Че́ди (санскр. चेदि) — «Махабхаратехь» а, Пуранашкахь а дуьйцу ширахӀиндин паччахьалла ду. Хьалхарчу муьрехь куьйгалла дира Пауравийн некъаша, ткъа тӀаьхьа — Ядавийн некъаша. Царал тӀаьхьа Махаджанападех цхаъ хилла. Чеди пачхьалла хилла Бунделкхандан махкахь, хӀинцалерчу Мадхья-Прадеш штатехьЯмуна хин къилбехьа, Бетва (Ветравати) хица охьа. Дуьцу, Чедин коьрта шахьар Суктимати гӀала хилла бохуш. Чедин цхьа паччахь хилла Шишупала, Магадха паччахьаллин паччахьан Джарасандхин а, Дурьодханан а бартхо. Шишупала Кришнин мостагӀ хилла, сагӀийна вийна Юдхиштхирас даьккхинчу раджасуя сагӀехь. Схьабовлар Чеди паччахьаллера хилла иштта «Махабхаратехь» бийцинчу Дамагхошан, Дхриштакетун а, цуьнан кӀентийн Сукетун, Сарабхан, зударийн Накула Каренуматин а, Бхиман а.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Чеди // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Кеп:Паччахьаллаш малхбузан/юккъера малхбузан эпосан ХӀиндин