дешаран тобана.
Ишттачу кепара дӀайоьду хьехолаш дукхаха йолчу йукъара дешаран программа кхочушъеш йолчу дешаран кхолламашкахь (ишколашкахь, лицейшкахь, гимназешкахь, колледжашкахь, кхин дӀа а) классан-хьехолан Ӏаморан системан хьолашкахь.
М. А. Мкртчянан дешаран хьехолийн типологешкахь хьехола йу тобанан дешаран цхьа кеп.
Хьехолийн кепаш
бӀаьра нисйанХьехолийн коьрта кепашна юкъайогӀу:
- иэйина хьехола;
- керла материал йийцаран хьехола;
- керла материал чӀагӀъяран а, практикехь хаарш а, хьуьнарш а даран хьехола;
- ша болхбен хьехола;
- хьехола-конференци а, хьехола-семинар[1] а;
- Ӏамош йолу материал карлайаккхаран а, жамӀдаран а, систематизацияран а хьехола;
- зиеран а, хаарийн, хьуьнарийн мах хадоран хьехола;
- интеграцин хьехола, кхин дӀа а.
- интержигара хьехола
Оцу хьехолийн кеп лелош кхоъ гӀирс хилабеза — дешархочун электронан жайна, хьехархочун электронан жайна, интержигара у. Юкъаметтигийн принцип атта йу: электронан жайна хӀоттийна дешархочун планшет тӀе. ХӀора дешархочун планшет, шен рогӀехь, зӀе йолуш йу цхьаьна машанца интержигара уьнца а, хьехархочун планшетаца а.
Электронан жайнашна чохь йу гиперхьажоргаш чухӀоттийначу энциклопедин, алсамо даржийна суьрташ кего йиш йолуш, жайнин тайп-тайпана дакъошна юкъахь кросс-хьажоргаш йу. Ишттачу жайнахь лело таро ю дешархошна Ӏамийна материал дика караерзийта аудио- а, видео- а материалаш, графикаш.
Цуьнца цхьаьна паргӀата Интермашана чувала а, планшет тӀе ловзарш хӀиттадар а блок хӀоттийна ду[2].
Хьехолин йохалла
бӀаьра нисйанХьехолаш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь йохаллица къаьста. Иштта, масала, Японехь йуккъерачу а, лакхарчу а ишколехь лаьтта 50 минотехь.
Россехь хьехола лаьтта 40 я 45 минотехь, царна йукъахь мукъа хан хуьлу — хийцам (5-15 минот, наггахь сов, делкъен). О. А. Саввинас а, И. А. Марушкинас хӀоттам бина, Россехь хьехолин йохаллин истори чолхе хилар. Масала, 1828 шарахь хьехола лаьттина 90 минотехь[3], ткъа 1865 шарахь — 60 минотехь[4]. Наггахь цхьана дешаран говзаллин хьехолаш шала еш хилла (дукхах дерг лицейшкахь а, лакхарчу дешаран меттигашкахь а), царна йукъара хийцам бац а беш. Цхьаьна ишколашкахь хьехолин йохалла гуттаренна а цхьаъ хуьлу, ткъа кхечунхьа йозу хьехолин лоьмарах а, кӀиранан дийнах а. Дезачу деношна хьалхарчу деношкахь хьехолин йохалла дешаран меттиган администрацин сацамца яццо таро йу. Хьалхарчу эха шарахь хьалхарчу классийн хьехола 35 минотехь лаьтта.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Это формы, а не виды уроков. Семинар может проводиться и на уроке закрепления, и на уроке-проверки, равно как и конференция.
- ↑ Об электронном учебнике / Департамент образования Москвы. — 2015.
- ↑ Такая продолжительность занятий характерна для ВУЗов и называется парой.
- ↑ Саввина О.А., Марушкина И.А. Урок математики в дореволюционной средней школе.. — М.: Инфра-М, 2013. — С. 18. — 80 с. — ISBN ISBN 978-5-16-006909-8.
Литература
бӀаьра нисйан- Саввина О. А., Марушкина И. А. Урок математики в дореволюционной средней школе. М.: Инфра-М, 2013. — 80с. ISBN 978-5-16-006909-8