ЦӀийлела система Деган-харапхенийн къепа юкъадогӀу: дог, цӀийлело къеп (цӀий лела пхенаш), соьлапхенийн къеп. Деган-харапхенийн къепан коьрта вока дог ду. Даг тӀера дилханашка дӀадоьлхучу пхенех цӀиэпхенаш arteria олу, дагна гена мел довлу а дуткъало уьш. ЦӀиэпхенаш дилхалашкахь цӀулцӀиэапхенашка arteriola, цӀиэцӀулапхенийн дуьхьигашка arteriola precapellare, цӀулхарапхенашка capellares декъало. Оцу декъадаларх кхоллало цӀулхарапхенийн бойнаш rete capillare. ЦӀулхарапхенийн бойнашкара дуьйлало цӀулсийнапхенаш venula. ЦӀулсийнапхенаш вовшахкхетарх кхоллало сийнапхенаш venae. Сийнапхенаша цӀий даге дуьгу. Воканийн дилханашкахь цӀий лела цӀулапхенийн бойнашца цхьаьна кхоллало цӀуласоьлапхенийн бойнаш. Царна тӀера дуьйлало цӀуласоьлапхенаш вовшахкхетарх кхоллалуш долу соьлапхенаш. Соьлапхенаш, екхоаш чухула довлуш, стамлой, соьлахершнашка доьрзу. Соьлахершнаш логан сийнапхенийн кӀажахь сийнапхенийн цӀийх дӀакхета. Деригге цӀий лела некъаш шина гоне декъало: цӀий лела боккха го, цӀий лела жима го. ЦӀий лела боккхачу гонехула цӀий даго массо а воканийн дилханашка дӀатотту. Дилханашкахь шегара кислород, напдакъош дилханийн салгашка дӀакхачийначул тӀаьхьа, сийнапхенашкахула юха дагна тӀедогӀу цӀий. ЦӀий лелачу жимачу гонехула лела цӀий даганий, пехашний юккъехь хьийза. Пехашка кхаьчначу цӀийно пехийн пехкашкара хӀаваъца хӀуохарцар кхочушдо — шегара кӀорамуьсталла хӀаваэ дӀало, хӀаваэра кислород чуузу. Пехаш чохь кӀорамуьстонах цӀанделла, кислорадах токхе хилла цӀий юха даге кхочу, ткъа даго цӀий лелачу боккхачу гоне тотту. ЦӀий лелачу новкъахь ду доӀах, жаннаш. ДоӀахехула чекхдолу цӀий луьттуш дӀацӀандо напдаьгна юкъан дӀаьвше дакъойх. Жаннаша цӀий луьтту: цӀийна юккъера хи, напдаьгна юкъан ца оьшу дакъош схьакъастадо. Адаман дог cor йиъ хара йолуш ду. Харанашна цӀий чудогӀучу-арадолучу пхенашна дуьхьал деганегӀарш хуьлу. ДеганегӀарша чудеана цӀий чудеанчухула юха ара ца долуьйту, ара кхоьссинарг юха чу ца доуьйту. Деган цӀий таттар цхьана агӀор хуьлу. ЦӀий лелачу боккхачу гонехула хьаьвзина юхадеана цӀий жимачу гоне кхуссу даго. Деган негӀарший, деган харанаший, деган деттадаларой кхочушбо шина а гонехула цӀий леларан болх.

Схема расположения наиболее крупных кровеносных сосудов в теле человека. Артерии показаны красным, вены — синим цветом