Чоьхьара Кавказ
Чоьхьара Кавказ[1][2][3][4][5][6], азерб. Cənubi Qafqaz, гуьрж. სამხრეთი კავკასია), я Къилба Кавказ — Кавказан дакъа, геополитикан регион, лаьтта Малхбален Европин а, Хьалхара Азин дозанехь, Йоккха Кавказера Коьрта, я Хи доькъа дукъал къилбехьа.
Чоьхьара Кавказан юкъайогӀу Йоккха Кавказан къилба басен доккхаха долу дакъа, Колхидан аре, Куран кӀаг, Жима Кавказ, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбален дакъа, Талышийн лаьмнаш Ленкоранан аренца цхьаьна. Чоьхьара Кавказехь ю пачхьалкхаш: Азербайджан, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь. Оцу регионехь ю цхьаццама къобалйина пачхьалкхаш: Республика Абхази а, Къилбаседа ХӀирийчоь а, церан маршо къобалйина Российс а, кхин масех махко а, ткъа иштта къобалъянза Ломан-Карабахан Республика. Чоьхьара Кавказан доза ду къилбаседехьа Российн Федерацица, къилбехьа — Туркойчоьнца а, Иранца, малхбузехь Ӏаьржа хӀордан, малхбалехь — Каспийн хиш ду. Чоьхьара Кавказан майда ю 190 эз. кв.км[7].
ЦӀерашНисйе
«Къилба Кавказ» цӀе лелон йолийна Хьалхара дуьненан тӀом болалучу, Российн империи юхучу муьрехь дуьйна, ткъа шуьйра лелон йолийна Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа. И цӀе, Чоьхьарчу Кавказан «Азербайджан» (Российн империн юкъахь) кхетам санна, кховдийра ингалсхоша, схьаийцира Туркойчоьно. Масала, 2007 шарахь дӀайиллира Къилба-Кавказан газбиргӀа. Амма «Азербайджан» кхетам Чоьхьара Кавказан малхбалехь Советийн Союзехь йиснехь а, «Къилба Кавказ» кхетаме ламастан кхетам «Чоьхьара Кавказ» ара ца таттабелира[8].
1918 шарахь йоьхначу Российн империн хиллачу махкахь кхоллаелира Чоьхьара Кавказан демократин федеративан республика, иза лаьттара пхеа губернин — Тифлисан, Кутаисин, Эриванан, Бакохан, Елизаветполан; цхьаьна областан — Карсан; цхьаьна гуон — Закаталан мехкашкахь. 1922 шарахь кхоьллира Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республика, цуо дӀалецира Азербайджанан, Гуьржийчоьн, Эрмалойчоьн мехкаш. 1935 шарахь оцу мехкашкахь кхоьллира ССРС Чоьхьара Кавказан тӀеман гуо.
Чоьхьара Кавказ къаьмнашНисйе
Чоьхьара Кавказахь ду 20 сов къаьмнаш. Уггаре даккхи къамнаш ду г1аьжарий (8,832,000), гуьржий (4,260,000),эрмалой (3,250,000). Дуккохь дол кавказан къамнаш бусулб динахь ду (9,5 миллион), амма Кавказахь Iаш бол гуьржий a эрмалой керст динахь бу (8 миллион).
ГеографиНисйе
ЛинкашНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
- ↑ (азерб. Cənubi Qafqaz, оьрс. ЗакавказьеЗакавказье // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Закавказье // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Закавказье // Большой энциклопедический словарь / Гл. ред. А. М. Прохоров. — 1-е изд. — М. : Большая российская энциклопедия, 1991. — ISBN 5-85270-160-2.
- ↑ Закавказье // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- ↑ Transcaucasia, Russian Zakavkazye Britannica
- ↑ Кавказ
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуХалатов
тIетовжаран йоза йаздина дац