Циветотан гергара тӀом хилла 1096 шарахь, цуо чеккхенца сацийра Ахархойн жӀарахойн тӀелатар[1].
ЖӀарахошна бохам хилла Ксеригордонан гуо лацарехь шина туркойн шпионо эладит даржийра, Ксеригордон дӀалаьцначу немцоша, Никей а схьайаьккхина аьлла, жӀарахошна йукъахь сингаттам бара сихха цига а кхаьчна талораш дан лууш. Туркоша кӀело йира Никейн новкъахь. Амьенан Петр рицкъ дан йухавирзира Константинополе, гергарчу хенахь йухаван везаш вара. ЖӀарахойн дукхаха болу тхьамданаш иза йухаверзаре хьежа дагахь бара. ТӀаккха а, Бюрель Жоффруас дӀахьедира, оцу хьолехь хьежар осалалла йу аьлла, сихха туркошна дуьхьала гӀорта деза аьлла[2]. Цуьнан луург тӀехула делира, 21 октябрехь делкъале 20 эзар долу эскар Никей даха новкъа делира, лагерехь битира зударий, бераш, баккхий нах, цомгаш нах[2].
Лагеран кхо миля генахь, некъ готта хьуьнан тогӀи чухула болучехь Дракон йуьртан гергахь, жӀарахошка хьоьжуш туркой эскар дара. ТогӀенан эскар аьттехьа догӀуш жӀарахошна герз тоха долийра[2]. Эскарехь буьйхира, масех минотехь эскар доьхна лагере йухахьаьдира. Дукхаха болу жӀарахой байира (цхьацца хаамашца 60 эзар сов[3]), амма зударийн, бераш, карабахнарш кӀелхьара бевлира. Кхо эзар, царна йукъахь Бюрель Жоффруа а, къайлабовлабелира дӀакхоьссина лаьттачу гӀап-гӀаланахь, цунна дукха хан йалале гуо бира сельджукаша[2]. ТӀаьххьара баьччаллехь Катакалон Константин волчу византихоша гуо а баьстина бисинарш кӀелхьара бехира[4]. Масех эзар ахархо-жӀарахо бен йуха ца вирзира Константинополе.