Чернявская, Ядвига Антоновна

ХӀокху версин 6 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2020, 1 май).

Чернявская Ядвига Антоновна (1914 шеран 15 март — 2005) — советийн хьехархо, «хьуьнан хьехархо», литератураӀаморхо (оьрсийн берийн литература).

Чернявская Ядвига Антоновна
ГӀуллакхан тайпа учёный-литературовед
Йина терахь 1914 шеран 15 март({{padleft:1914|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Йина меттиг Александровка Могилёвн губерни
Кхелхина терахь 2005({{padleft:2005|4|0}})
Гражданалла  ССРС
СовгӀаташ

«Майраллина» мидал
Белоруссин ССР оьздангаллин хьакъ долу белхахо

1930-гӀа шерашкахь 16 шо кхаьчначу тӀаьхьа дуьйна болх бира эвлан хьехархочун даржехь. ТӀеман заманахь — къайлаха мостагӀан дуьхьала болх беш йара, ткъа 1944 шарахь дуьйна — партизанийн берийн «хьуьнан хьехархо».

ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа 50 шарахь — 1944 шерера 1994 шо кхаччалц — Брестан хьехархойн А. С. Пушкинан цӀарах институтан оьрсийн литературин теорин а, историн а кафедрехь — хьехархо, лакхара хьехархо, кафедран куьйгалхо (1963–1969). Филологин Ӏилманийн кандидат (1961), доцент (1969).

Йина 1914 шеран 15 мартехь Российн империн Могилёвн губернера Александровка эвлахь белхалочун доьзалехь. Чекхйаьккхира ворхӀ шеран ишкол.

Хьехархо хилира 16 шо долуш — 1930 шерера 1932 шеран июль кхаччалц болх бира Брагински кӀоштара Пучин эвлан шина комплектан йуьхьанцарачу ишколехь.

Цуьнан дагалецамашца — ишколера дешар дӀахьуора бераш кхузза хийцадаларца — сарахь деша ховшура баккхийнарш, иштта дӀайоккхура шайн грамоталлин къоьлла.

1933-1937 шерашкахь дийшира Минскан хьехархойн А.М. Горькийн цӀарах институтехь.

1937-1940 шерашкахь хьийхира оьрсийн мотт а, литература а Мстиславскан хьехархойн доьшийлехь. 1940 шеран мартехь дехьайаьккхира Брестан хьехархойн доьшийле.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман заманахь

бӀаьра нисйан

Белоруссера партизанийн боламан декъашхо 1941 шеран августера 1944 шеран 2 август кхаччалц.[1]

Брестан оккупаци йолайаларца дакъа лецира комсомолан къайленехь, партин къайлаха гӀалин комитето тӀедилларца 1942 шеран июлехь йолайелира киранча болх бан духаран лармехь. Партизанашна латтадора духар а, молханаш а, киранчашна доьшура партизанашкара кхаьчна Совинформбюро керланаш.

Германе острбайтер йахарах кӀелхьарайелира вокзалехь гӀарулех къайлайаьлла, цул тӀаьхьа баттахь лечкъина Ӏийра.

«Хьуьнан хьехархо»

бӀаьра нисйан

Макаревичан цӀарах партизанийн тобане йахара (Брестан партизанийн цхьаьнакхетараллин Свердловн цӀарах бригада, баьчча С.И. Сикорский).

1943 шеран гурахь партизанаша йира кхоъ доьзалийн лагерь, хӀоранна а чохь 1500 сов стаг а волуш. Уггаре йоккханиг йара Петруся гӀайрен тӀехь йолу «шолгӀаниг».

Партин къайлаха обкоман сацамца партизанийн доьзалшна доьзалан лагерашкахь кхоьллира «хьуьнан» ишколаш, 1944 шеран 1 майхь цигахь доьшуш дара 490 бер.

Оьздангаллехь

бӀаьра нисйан

«Хьунан ишколан» кхечу хьехархошца цхьаьна Л. Очаковскаян «Абат берест тӀехь» дийцаран персонаж йу.[2]

1969 шарахь «Диафильм» студис дийцарца диафильм йаьккхинера, исбаьхьалча Г. Сояшников (хьажало РПББ сайт тӀехь[3]).[4]

Литература

бӀаьра нисйан
  • Ю. Потолков - Жизнеутверждение: Подпольщице, партизанке, педагогу, литературоведу Я. А. Чернявской – 90 лет // Заря: брестская областная газета, 16 марта 2004
  • Свет доброты: книга о Ядвиге Антоновне Чернявской / БрГУ им. А. С. Пушкина; под общей редакцией В.А. Степановича — Брест: Альтернатива, 2007 — 164 с. (тираж 70 экз.)[5]

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. согласно Удостоверению партизана Беларуси № 166682
  2. Л. Очаковская - Азбука на бересте // Дети военной поры / Сост. Э. Максимова. — М.: Политиздат, 1984. — 352 с.
  3. Л. Очаковская - "Азбука на бересте". Художник Г. Сояшников. Москва, "Диафильм". 1969 год. // РГДБ
  4. Л. Очаковская - "Азбука на бересте". Художник Г. Сояшников. Москва, "Диафильм". 1969 год.
  5. http://natbookcat.org.by/isgbi/marcview.do?id=461479&position=3(ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан