ЦӀиэкогашберг
ХӀокху йаззамна оьшу кхин хьажоргаш кхечу йаззамашна тӀе энциклопеди интеграци хилийта. |
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ЦIиэкогашберг — (en. Common Redshank), (Оьрсаша "Травник" олу цунах). Кхин цхьа тайпа а ду вайн кхузахь хуьлуш хин олхазар. Хи чохь нека дан а хууш хин йистошка хуьлуш долчух олу хин олхазар. Царех ду кхин цхьакха тайпа олхазар цIиэ когаш а болуш. Ехийра ю цуьнан настарш. ЗIок ира а, нийса а ю цуьнан. Букъ мокха бу луьста Iаьржа тIедарчий а долуш. Чукъело кIай ю, цIога а тIоьхлара кIай ду цуьнан. Шина а тIома тIехь кIайн моханаш ю, гIаьттича гуш.
- ЗIок юххера цIиэ ю. Хин берда йистошкахь Iаьмнашкахь, тIуьнчу тогIешкахь ду цуьнан дахар. Бовхачу махка дIай-схьай доьлхачех ду иза а. Цхьайолчу меттигашкахь яккхийра гIеранаш хуьлу церан. Бецан тоьлгашлахь до цара баннаш. ХIоа диъ хуьлу тIехь тIедарчий а долуш. Тойна май баттахь, июнь юккхе кхаччалц а йолчу хенахь доккху. Декар "тю-ли, тю-ли", бохуш ду.
ЦӀиэкогашберг | |||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Tringa totanus (Linnaeus, 1758) | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Ларйен статус | |||||||||||||||||||||||||||||||||
|