Диандра Чачуанг (фр. Diandra Tchatchouang; йина 1991 шеран 14 июнехь Вильпентехь, Сен-Сен-Дени, Иль-де-Франс, Франци) — французийн профессионалан баскетболхо, ловзуш йу французийн «БЛМА Лат-Монпелье» а, Францин къоман гулйина а командашкахь, цунна йукъахь хилла 2013 шеран Францера Европин чемпионатан а, 2015 шеран Мажаройчуьра а, Румынера а чемпионатан а, 2017 шеран Чехера чемпионатан детин совгӀатхо. Ловзу йайн форвардан позицехь.

Чачуанг Диандра
фр. Diandra Tchatchouang
Ндонг Эммелин а, Чачуанг Диандра а 2013 шеран 7 июнехь Францин гулйина командехь доттагӀаллин матчехь Канадин гулйина командин дуьхьала ловзуш йолуш
Ндонг Эммелин а, Чачуанг Диандра а 2013 шеран 7 июнехь Францин гулйина командехь доттагӀаллин матчехь Канадин гулйина командин дуьхьала ловзуш йолуш
Францин байракх БЛМА Лат-Монпелье— № 93
Позици Йайн форвард
Локхалла 189 см
Гражданалла  Франци
Йина терахь 1991 шеран 14 июнь({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (32 шо)
Йина меттиг Вильпент, Сен-Сен-Дени,
Иль-де-Франс, Франци
Колледж Мэриленд (2009—2011)
Драфт ДКъБА 20-гӀа (2-гӀа раунд), 2013, Сан-Антонио Силвер Старз

Командаш
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Токио 2020
Европин чемпионаташ
Дети Франци 2013
Дети Мажаройчоь / Румыни 2015
Дети Чехи 2017
Дети Испани / Франци 2021
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи Нисйе

Камерунера орамаш долу, Диандра Чачуанг, баскетболхочун карьера йолийра Ла-Курнёван баскетболан ишколехь, цул тӀаьхьа 13 шо долуш кхелха Париже, тӀаккха ловза йолало парижан баскетболхойн кечаман центрехь, цигара иза гуттаренна йукъаийзо йолийра тайп-тайпана хенаш йолу къоман гулйина командашна. Дуьххьарлерачу турнирехь (кадеташна йукъара Европин чемпионат) Диандрас йоккху «детин» мидал, оцу хенахь цуьнан 14 шо кхаьчнера, иза уггаре жима йара командехь. Кхин а ши шо даьлча гулйина командех Европин чемпион хуьлу, ткъа Диандра хаьржира турниран MVP[1].

2013 шо баскетболхочунна уггаре дагахь лаьтташ хуьлу, 2013 шеран 15 апрелехь Диандрина драфт йира ДКъБА клубо. «Сан-Антонио Силвер Старзо» хаьржира 21 шо долу француз 20-гӀа йукъара лоьмарца. Контракт йаздира французийн баскетболан «грандаца» «Бурж Баскетца». Аьхка Чачуанган дебют хуьлу «хьалхара» гулйина командехь «цӀерачу» Европин чемпионатехь, цигахь йоккху «детин» мидал. Дуьненан чемпионатехь — 2014 Туркойчохь Диандра йара командехь уггаре къона, амма цуьнга хьаьжна ца Ӏаш, цуо дакъалецира дерриг ловзаршкахь (7), хӀора матчехь йоккхура йуккъера барам 7,4 очко, ткъа кхин а дара дӀайала лерина буьрка схьалацарца (1,4) командин гайтамца уггаре дика жамӀ дара.

Кхиамаш Нисйе

Билгалдахарш Нисйе

  1. Tchatchouang Named MVP (en), ФИБА Европа (5 August 2007). Хьаьжна 16 июлехь 2013.

Хьажоргаш Нисйе