Чернявская, Ольга Михайловна

Черня́вская О́льга Миха́йловна (маре йахале — Бу́рова; 1963 17 сентябрь, Ирбит, Свердловскан область) — советийн а, российн а йайн атлет, Экъа кхоссарехь дуьненан чемпион. Российн спортан хьакъ долу говзанча.

Чернявская Ольга
Шех лаьцна
Стен-боьршалла зударийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла экъа кхоссар (68.38 м)
Клуб Эскаран Центран спортан клуб[d]
Йина терахь 1963 шеран 17 сентябрь({{padleft:1963|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})[1] (60 шо)
Йина меттиг Ирбит Свердловскан область
Локхалла 180
Йозалла 85

Карьера нисйе бӀаьра

Йайн атлетике лела йолайелира Хохлов Сергей Степановича куьйгалла дечу БКСИ 5-гӀа классе. Ольгас дика жамӀаш гайта долийча цуьнга кхайкхира кхин дӀа деша свердловскан спортан агӀора йолу ишколе-интернате. Иза кечам беш йара Малков Павел Васильевичан тобанехь. 1983 шарахь кхочуш йира спортан говзанчин норматив, ткъа 1989 шарахь хилира Нефёдов Геннадий Фёдоровичан куьйгаллица дуьненайукъара классан спортан говзанча. Оцу хенахь Бурова тренировкаш йеш йара Волгоградехь[2].

1990 шеран Европин чемпионатехь Ольгас йаьккхира детин мидал, ткъа Барселонера Олимпиадехь иза пхоьалгӀа йара. ШолгӀачу шарахь дуьненан чемпионатехь Чернявскаяс дешин мидал йаьккхира. Шена дуьхьала болчарел иза 2 метр гергга совйелира. 1994 шеран Европин чемпионатехь Ольгас йаьккхира 5-гӀа меттиг. Кхин а шо даьлчи дуьненан чемпионатехь цуьнан аьтту белира борзанан мидал йаккха. 1996 а, 2004 шерашкарчу Олимпийн ловзаршкахь Ольгега совгӀатан меттигаш баха ца белира. Атлантехь иза хилира 6-гӀа, ткъа Афинехь финале дехьа а ца йалайелира.

Чекхйаьккхина Ставрополан пачхьалкхан университет. ХӀинца йеха Ставрополехь[3]. С 1992 года замужем за Сергеем Чернявским, с которым познакомилась в 1978 году на сборах в Кисловодске. Чернявский являлся также её тренером, у них есть дочь[2].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Olga Chernyavskaya // (unspecified title)
  2. 1 2 Вторая попытка. Библиотека международной спортивной информации. ТӀекхочу дата: 20 январехь 2013. Архивировано 5 февралехь 2013 года.
  3. Чернявская Ольга Михайловна. Спортивная Россия. ТӀекхочу дата: 20 январехь 2013.

Шен дахар нисйе бӀаьра