Хьижаз
Хьиджаз (Ӏаьр. الحجاز) — Ӏаьрбийн ахгӀайренан малхбузехьара латта ду, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан дакъа а ду. Ислам-дин кхолладаларан историн меттиг йу и — кхузахь лаьтташ йу йеза-сийлахь бусалбан гӀаланаш Макка а, Мадинат а. Административан центр — Джиддат йу.
Хьиджазан хьалхара паччахь хилла Хьусейн ибн Ӏели аль-ХӀашими (1916—1924), шолгӀаниг — цуьнан кӀант Ӏели ибн Хьусейн (1924—1925).