ЦӀеначу ангалин буьйсе
ЦӀеначу ангалин буьйсе йа Кагйинчу витринийн буьйсе (немцойн маттахь Novemberpogrome 1938) — 1938-чу шарахь лахьанан (ноябран) 9-чохь-10-чохь нацистийн Германехь, Австрин цхьа декъехь, Судетан махкахь жуьгтий хӀаллакбар. Иза кхочушдира штурмин тобано а, иштта дакъалецира цигарчу бахархоша а. Полицино цхьа дуьхьало ца йира царна[1]. Жуьгтийн долахь йолу туьканаш, гӀишлош, синагогаш йохийра[2]. Цул хьалха Парижехь полякийн жуьгтийчо Гриншпан Гершелс вийра немцойн дипломат Эрнст фом Рат. Геббельсо дийцарехь иза дуьненаюкъара жуьгталла Германин, фюреран тӀелатар санна лара дезара.
ЦӀеначу ангалин буьйсе дӀаяьллачул тӀаьхьа доладелира жуьгтийн экономикин а, политикин а хьийзадар.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ «'German Mobs' Vengeance on Jews», The Daily Telegraph, 11 November 1938, cited in Gilbert, Martin. Kristallnacht: Prelude to Destruction. Harper Collins, 2006, p. 42.
- ↑ «World War II: Before the War», The Atlantic, June 19, 2011. «Windows of shops owned by Jews which were broken during a coordinated anti-Jewish demonstration in Berlin, known as Kristallnacht, on Nov. 10, 1938. Nazi authorities turned a blind eye as SA stormtroopers and civilians destroyed storefronts with hammers, leaving the streets covered in pieces of smashed windows. Ninety-one Jews were killed, and 30,000 Jewish men were taken to concentration camps».